Бер

1000 йукъара цхьа йаззам
Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Керлавинарг кувезехь

Бер ( дукх. бераш ) ? коьрта маь?нехь, бераллин муьрера адам .

Бераллин хенан дозанаш тайп-тайпана ду бес-бесара оьздангаллашкахь , дахаран циклан теорешкахь а, юридически системашкахь а. Йукъарчу меттигашкахь бер олу винчу хенан т?ера пубертатан муьре кхаччалц. Йо? ? зудабер ; к?ант ? боьрша бер. Берийн могашаллин лерина медицинин декъах педиатри олу.

Историн хаамаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Бераш буьрканех ловзуш ду, Руман импери, II б?ешо

Берех лаьцна ?илмано шен йуьхьиг йиллина лору вайн эрал IV б?ешо хьалха медицинин ден Гиппократан ≪Берийн ?аламех≫ ц?е йолчу жайница. Кхин д?а (I?II б?ешерашкахь) бераш кхиорех лаьцна а, царна ?уналла дарех лаьцна а йаздо Цельса , Галена , Сорана . Цул т?аьхьарчу 15 б?ешарахь хьалха Галена а, Сорана а дийцинарг йухадуьйцура. Амма лакхара бераш даларалло , Диканаш ден кхолламаш йукъабовларо, кхин а цхьацца Европин мехкашкахь д?акхийсина бераш а, ?уналла доцу бераш а кхиоран ц?енош ( бераш т?еоьцийла ), таро йира XV?XVII б?ешерашкахь берийн организман башхаллашна ойла т?ейахийта ? бераш кхиорна а, ?уналлина а лерина дуккха а къинхьегамашна зорба тоьхна [1] .

Россехь Пётр I -чо омар ло ≪Москохахь къуотг?ала дина берашна госпиталш йе, царна а, уьш кхобучарна ахча а, алапа а ло≫ олий. Т?аьхьуо М. В. Ломоносовс кховдийра, къуотг?ала динчу берашна, халкъан богадельнеш йахкаран ойла а, берийн цамгаршна дарба лело хьехам арахецаран ойла а. Иза йаздира ≪Российн халкъ дебарах а, ?алашдарах а лаьцна≫ шен кехатехь. Амма дуьххьарлера бераш кхиоран х?усамаш д?а ца йиллинера Россехь (1763 шарахь ? Москохахь, 1771 шарахь Петарбухехь ) И. И. Бецкийн ницкъашца бен, цуо шен куьйга оцу х?усамийн проекташ йира, хьехамаш а кечбира бераш кхиорех а, ?алашдарех а [1] .

Даккхий хиларан муьраш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Бер ? гуттара кхуьу организм йу, х?ора хенан муьрехь хуьлу билгала морфологин, физиологин, психологин башхаллаш [1] . Къастабо берийн психика кхиаран лахара муьраш:

  • дуьненна т?едаьлла мур (дахаран хьалхара диъ к?ира ? 28 де);
  • декха хан (дахаран 29-г?а денна т?ера 1 шо кхаччалц) [2] ;
  • яслин йа ишколал хьалхарчул хьалхара мур (1 шеран т?ера 3 шо кхаччалц) [3] ;
  • ишколал хьалхара мур (3 шеранна т?ера 7 шо кхаччалц) [3] ;
  • лахара ишколан хан (7 шеранна т?ера 12 шо кхаччалц) [3] ;
  • жимхаллин хан (13?14 шеранна т?ера 17?18 шо кхаччалц) [3] .

Декха бер [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Декха бер

Декха бер ? шо кхаччалц долу бер. Къастабо керла дина бераллин (хьалхара диъ к?ира) а, декха хенан (4 к?иранна т?ера 1 шо кхаччалц) муьраш. Декха бер кхиаро хьекъалан а, физикин а кхиаран кхин д?айолчу т?аьхьенна ладаме ?аткъам бо. Цуьнан организм арахьарчу ?аткъамашна экаме йу, цамгарш лехьайо, цундела цунна лерина ?уналла деза.

Бер кхиар [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Хьалхарчу дахаран шарахь бер дахло юккъера барам 25?27 см. Шо кхаьчна беран локхалла кхочу 75?77 см. [4]

Дахаран хьалхарчу шеран дозаллин а, локхаллин а юккъера барам [4]
Хан,

бутт

Баттахь дег?даккхар,

см

Баттахь дег?ан масса т?екхетар,

г

Дег?даккхаран берриг барам,

см

Ерриг дег?ан масса т?екхетар,

кг

1 3 600 3 0,6
2 3 800 6 1,40
3 2,5 800 8,5 2,2
4 2,5 750 11 2,95
5 2 700 13 3,65
6 2 650 15 4,3
7 2 600 17 4,9
8 2 550 19 5,45
9 1,5 500 20,5 5,95
10 1,5 450 22 6,4
11 1,5 400 23,5 6,8
12 1,5 350 25 7,15

Хьалхарчу дахаран шарахь беран девза гуонахьара ?алам, цуьнан кхуьу моторика, хьекъалан а, физикин а хьуьнарш. Кхуьу муьрашкахула. Х?ора мур болало билггалчу хенахь, иза къаста а тарло бере хьаьжжина. Хьуьнар кхиар дозу генетикин аг?ора а, бер кхуьу гуоне хьаьжжина а, баккхийчар цунна шайн мел хан д?ало хьаьжжина а.

Цхьа бутт [ нисйе б?аьра | нисйе ]

1 бутт хан йолуш объект гар дерзийна хуьлу оцу объектан дозанаш ?аморе [5] . Нагахь беран геометрин фигура гайтахь, цуо цуьнан йисташ ?амор ю.

Бер долало базан дуьнен т?едолуш чудехкина доцу меттахдалар карадерзо: катохар а, д?акхоссар а [6] . Оцу хенахь, бертал дижина бере йоццачу хенан корта айбало, латтало [7] .

Ши бутт [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Шолг?ачу баттахь беран къастало ц?ие, баьццара, сийна бесаш, ткъа иштта къегина серло. Роберт Фантца йинчу эксперименташца, берашка къаьстало к?айн бесара ши аса, вовшех къагарца 5% бен къаьсташ йоцу [8] .

Шиъ бутт кхаьчначу хенахь дуьйна бере лелало аз коммуникацина. Иза деладалало воккхачун шеца дечу къамелан жоп луш а, я иза къежаш а [9] . Иштта беран бевза ненан меттан бух, къаста а ло кхечу меттанех, иза гайтира А. Кристоф а, Дж. Мортона а бинчу талламаша. Экспериментехь ингалсметтан берана хозуьйтура тайп-тайпанчу меттанашкахь а, наха а д?аяздина аудияздар. Беран дакхаран хьал хийцалора, нагахь ингалсан мотт хийцича кхечунца, амма ца хийцалора кхин мотт ингалсан боцучуьнца хийцича [10] .


Кхо бутт [ нисйе б?аьра | нисйе ]

2-г?ачу?3-г?ачу беттанашкахь берана бос гар воккхачун санна ду [8] .

3 бутт кхаьчначу беран хаза тарлуш долу озан ч?ог?алла, ? 40 децибел [11] гергга ю.


Галерея [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Мадонна ?иса Пайх?амарца Нана а, цуьнан йо? а
Анри-Франсуа Ризнер
Йо? г?амаг?ашца
Валентин Серов

Берийн бакъонаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Дуьненайукъара а, российн а законашца динчу дийнахь дуьйна беран йу д?айаха йиш йоцу бакъонаш , церан гарант йу пачхьалкх: беран, муьлххачу адаман санна, д?аккха йиш йоцу бакъо йу даха, цуьнан ойланна лерам байта, шен ойланаш маьршша шех хьакхалучу белхех йолу, гайта, шен хетарг д?аала, тайп-тайпанчу кепара хаамаш схьаэца а, д?абала а, дискриминацех лардан бакъо, дешаран бакъо, сада?аран а, самукъадаккхаран а бакъонаш, кхин д?а а.

Хьажа кхин а [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Билгалдахарш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

  1. 1 2 3 А. В. Мазурин , И. М. Воронцов . Пропедевтика детских болезней. ? 1-е изд. ? М .: Медицина , 1986. ? С. 6?19. ? 432 с. ? 100 000 экз.
  2. Грудной ребёнок. Медицинская энциклопедия . Т?екхочу дата: 2014 шеран 31 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 7 февралехь
  3. 1 2 3 4 Маклаков А. Г. Общая психология: учебное пособие для вузов и слушателей курсов психологических дисциплин. ? P. 98?103.
  4. 1 2 Департамент здравоохранения города Москвы Часть 1. Морфометрическое и психомоторное развитие ребёнка первого года жизни. ? P. 5?6,14.
  5. Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. ? P. 54.
  6. Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. ? P. 245-247.
  7. Департамент здравоохранения города Москвы Часть 2. Психомоторное развитие детей первого года жизни. ? P. 10.
  8. 1 2 Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. ? P. 38.
  9. Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. ? P. 164-165.
  10. Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. ? P. 156?158.
  11. Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. ? P. 58.

Литература [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Хьажоргаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Хьажа иштта [ нисйе б?аьра | нисйе ]