Филиппинаш

12°48′ къ. ш. 122°03′ м. д. H G Я O
Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Филиппинаш
Republika ng Pilipinas
Republic of the Philippines
Байракх ХӀост
Байракх Х?ост
Девиз : ≪Maka-Diyos, Makatao, Makakalikasan, at Makabansa≫
≪За Бога, народ, природу и страну≫
Филиппинашан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш

  12 июнь   1898 шо ( Испанех )

4 июль 1946 шо ( АЦШх )
Официалан меттанаш Ингалсан мотт , Филиппинийн мотт
Коьрта г?ала Манила
Йаккхий г?аланаш Манила (в составе конурбации Метро-Манила), Кесон-Сити
Урхаллин тайпа Унитарни президентан конституцин республика
Президент
Вице-президент
Rodrigo Duterte
Leni Robredo
Латта
 ? Шадерг 299 764 км²  ( 72-г?а дуьненахь )
 ? % хина т?ехле 0,6
Бахархой
 ? Мах хадор 105 720 644 [1]  стаг
ДЧС
 ? Шадерг (2008) 317,964 млрд [2]   долл.  ( 36-г?а )
 ? Х?ораннан а сина 3515 [2]   долл.
АДКИ (2013) 0,654 [3]  ( йукъара ; 114-г?а меттиг )
Ахча 1 филиппинан песо = 100 сентаво ( сентимо ) ( PHP )
Интернет-домен .ph
Код ISO PH
Код МОК PHI
Телефонан код +63
Сахьтан аса +8
Автомобилийн некъаш аьтту аг?ора [d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Филиппи?наш ( инг.   Philippines , тагал. Pilipinas , оьрс. Филиппи?ны ), официалан цIе ? Респу?блика Филиппи?наш ( инг.   Republic of the Philippines , тагал. Republika ng Pilipinas , оьрс. Респу?блика Филиппи?ны ) ? Къилба-Малхбален Азин гIайренан пачхьалкх . 2015 шарахь мах хадорца, бахархой 102 921 200 стаг [4] ву, мохк ? 299 764 км² бу. Бахархойн барамца дуьненахь шийтталгIа меттигехь йу, майдан барамца 72-гIа йу.

Коьрта шахьар ? Манила , уггаре йоккха гIала ? Кесон-Сити . Официалан мотт ? ингалсан а, филиппинийн ( тагалан ).

Унитаран пачхьалкх , президентан республика . 2016 шарахь 30 июнехь дуьйна президентан даржехь ву Дутерте Родриго , вице-президентан ? Робредо Лени . Йекъало 81 провинцин.

Филиппинаш лаьтта Тийна ?апказан малхбузачу декъехь Х?индонезин а, Тайванан а йукъахь, цунна чудогIу 7641 гIайре. ГIайренаш декъало кхаа тобане: Лусон , Висайн гIайренаш , Минданао .

Динехь болчеран до?ккхаха долу дакъано католицизм дин леладо.

Динамикаца кхуьуш йолчу экономикийца индустрин мохк бу. 2016 шарахь ДЧС чухоам хилира 310,312 миллиард АЦШ доллар [2] (2978 АЦШ доллар гергга бахархойн цхьаьна синан). Ахча ? филиппинийн песо .

1521?1898 шерашкахь ша йукъахь хиллачу Испанех Филиппинийн мохк маьрша балар кхайкхийна 1898 шеран 12 июнехь , цул тIаьхьа, 1898 шеран Парижан машаран бартаца , гIайренаш АЦШн дакъа хилира, хецна маьршо йелира 1946 шеран 4 июлехь .

Мехкан ц?е схьайалар [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Филиппинашна ц?е тиллина Испанин паччахьан Филипп II-г?ачун (1527?1598) лерамна. Испанин талламхочо Руи Лопес де Вильялобоса шен экспедицехь 1542 шарахь ц?е тиллина г?айренна ≪Филиппины Лейте а, Самар а≫ ( испан.   Leyte and Samar Felipinas ) оцу хенахь хиллачу Астурийн паччахьан к?ента ц?арах. Т?аьхьа ≪Филиппинийн г?айренаш≫ ц?е лелайора йерриг архипелаган ц?е санна. Цул хьалха царех олура ≪Малхбузен г?айренаш≫ ( испан.   Islas del Poniente ) йа Магеллана йелла ц?е ? ≪Сан-Ласаро≫.

Архипелаган ц?е заман йохаллехь хийцира масийттаза. Филиппинашкара революци хенахь конгрессо кхайкхийра мохк ≪Республика Филиппинаш≫ (≪Republica Filipina≫ йа ≪Philippine Republic≫) аьлла. Филиппино-америкин т?амехь (1899?1902) Америко толам баккхалц а, йуха маьрша мохк кхайкхабаллалц махках олура ≪Филиппинан г?айренаш≫ (≪Philippine Islands≫). 1898 шарахь Парижан барт баллалц архипелагах олура ≪Филиппинаш≫ (≪Philippines≫). Шолг?а дуьненан т?ом чекхбаьлчу хенахь дуьйна архипелаг йу ≪Республика Филиппинаш≫.

Физикин-географин амал [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Файл:Филиппинские острова.png
Филиппинан гIайренаш

Географин хьал [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Филиппинийн пачхьалкхо дIалоцу Малайн архипелаган дакъа долу Филиппинийн гIайренаш. Филиппинийн долара 7100 сов гIайренех уггаре даккхийнарш: Лусон , Минданао , Самар , Панай , Палаван , Негрос , Миндоро , Лейте , Бохоль , Себу . Филиппинийн архипелаган къилбаседера къилбехьа йохалла 2000 км гергга, малхбузера малхбалехьа ? 900 км. ГIайренан малхбузехьа Къилба-Цийн хIорд бу, малхбалехьа ? Филиппинан хIорд бу, къилбехьа ? Сулавеси хIорд , къилбаседехьа Филиппинийн гIайренаш Тайвань гIайренах къастийна Баши хидоькъено. Филиппинийн гIайренийн уггаре къилбаседан меттиг ? гIайре Батанес йу. Уггаре къилбаниг ? гIайре Сибуту . Уггаре малхбузаниг ? гIайре Балабак , ткъа уггаре малхбалениг ? гIайре Минданао. Бердан асан йохалла 36,3 эз. км. ГIайренийн ерриг майда ? 299,7 эз. км².

ГIайренийн рельефехь коьртаниг лаьмнаш ду, уггаре лекханиг царех ? тIаплам Апо (2954 м) ? лаьтта Минданаон гIайрен тIехь. Ломан даккъаш ? тIапломан кепара ду, хIунда аьлчи архипелаг лаьтта материкан а, ?апказан а литосферан экъанаш хIитталучохь, лаьтта Тийна?апказан цIеран хIоз йукъахь, ткъа цигахь лакхара сейсмолла а, тIапломалла а йу. ХинкIорген апариш а, тIапломан гIайренаш а ? Филиппинийн башха амал йу. Минданао гIайренашна уллехула чекхйолу 10 830 м кIорга йолу Филиппинийн апари ? дуьненан ?апказ чохь уггаре кIоргачех.

Климат [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Филиппинашкахь тропикан х?ордан климат, иза йовха а, т?уьна а йу. Шо кхаа замана доькъу: таг-инит йа таг-арав ? йовха, йекъа хан (аьхке), лаьтта мартера май кхаччалц, таг-улан ? дог?ан зама, лаьтта июнера ноябрь кхаччалц, таг-ламиг ? шийла йекъа зама, лаьтта декабрера февраль кхаччалц. Майра октябрь кхаччалц хуьлу къилба-малхбузан муссон, цунах ≪хагабат≫ олу, ноябрехь ? апрелехь хуьлу ≪амихан≫ ? къилбаседа-малхбален йекъа муссон. Температура хийцало 21 °C т?иера 32 °C кхаччалц, амма, иза оцу гуранчура ара а йала тарло йоцучу заманна. Уггаре шийла бутт бу январь, ткъа уггаре бовханиг ? май.

Шеран йуккъера температуран барам 26,6 °C бу. Температура меттиге хьаьжина хийца к?езиг ло. Г?айренийн къилба дакъа хуьлда иза, йа къилбаседа, йа малхбуза ? температура массанхьа тера йог?у. Боккха ?аткъам бо хенан х?оттаман х?ордан сизал локхалло. Х?ордал 1500 метр лакхахь йолу Багион шеран температуран йуккъера барам ? 18,3 °C гергга бу, цуо и меттиг ч?ог?а г?арайаьккхина.

Июлера октябрь кхаччалц кхузахь дог?наш оьху, х?унда аьлчи цигахь тайфунийн асан хан хуьлу. Шеран йочанийн барам хийцало шарахь 5000 мм (200 дюйм) йиллинчу меттигехь, масала, малхбален бердаш, 1000 мм (39 дюйм) ораматаш йолчу атаг?ашкахь. Архипелаг т?иера уггаре т?уьна циклон хилла 1911 шеран июлехь, оцу хенахь цхьаьна дийнахь деира 1168 мм (46 дюйм) дог?а. Багио ? Филиппинашкара тропикан циклонийн мур.

Мехкан къилбаседа к?ошташкахь сих-сиха тайфунаш хуьлу, цунами а хила тарло.

Ораматаш а, дийнаташ а [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Филиппинийн ах гергга мохк тIехь тIуьна тропикан хьаннаш йу, алсама ду пальмаш , каучуконосаш , баньян , апитонг , майяпис , лауан , дукха хаало буту эрз , орхидейш , корица . 1200 м хIордал лакхахь кхуьу коьллаш, ду байнаш.

Филиппинийн гIайренаш тIехь деха дийнаташна йукъахь алсама хаало сай , мангуст , нал . Мехкан дийнатийн амалехь ду дукха кепара олхазарш а, текхаргаш а. Хин бердашца дукха кепара чIара а, моллюскаш а йу, тIаьхьарчарна йукъахь чIогIа билгалъевлла жовхIардийриш ? моллюскийн таро йу жовхIар дан.

Пачхьалкхан хIоттам а, политика а [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Филиппинаш ? президентан республика йу шина палатан парламентца а, маьрша суьдан системица а.

Президент хоржу бахархоша 6 шеран, Сенат (24 меттиг) ? иштта хоржу 6 шеран, Векалийн палата (240 меттиг) ? 3 шеран.

Министраллаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Политикин партеш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

2007 шеран майхь хиллачу харжамийн жамIаш:

  • Лакас/Кампи/Керста а, бусалба а демократаш ? центристийн, 4 сенатор, 142 депутат
  • Къоман халкъан коалици ? центристийн, 2 сенатор, 28 депутат
  • Либералан парти ? аьрруцентристийн, 4 сенатор, 14 депутат
  • Къоман парти ? аьтту центристийн, 3 сенатор, 8 депутат
  • Байан ? аьрру, 7 депутат
  • Демократин парти/Лабан ? аьрруцентристийн, 1 сенатор, 4 депутат
  • Пверса Масан ? аьрруцентристийн, 2 сенатор, 3 депутат
  • Цхьаьнатоьхна оппозици ? центристийн, 2 сенатор, 3 депутат

Истори [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Билгалдахарш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

  1. Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013 . U.S. Department of Commerce (2013). Т?екхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь
  2. 1 2 3 Philippines . International Monetary Fund. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  3. Human Development Report 2013 . United Nations Development Programme (2013 шеран 14 март). Т?екхочу дата: 2013 шеран 14 март.
  4. Цитатийн г?алат: <ref> тег нийса йац; кху popcom2015 тIетовжаран йоза йаздина дац