Дендалар

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Ренессанс
Оьздангалла
Географи
Афинин ишкол ≫ ? Рафаэль Сантин белхан фреска Станца делла Сеньятура (≪Омрин зал чохь≫) Ватиканан г?ала .

Дендалар , йа Ренесса?нс ( фр.   Renaissance , итал. Rinascimento , схьадаьлла лат.   renasci ? Йуха дуьненна т?е вала, йухадевала [1] ) ? оьздангаллин-историн муьрех цхьаъ, Йуккъера б?ешерашна а, Керла заманан а йукъара Европин кагдаран историн мур, цуо биллина бух керла европин оьздангалллин (иштта хьалхара Керла зама ) [2] .

Италехь Дендаларан мур болабелла XIV б?ешарахь ? проторенессансан муьрехь, йа треченто (оьздангалла 1300-г?а шерашкара). Италихойн Дендалар хуьлу къегина XV?XVI б?ешерашкахь, цунна чохь билгалдоккху Лекха Дендалар (1490 ? г?а шерашна чаккхенгара хьалхара дакъа XVI б?ешеран доьлг?ачу декъера). Йуккъера а, Къилбаседа а Европин мехкашкахь Дендаларан мур т?екхечира т?ехьо, ийцира спецификин аматаш. Иштта йу Къилбаседа Дендар а, Французийн Ренессанс а.

Термин схьадалар [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Италихойн дош ≪rinascita≫ хаало Гиберти Лоренцо ≪Комментарешкахь≫ (I Commentari, 1452?1455), цуьнан хенара исбаьхьалчех лаьцна жайнахь, и дош мичара эцна ≪ Уггаре г?арабевллачу суртдиллархойн, агархойн, архитекторийн дахарах дийцар ≫ (1550) Вазари Джорджос дийцина. Вазарис оцу дешца билгаладаьккхина шел хьалхарчеран г?уллакх, XVI б?ешеран йуххьера исбаьхьалчийн, ≪дуккха а шераш девлчачул т?аьхьа, йуккъера б?ешерийн а, варвараллин а йоьжначул≫. Цуо йаздора ≪адамийн хьекъал д?адуькъначу пардонах лаьцна, ≪Делан къинхетамца≫ исбаьлчашна гира ≪бакъ долу т?ех хазаниг≫. Цуьнан билгалонца, ≪дендар ? иза стеган йухаверзар ду шен ?аламан гармонин хьоле йукъаметтигашца ?аламца≫. Цундела ≪?алам ? иза васт, ткъа шира ? ишкол≫. Дендаларан хьалхара хенах гуманхоша олу ≪ бодане б?ешераш [3] .

1855 шарахь французийн историко Мишле Жюла ≪калька≫ делира италихойн терминан ворх?алг?а томан ≪Францин истореш≫ коьртан [4] . 1860 шарахь зорба тоьхна швейцарин историкан Якоб Буркхардтан ≪Италин оьздангалла Дендаларан муьрехь≫ (Die Kultur der Renaissance in Italien) къинхьегамна. Оцу хенахь дуьйна дешнаш ≪дендар≫ а, ≪ренессанс≫ а синонимаш хилира оьздангаллин исторехь кагдаран мур йукъара т?еэцна билгалбаккха. Нохчийн меттан г?иллакхехь массара а т?еэцна дац, амма леладо дош ≪дендар≫ йукъара маь?нехь а, италихойн оьздангаллин а, ткъа ≪ренессанс≫ ? алсама лелош ду Францин оьздангалла йуьйцуш.

Дендаларан оьздангаллин идейн баххаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Дендаларан муьран къаста амат ? оьздангаллин дуьненан амал, цуьнан гуманизм а, антропоцентризм а, айаделла хьашт антикалле . Тезисан экономикин факторийн коьрта маь?на: махлелор а, сурсатийн-ахчанан а йукъаметтигаш шорйар, мануфактурин арахецар кхиар, царна х?инца к?езиг маь?на ло. Синмехаллин оьздангаллехь кагдар хилла, динан дуьнегаран эволюци а, гуонахьара дуьненах хетарг шордалар а бахьнехь. Говзаллин йукъаметтигашкахь гуш ду, йуккъера б?ешерийн говзанчашна антикаллех дерг хьалха а хаара, цуьнан кепаш а лелайора шайн кхолламашкахь [5] , амма, Вазаран билгалоца, уьш галдахар, ≪XV б?ешеран чаккхенгара ? XVI б?ешеран йуьххьера йеккъа Италехь хилла контаминаци ? органикца хаза кепаш иэр, уьш йина антикаллехь, керстачеран гуманизман а, пантеизман а≫ керла ойланашца [6] .

Йукъара амал [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Витрувианийн стаг Леонардо да Винчи

Керла оьздангаллин парадигма кхоллайелла Европин йукъараллин кардиналан хийцаман бахьнашца.

Башха маь?на Дендалар х?оттарехь хилла Византийн пачхьалх йожар а, шайца шайн библиотекаш а, говзаллин кхолламаш а схьаэцна Европе византихой бовдар а. Кхолламаш чохь дара дуккха а антикаллин хьосташ, уьш ца довзура йуккъера б?ешерийн Европина, цар иштта д?акхехьара антикаллин оьздангалла, Византехь иза цкъа а йиц ца лора. Иштта, визатийн лекторан къамелах битам хилла, Козимо Медичис кхоьллира Платонан академи Флоренцехь .

Г?аланаш-республикаш т?екхетаро, т?етоьхна чкъоьрийн ?аткъам, цара дакъа ца лаьцна феодалийн йукъаметтигашкахь : говзанчийн а, пхьерийн а, махлелочеран а, банкирийн а. Царна массарна а иерархин мехаллин система неха хетара, иза кхоьлллинера йуккъераб?ешеран, дукхаха дерг килсийн оьздангаллин, цунан халбаталла, эсала син. Цуо далийна гуманизме ? йукъараллин-философин боламе, иза адаме хьожу, цуьнан къонахалле, цунан парг?атоне, цуьнан жигара, кхуллу г?уллакхе лакхара мах болу а, йукъараллин институтийн мехаллин билгалонашка.

Г?аланашкахь кхоллайала йуьйлайелира дуьненан ?илман а, говзаллин а центраш, церан г?уллакх килсан тергонехь дацара. Керла дуьнене хьажар дирзира антикалле , цунна чохь гора гуманизман а, халбатхочун доцу а йукъаметтигаш. XV б?ешеран йуккъехь Жайнаш зорба тохар кхолларо йоккха роль ловзийна антикаллин т?аьхье йерриг Европехь йаржорехь.

Дендалар Россехь [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Россехь йацара Ренессанс йуьхьанцара маь?нехь оцу терминан.

Билгалдахарш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Комментареш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

(!)  Коммент:

Хьосташ [ нисйе б?аьра | нисйе ]

  1. Online Etymology Dictionary . Т?екхочу дата: 2011 шеран 26 февраль. Архивйина 2009 шеран 29 июнехь
  2. Аполлон. Изобразительное и декоративное искусство. Архитектура. Терминологический словарь. ? М.: НИИ теории и истории изобразительных искусств РАХ?Эллис Лак, 1997. ? С. 101
  3. Гарэн Э. Проблемы итальянского Возрождения. ? М.: Прогресс, 1986. ? С. 35?36
  4. Февр Л. Как Жюль Мишле открыл Возрождение (1950) //Бои за историю. Серия: Памятники исторической мысли. ? М.: Наука, 1991. ? С. 377?387. ? ISBN 5-02-009042-5
  5. Панофский Э. Ренессанс и ≪ренессансы≫ в искусстве Запада. ? М.: Искусство, 1998. ? С. 51
  6. Власов В. Г. Возрождение // Новый энциклопедический словарь изобразительного искусства. В 10 т. ? СПб.: Азбука-Классика. ? Т. II, 2004. ? С. 471?472

Литература [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Хьажоргаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]