Футбол

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Футбол
Сурт
Амал
Категори командин ловзар
Г?ирс футболан буьрка
Цхьалг?а къийсамаш
Дуьненан чемпионат 1930 шо
Дуьненайукъара федераци
Ц?е ФИФА
Кхоьллина шо 1904 шо
Веб-сайт FIFA.com
Кхуьнца йолу проекташ
Футболан буьрка
Англин футболан буьрка ? толаман совг?ат.

Футбо?л ( инг.   football схадаьлла foot ≪ког≫ + ball ≪буьрка≫) ? мостаг?чун кевнашна когашца я кхечу дег?ан меженашца (куьйгаш доцург) дуьхьала йолу командел алсама буьрка чутоха ?алашо йолу командин спортан тайпа .

Тахана ю дуьненахь уггаре г?араяьлла а, массийн а спортан тайпа [1] [2] [3] .

Оцу ловзарех ловзучух олу футболи?ст .

Ловзаран ц?е [ нисйе б?аьра | нисйе ]

ФИФАс а, Дуьненайукъара олимпийн комитето лелайо ≪футбол≫ дуьненайукъара ловзаран официалан ц?е йина.

Юьззина ингалсметтан ловзаран ц?е, ≪association football≫ (≪футбол Ассоциацин бакъонашца≫), иза хаьржина ингалсан Футболан ассоциаци йиллинчул т?аьхьа 1863 шарахь, иза кхечу футболан тайпанех къасторхьама. Оцу хенахь яра, масала, регби-футбол ( ≪rugby football≫ , ≪футбол Рагби ишколан бакъонашца≫), цунах куьйгашца ловза а мегара. Хан мел йоьду ловзаран еха ц?ераш яцъян йолийра къамелехь а, зорбанехь а. Юьхьанца Ингалсехь яьржинера яцйина ц?е ≪assoc.≫, цул т?аьхьа 1880-г?а шерашкахь цунах елира термин ≪соккер≫ ( инг.   soccer ), дацдарна т?е ≪-soc-≫ суффикс ≪-er≫ тоьхна оксфордан ламастаца [en] а тоьхна (регби-футболахдацдина олура ≪раггер≫ ( инг.   rugger )) [4] . В периодике термин ≪соккер≫ используется по крайней мере с 1892 года [5] . Ингалсан меттан оксфордан дошамца , уггаре хьалха ≪soccer≫ дош йозанан маттахь хааделла 1889 шарахь, ингалсан поэтан Доусон Эрнестан кехат т?ехь (делахь а цуо яздо socca , хетарехь, цуьнан х?инца а яцара стандартан йозанан кеп) [6] .

Тахана ≪соккер≫ ц?е яьржина ю цхьа мог?а ингалсметтан мехкашкахь, оцу пачхьалкхашкахь генара схьа г?арадевлла ду кхин футболан тайпанаш а. Масала, Австралехь а, Керла Зеландехь а футбол олу австралин футболах я регбилигах . Ирландехь ≪футбол≫ термино билгалйоккху гэлан футбол , цундела ≪соккер≫ прессехь лелон ц?е ю [7] [8] . КъАРехь дукхаха болчарна ловзар девза ≪соккер≫ санна, иза гойту КъАР чемпионатан ц?еро, ≪Премьер соккер лига≫ а, т?ехь ДЧ-2010 финал хилла стадион ≪ Соккер Сити ≫ а. АЦШ а, Канадехь а термин ≪соккер≫ лелайо, х?унда аьлча футбол опу америкин футболах а, канадин футболах а. Ингалсахь ≪соккер≫ ц?е ширъелла, керла чкъоьро иза ца лелайо.

Кхечу меттанашкахь ловзаран ц?е ю:

  • я т?еэцна ингалсан дош football , масала нохчийн маттахь ? ≪футбол≫, португалихой ? futebol ;
  • я football дош гочдина т?еэцна, масала немцойн ? Fußball , желтойн ? ποδ?σφαιρο , финнийн ? jalkapallo , жуьгтийн (иврит) ? ?????? , карелийн ? jalgamia??y , адыгийн ? лъэпэеу ;
  • я схьадаьлла ≪мийра бетта≫, ≪ког≫ дешнех, масала италихойн ? calcio , хорватийн ? nogomet , полякийн ? piłka no?na ( коган буьрка ), мажарийн ? labdarugas ( буьрканах мийра беттар ).

Футболан истори [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Футболан хьалхара кепаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Буьрканех ловзура дукха мехкашкахь [9] . Цийчохь оцу тайпана ловзарх олура Чжу-Кэ [10] . Ширачу Спартехь ловзарх олура ≪Эпискирос≫ [10] , ткъа Ширачу Румехь ≪Харпастум≫ [11] . Керла замахь Брянскан латтанаш т?ехь ловзура адаман коьрттал йолу, чу месаш йоьхкина, ц?оканан буьрканца. Оцу къийсамех олура ≪шалыга≫ а, ≪кила≫ [12] а. XIV б?ешеран гергахь италихошна дагадеира ≪Кальчо≫ [13] ловзар. Нисса иза чудеира италихоша Британин г?айренашка [14] .

Дуьххьарлера бакъонаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

XIX б?ешарахь Ингалсехь футбол г?араелира, крикетца [15] бен юсталур йоцуш. Цунах ловзура коьртаниг колледжашкахь [16] . Цхьацца колледжашкахь бакъонаша магадора буьрка куьйгашца лело а, д?аяла а, кхечанхьа иза ца магадора [17] . Дуьххьара, масех колледж цхьаьнакхетта, цхьа бакъо ян г?оьртира 1846 шарахь. Цара х?иттийра хьалхара бакъонаш [18] . 1857 шарахь кхоьллира дуьххьарлера говзаллин футболан клуб ? ≪ Шеффилд [19] . 1863 шарахь дехха дийцарш дина т?еийцира Ингалсан футболан ассоциацин бакъонаш. Иштта т?еийцира аренан а, кевнийн а барамаш [20] . Ткъа 1871 шарахь кхоьллира Ингалсан кад ? дуьненахь уггаре шира футболан турнир [21] . 1891 шарахь т?еийцира пенальтин бакъо. Амма юьхьанца пенальти т?адам т?ера, ткъа тухура асанан т?ера, иза кевнашна 11 метр генахь яра [22] .

Футболан тайпанаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Стоьлан футбол

Футболан шортта кепаш ю, коьртаниг ловзархойн барам к?езиг болуш, царна йукъахь: футзал (AMF) а, футзал (FIFA) ? мини-футбол (ловзу зал чохь башха ц?енкъан т?ехь) а, шоубол (ловза адаптаци йина хоккейн ботт чохь йиллина ц?енкъа т?ехь) а, кертара футбол (ловзу муьлхха а барам болу аренахь, муьлхха ловзархойн барамехь), пляжан футбол (ловзу г?ум т?ехь), ≪эркан футбол≫ (голлелца хи чохь, ингалсан Бёртонера х?ора шеран турнир), ≪ уьшалан футбол ≫ (ловзу уьшал чохь), футболан фристайл (массо кепара финташ а, трюкаш а гойту), рашбол (ловзу кевнахочун, г?уданан буьрка тохаран, атакин, дуьхьалонан, нейтралан зонашка екъна аренахь), футдаблбол (ловзу шина буьканца).

Иштта ю виртуалан а, стоьлан а футбол спортан ловзарш санна, кехатан футбол логикин ловзар ду.

Футбол ч?ог?а г?араяларна, дукха ловзарш ду футболах тардина.

Манчестерехь болх беш ю Футболан къоман музей , цу чохь гойту хьалхалера г?араевлла матчийн пхийтта минотан фильмаш ы, музейн залашкахь ду г?арабевллачу ловзархойн балозан суьрташ [23] , футболан исторера тайп-тайпана экспонаташ.

Футболан гуонахьара оьздангалла [ нисйе б?аьра | нисйе ]


Хьажа кхин а [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Категори ≪Футболан лиганаш≫ ца карийна.
Категори ≪Футболан кедаш≫ ца карийна.

Билгалдахарш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

  1. Guttman, Allen. The Diffusion of Sports and the Problem of Cultural Imperialism // The Sports Process: A Comparative and Developmental Approach (ингалс.) / Eric Dunning, Joseph A. Maguire, Robert E. Pearton. ? Champaign : Human Kinetics. ? P. p129. ? ISBN 0880116242 . . ? ≪the game is complex enough not to be invented independently by many preliterate cultures and yet simple enough to become the world's most popular team sport≫.
  2. Dunning, Eric (ингалс.) The development of soccer as a world game // Sport Matters: Sociological Studies of Sport, Violence and Civilisation (ингалс.) . ? London: Routledge . ? P. p103. ? ISBN 0415064139 . . ? ≪During the twentieth century, soccer emerged as the world's most popular team sport≫.
  3. Frederick O. Mueller, Robert C. Cantu, Steven P. Van Camp. Team Sports // Catastrophic Injuries in High School and College Sports (ингалс.) . ? Champaign : Human Kinetics. ? P. p57. ? ISBN 0873226747 . . ? ≪

    ≫.

  4. Mazumdar, Partha The Yanks are Coming: A U.S. World Cup Preview   (инг.) . Embassy of the United States in London (2006 шеран 5 июнь). Т?екхочу дата: 2009 шеран 6 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 21 августехь
  5. Baily's Magazine of Sports & Pastimes, vol. lvii (ингалс.) . ? London: Vinton, 1892. ? P. 198.
  6. Soccer: first printed use of the word in 1891? Т?екхочу дата: 2020 шеран 6 июнь.
  7. The Irish Times: Soccer . Т?екхочу дата: 2012 шеран 28 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 28 ноябрехь (ингалс.)
  8. Independent.ie: Soccer . Т?екхочу дата: 2012 шеран 28 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 28 ноябрехь (ингалс.)
  9. Гиффорд, 2007 , p. 10.
  10. 1 2 Малов, 2002 , p. 10.
  11. Малов, 2002 , p. 14.
  12. "Англия ≪украла≫ футбол на Брянщине" . Владимир Митрофанов. 2010-10-13 . Дата обращения: 2013 ш. 24 июнехь .
  13. Малов, 2002 , p. 17.
  14. Малов, 2002 , p. 27.
  15. Футбол // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона : В 4 томах. ? СПб. , 1907?1909.
  16. Малов, 2002 , p. 34.
  17. Малов, 2002 , p. 36.
  18. Малов, 2002 , p. 38.
  19. Малов, 2002 , p. 39.
  20. Малов, 2002 , pp. 41?46.
  21. Малов, 2002 , p. 53.
  22. Малов, 2002 , p. 49.
  23. National Football Museum . Т?екхочу дата: 2013 шеран 6 май. Архивйина 2013 шеран 10 майхь
  24. Третяк А. Знаменитые болельщики российских команд // Чемпионат ? 2013.

Литература [ нисйе б?аьра | нисйе ]

  • Малов, В. И. Я познаю мир: Футбол. ? Издательство ≪Астрель≫, 2002. ? С. 10, 14, 17, 27, 34, 36, 38, 39, 41?46, 53, 49, 60, 61, 62, 64, 87. ? ISBN 5-271-04556-0 .
  • Фут-боол // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). ? СПб. , 1890?1907.
  • Валь А. История футбола //М.: Изд-во АСТ. ? 2005.
  • К. Гиффорд. Энциклопедия футбола. ? АСТ, 2007. ? ISBN 978-5-17-044765-7 .

Хьажоргаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]