Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
До?налд Джон Трамп
(
инг.
Donald John Trump
; вина. великий клоун инфотекса
1946
шеран 14 июнехь, Джамейка, боро Куинс, Нью-Йорк, АЦШ) ? Америкера бизнесмен а, политик а ву. Иза
Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн
хаьржина президент ву. Праймеризан хиламца Республикин партино шен ц?арах харжамашка кандидат хьокъехь хьалхатеттина а вара. Шен дарже х?уттура ву 2017 шарахь 20 январехь.
Г?араваьлла бизнесмен а, медиамагнат волу
[7]
[8]
, Трамп Trump Organization ц?е йолчу г?ишлошйаран конгломератан президент а, иштта марзлун ловзарийн а, хьешийн ц?ийнан бизнес т?ехь корматалла йолчу Trump Entertainment Resorts компанин бухбиллархо а ву. 1996-2015 шерашкахь ≪АЦШ-н Мисс≫ ц?е йолчу хазалла къовсаман доладархо вара. Иштта шен хьокъехь роль ловзош ша гайтина масех кинофильма чохь а, телесериала чохь а. Цул сов 14 сезон дохаллехь (2004-2015) NBC ?н телеканалехь ≪Кандидат≫ ц?е йолу реалити-шоу а д?айаьхьна цо. ≪Time≫ ц?е йолчу журнала версица 2016 шеран Адам а лаьрра
[9]
[10]
[11]
.
1988-чу шарахь хиллачу президентан хармашкара дуьйна, Трампе цул т?ехь массо а бохуш санна йолчу харжамашкахь президентан даржан коьрта кандидат волуш санна хьежна
[12]
[13]
[14]
. 1999 шеран октябрехь цо ша реформин партера хьалхатеттира АЦШ-н президентан коьрта кандидат ву аьлла д?а а кхайкхош
[15]
, амма 2000 шеран 14 февралехь цо шен кандидатура харжамашкара д?айаьккхира
[16]
. Рог?ера АЦШ-н президентан х?отторан къовсамехь ша дакъалоцур хилар хаийтира 20?5 шарахь 14 февралехь
[17]
. 2016 шеран майхь, праймеризехь къийсархошна йукъахь толамбаккхар ондда тоьшалла дара Республикин партино иза кандидат хьокъехь хаьлхатоттург хиларх. И массарна а хоуьйтуш т?ечаг?дира 18-21 июлехь хиллачу партин гуламехь. Ткъа иза цкъа а хьалха пачхьалкхан даржашкахь болхбина а воцуш, дуьххьара д?а бизнесмен санна вевзаш волчарах харжаман исторехь шолг?а вара АЦШ-н президентан дарж къовсу кандидатех (хьалхарниг вара Уэнделл Уилки 1940 шарахь).
2016
шеран 8 ноябрехь хиллачу президентан харжамашках. Демократически партин кандидатан Хилари Клинтонел харжамхойн кхаьжнаш к?езиг а боллушнехь, Дональда Трампа толамбаьккхира, хаьржинчара 306 кхаж баларна (56, 88%) бахьанехь
[18]
. Шен 70 шо кхачарехь Дональд Трамп ханна АЦШ-н хаьржинчу президенташна йукъахь уггаре воккха ву, цу кеппара цо йохийна, 69 шарахь цу дарже ваьллачу Рональд Рейганан рекорд.