Дециев, Бисолт Османович

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Бисолт Османович Дециев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла стаг
Пачхьалкх   ССРС   Г?ирг?азойчоь   Кхазакхстан
Говзалла Греко-риман латар
Клуб Динамо [d] , Шымкент
Вина терахь 1964 шеран 17 январь ( {{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:17|2|0}} ) (60 шо)
Вина меттиг Кхазакхийн ССР , ССРС
Спортан карьера 1977-1998
Тренераш
  • Владимир Кошелев;
  • Хромов;
  • Псарёв;
  • Мардан Сапарбаев;
  • Алмазбек Казенов
Локхалла 173 см
Йозалла 74-76 кг

Бисо?лт Осма?нович Деци?ев ( 1964 шеран 17 январь , Кхазакхийн ССР , ССРС ) ? нохчийн греко-риман кепар латархо, 1986 шарахь ССРС халкъийн Спартакиадан борзан совг?атхо, ССРС Кубок йаккхинарг, шозза ССРС чемпион ( 1990 ? 1991 шерашкахь), Европин чемпион ( 1988 шо ), 4-за Дуьненан Кубок йаккхинарг, масийттуза Кхазакхстанан чемпион, дукха халкъашна йуккъера йахьаллонийн толамхо.

Биографи [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Нохчийн ц?адерза йиш хиллачул т?ехь Дециеван да-нана Кхазакхстанехь сецира. Бисолт вина цигахь 1964 шеран 17 январехь. 1977 шарахь иза волавелира классикан латар ?амадан. Иза вара Кхазакхстанан кегирхойн гулйина тобан декъашхо. 1982 шарахь Лейпцигехь иза хилира Европин чемпион.

1986 шарахь шен хьалхара ССРС чемпионатехь цо йаккхира 7-г?а меттиг. Цул т?аьхьа цо ССРС Спартакиадехь борзан мидал а йаккхира, социалистически пачхьалкхийн Динамиадан чемпион а хилира. 1990?1991 шерашкахь иза хилира ССРС чемпион. 1991 шарахь цо ССРС халкъийн Спартакиадехь толам беккхира. 1987 а, 1989?1991 а шерашкахь цо Дуьненан Кубок йаккхира.

Цо толам беккхира АЦШ а, Иранехь а, Италехь а, Норвегехь а, Венгрехь а, Россехь а, хилла халкъашна йуккъера йахьаллонашкахь. 1989 шарахь цо толам беккхира Будапештехь хилла дуьненан Гран-прихь.

1997 шо дуьйна Г?ирг?азойчоьнан гулйина тобанан декъашхо вара. Оцу тобанан йукъахь цо 1997 шарахь Азин чемпионатехь дато мидал йаккхира, Аьхкенан Азин ловзаршкахь 4-г?а меттиг йаккхира, дуьненан чемпионаташкахь 12-г?а а (1997 шо), 15-г?а а (1998 шо) меттиг йаккхира.

Спорт йитинчул т?аьхьа иза тренеран болх бан волавелира. Цо кхииначарна йукъахь бу Кхазакхстанан чемпионаш а, Азийн а, дуьненан а чемпионатийн совг?атхой а. Иза ву Шымкентан спортан клубан куьйгалхо. Бисолт хаьржина Къилбера Кхазакхстанан областин кегирхойн къаьмийн культурин центран бертан председатель. Иштта иза ву Шымкентан сийлахь гражданин.

Спортан гайтамаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Шо Яхьалло Г?ала Меттиг
1987 шо Дуьненан Кубок 1987 Албани 1
1988 шо Европин чемпионат 1988 Кульботн 1
1989 шо Дуьненан Кубок 1989 Фредрикстад 1
1989 шо Европин чемпионат 1989 Оулу 4
1990 шо Дуьненан Кубок 1990 Гётеборг 1
1991 шо Дуьненан Кубок 1991 Салоники 1
1997 шо Азин чемпионат 1997 Иран 2
1997 шо Дуьненан чемпионат 1997 Вроцлав 12
1998 шо Дуьненан чемпионат 1998 Евле 15
1998 шо Аьхкенан Азин ловзарш 1998 Бангкок 4

Хьажоргаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]