Айдамиров, Абузар Абдулхакимович

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Айдамиров, Абузар Абдулхакимович
Г?уллакхан тайпа поэт , йаздархо , прозаик
Вина терахь 1929 шеран 29 октябрь ( {{padleft:1929|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:29|2|0}} )
Вина меттиг Мескита , Нажи-Йуьртан к?ошт , Нохчийн Республика
Кхелхина терахь 2005 шеран 27 май ( {{padleft:2005|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:27|2|0}} ) (75 шо)
Кхелхина меттиг Мескита , Нажи-Йуьртан к?ошт , Нохчийн Республика
Корматалла йаздархо
Гражданалла ССРС СССР Росси Росси
Да ?абдулхьаким
Викилармин логотип Айдамиров, Абузар Абдулхакимович Викилармехь

Айдамиров, Абузар Абдулхакимович вина 1929 шарахь Нажи-Йуьртан к?оштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Йуьхьанцара школа шайн йуьртахь чекхйаьккхина цо. Жимчохь д?аболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957 шарахь Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературин, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч-Г?алг?айн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультет чекхйаьккхира цо 1963 шарахь .

Дуьххьарлера цо йазъина байт ≪Лермонтовн безамна≫ зорбане йелира 1956 шарахь ≪Винчу лаьмнашкахь≫ ц?е йолу жайнийн т?ехь зорба тоьхна йу байташ: ≪Даймохк≫, ≪Винчу лаьмнашкахь≫, ≪Бералла≫, ≪Ясин тог?ехь≫, ≪Ненан мотт≫, ≪Х?ай, буьйса≫, ≪Бехк ма билла≫, дуккха а кхиерш а. Цо йазъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: ≪Винчу лаьмнашкахь≫, ≪?аьржа буьйса≫, ≪Йезачу йо?е≫, ≪Воккхачу стеган илли≫, ≪Хьайна лаахь≫, ≪Даймохк≫ иштта кхин а.

Йаздархочун ≪Лаьмнашкахь серло≫, ≪Тхан эвлахь≫, ≪Лаьмнийн некъашкахула≫ ц?ераш йолу книгаш т?ера дукхахйолу произведенеш а йу йуьртан таханлера дахар гойтуш.

Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь .

Хьажоргаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]