Пхьагал

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Дийнатийн тоба
Пхьагал
Ц?е
Пхьагал
Ц?еран статус
билгалйина йац
Дай-нанойн таксон
Доьзал Пхьагалаш
Гергарнаш
Сурт Викилармехь

нох. Пхьагал ( оьрс. Заяц ) олу. Нагах нох. лерга-?ахар олу Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тог?еш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий ?уьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостаг?чух к?елхьара ца йокху. Цуьнан мостаг?ий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чаг?алкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, г?ирг?анаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой ж?аьлешца т?аьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан ц?ока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а к?елхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна йа де, йа буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь йа тоьланашкахь. Ткъа пхьагал йа буса а, йа дийнахь а синтем болуш йац. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен ж?аьлешца лорах т?аьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула т?ехволуш ?адда юьжий ?уьллу. Варданца йа машинашца д?а-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йог?ий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.

  • Мелла а адамаш дехачу меттигашна герга г?ерташ ду пхьагалийн дахар. Хасстоьмаш бийна меттигаш еза царна. Адамаш дехачу меттехь царна кхераме долу акхарой, масала, берзалой, к?езиг хуьла. Къона беш кхиочу меттехь пхьагалаша стоьмийн дитташна зенаш до. Чкъор дууш стоьмийн г?ад дожу цара.
  • Пхьагал сиха деба. Шарахь кхузза, доьазза ехка иза. Х?ора моссазза ехка пхиъ йа ялх, йа ворх? к?орни йо цо. Нанас к?езиг терго йо к?орнийн. Уггар атталла бен а, йа буха биллина бецан мотт а ца хуьлу церан. Йина дукха хан йоцуш, кегийра к?орнеш вовшех а хьаьрчий ?охкуш карайо. К?езиг тосало царна юххехь нан. К?орнеш якха а йой царна юххера д?айоьду иза. Жимма ондеевлича юьйлало к?орнеш. Якхо хан хилчи, нанна уьш церан лорах карайо. Шина, кхаа дийнахь цкъа бен ца якхайо нанас шен к?орнеш. Шура дукха хьена ю цуьнан. Цундела к?орнийн кийрахь налха а хуьлий лаьтта иза. Цунах шина, кхаа дийнахь кхачо хуьлу к?орнешна. Кхузза якхийчи, исс-итт дийнахь, д?атосу нанас шен к?орнеш.
  • Цхьана а экхана хьожа ца кхета к?орнех. Оцца башхоно ларйо уьш акхаройх. Муьлхха а экха тилкхаздаьлла т?е ца ?оттаделчи кхерам бац царна. Ешшехь сагуш а, т?ехь чо болуш а хуьлу пхьагалан к?орнеш. Кегийра йолуш адамах ца кхоьру пхьагалан к?орнеш. Кара?еминчу пхьагало ж?алийца гергарло а тосу. Цуьнца цхьана кедара х?ума а йоу, дижна ?уьллучу ж?аьлин коьрта т?ехь хьалхарчу когашца вота а туху пхьагало.

Хьажа. кхин [ нисйе б?аьра | нисйе ]