한국   대만   중국   일본 
Ортодоксан керсталла ? Википеди Чулацаман т?ег?о

Ортодоксан керсталла

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Керсталла
Библи
Троица
Керсталлин истори
Керсталлин ?илма
Керсталлин далла г?уллакх дар
Керсталлин некъаш
Керсталлин йемалалла
Кхидерг

Ортодоксан керсталла йа Ортодокс-дин ( желтойн маттер схьадеъна ?ρθοδοξ?α дош ду [1] ; нохчийн матте гочдича ≪бакъ долу хастамбар≫ бохург ду; историн маь?ница ≪нийса ойла≫ )- керстачу динан коьртачарех а, ширачу боламах цхьаъ ду. Ортодоксийн керста дин кхолладелла хьалхарчу эзар шарчохь Византехь, ворх?ачу Дерригдуьненан килсийн муьрехь [2] . Керстанан боламийн дукхаллехь 3-г?а меттиг йу цуьнан, кхо б?е (300) миллион стаг ву ортодоксан ийманехь [3] . Цулла дукха тешарш бу католицизмехь (1,25 миллиард) а, протестантизмехь (800 млн) а.

Дукхачу хенахь дуьйна Малхбузера Килсан а, Руман империн Малхбалера Килсаш йуккъахь а херо йара. Цуьнан бахьан дара килсаш йуккъахь динан къовсамаш хилар а, руман епископш Малхбалера килсаш шай долалле йаккха г?ертар а. Ткъа цу херонан жам? дара 1056 шарахь хилачу Килсийн йекъар .

Сийлахь-йоккха йекъар хилачу т?аьхьа Ортодоксийн килсаш йуккъахь хьалхара меттиг бу Керлачу Руман-Константинополан епископин кафедран . Ткъа йекъар хилале Дерригдуьненан килсан бакъонца хьалхара меттиг Риман кафедран бара [4] [5] .

Ортодокс-дин ? Делан Йозанашкахь д?айаздина долу бакъ апосталийн тешар ду, иштта иза Ортодоксийн килсан дин ду. Ткъа цуьнан маь?на ду- йуккъахь евхаристин з?е йолу хьукмаллица шайн лаамехь йолу автокефалин меттигерчу килсийн йукъарло.

Ортодоксан килсо къобалйо Никейн-Константинополан тешаран билгало . Иштта декъалбо Дерригдуьненан килсийн ворх? сацам. Ткъа ша къастайо ?ийсас бухбиллина а, иза куьйгалхо волуш а цхьаъ бен йоцу килс санна [6] [7] [8] .

Дуьне кхоллар а, ворхI Дерригдуьненан килсаш а, 12-чу Апосталийн Килс а. XIX-чу бIешаран цIу.

Ортодокс-дин таханлерачу дийнахь цхьайолчу пачхьалкхашкахь коьрта дин ду, царна йукъахь- Оьрсийчоь а, Балканийн axг?айpeнан дакъа а ( Желтойчоь а, Серби а, Болгари а, Румыни а, Къилбаседа Македони а, ?аьржаламанчоь а), Украина , Белорусь а, Молдави а, Гуьржийчоь а, Кипр а [9] .

Билгалдахарш [ нисйан | нисйан ]

  1. Аверинцев С. С. Православие // Новая философская энциклопедия / Ин-т философии РАН ; Нац. обществ.-науч. фонд; Предс. научно-ред. совета В. С. Стёпин , заместители предс.: А. А. Гусейнов , Г. Ю. Семигин , уч. секр. А. П. Огурцов . ? 2-е изд., испр. и допол. ? М .: Мысль , 2010. ? ISBN 978-5-244-01115-9 .
  2. Meyendorff J. Eastern Orthodoxy   (инг.) . Encyclopædia Britannica Online . Т?екхочу дата: 2019 шеран 23 май.
  3. Кеп:Cite encyclopedia
  4. Позиция Московского Патриархата по вопросу о первенстве во Вселенской Церкви . patriarchia.ru
  5. Роберсон Р. Восточные Христианские Церкви. III. Православная Церковь.
  6. Митрополит Филарет (Дроздов) . О девятом члене Символа веры . // Пространный Православный Катехизис Православной Кафолической Восточной Церкви.
  7. Митрополит Иларион (Алфеев) . Раннее христианство. Христос ? основатель Церкви. // Православие : В 2 т. ? М.: Сретенский монастырь, 2009. ? 1840 с. ? ISBN 978-5-7533-0502-2 .
  8. 1. Единство Церкви и грех человеческих разделений Архивйина 2020-07-08 ? Wayback Machine // ≪Основные принципы отношения к инославию≫ ? документ, принятый Юбилейным Архиерейским Собором РПЦ МП 2000 года.
  9. Table of Christian Population as Percentages of Total Population by Country Архивйина 2017-05-11 ? Wayback Machine . Pew Research Center.