Къоман баскетболан ассоциаци

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Къоман баскетболан ассоциаци
Логотипан сурт
Спортан тайпа Баскетбол
Кхоллар 1946 шеран 6 июнехь, Нью-Йорк
Кхоьллинарг Сильвер Адам
Мохк   АЦШ (29)
  Канада (1)
Слоган This is why we play
Чемпион(аш) Милуоки Бакс (2)
Максимум титулаш Бостон Селтикс , Лос-Анджелес Лейкерс (17)
Официалан сайт
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Къо?ман баскетбо?лан ассоциа?ци , КъБА ( инг.   National Basketball Association, NBA ) ? Къилбаседа Америкин ( АЦШ а, Канадин а) божарийн профессионалан баскетболан лига. Йукъайоьду Къилбаседа Америкин коьрта йиъ профессионалан спортан лигашна КъХЛ , МЛБ , КъФЛ [1] . Кхоьллина 1946 шарахь Америкин Баскетболан ассоциаци а, Къоман баскетболан лига а цхьаьнатоьхна.

2004 шарахь дуьйна Ассоциацин йукъа йог?у 30 команда, уьш йекъна географин хьесапца Малхбален а, Малхбузан а конференцешка, ткъа х?ора конференци, шен рог?ехь, йекъна кхаа дивизионан пхиппа команда. Рог?ера шеран дохаллехь х?ора команда ловзу 82 матчехь, оцунан жам?ашца хоржу плей-оффан декъахой. Плей-оффехь командаш ловзу олимпийн системица, шен конференцехь 4 толам баккхалц. Конференцийн ши чемпион ловзу коьртачу финалехь, цигахь билгалйолу КъБА чемпионан ц?е лелориг.

2010 шарахь КъБА пайда хилира 3,8 миллиард доллар, харж хилира 3,6 миллиард сов доллар, шарахь операцин са хилира 183 миллион доллар, ткъа пайделлин гайтам ? 4,8 % [2] . Ловзархочун алапан йуккъера барам 2010 шарахь хилира 4,8 миллион доллар шарахь ? дуьненара муьлхха а спортан лигехьчулла алсама [3] . КъБА Коьрта офис йу Нью-Йоркера Пхоьалг?а авенюра Олимпик-тауэран 19 г?ат т?ехь [4] .

Хьалхара истори [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Нейсмит Джеймса ловзаран концепци йина масех шо даьлча, 1891 шеран ?ай [5] йукъадовла дуьйладелира шортта, йуьхьанца меттигера, баскетболан лиганаш кхолларх керланаш [6] . Оцу лиганийн базанаш йара АЦШ малхбален бердйистан йаккхийчу г?аланашкахь: Филадельфехь , Бостонехь , Нью-Йоркехь . 1896 шеран 7 ноябрехь хилира исторехь хьалхара баскетболан профессионалан матч: Нью-Джерси штатан, Трентон г?алахь, меттигера Кегийрачу Нехан Христианийн Ассоциацин команда левзира ишттачу кхолламера Бруклинера командица; чоьнах мах балархьама хьожучаьргара билгала мах баккха бийзира чубог?уш. Матч хиллачу килсан чоьнан аренда йеллачул т?аьхьа, дисина ахча дийкъира ловзархоша шайна йукъахь; жам?ехь х?оранна царна кхечира 15 доллар. Купер Фредан, капитан хиларна, кхечира 16 доллар, цунах цхьана ханна хилира исторехь уггаре алсама алапа долу баскетболхо. Трентонан Команда туьйлира 16-1 чоьтаца [7] [8] .

Хьалхара профессионалийн лига йукъайелира 1898 шарахь, цуо цхьаьнатуьйхира Пенсильванера а, Нью-Джерсера а 6 команда. Къоман баскетболан лига цхьаъ хилла ца ?ара ишттачу кхолламех, амма шен конкурентех къаьсташ, шен йуьхьанцара кепехь иза лаьттира 5 шарахь: оцу хенахь командаш сих-сиха цхьаьна лигера кхечунна дехьайуьйлура, дукха хьолехь иштта лиганаш масех к?ирне бен ца йовлура [8] [9] .

Берриг махкахь г?арайаьлла дуьххьарлерчарех цхьа профессионалан баскетболан команда хилира ≪ Ориджинал Селтикс ≫ (цхьан уьйр йац х?инцалера ≪ Бостон Селтиксца ≫), иза кхоьллинера 1914 шарахь, йуха йира Хьалхара дуьненан т?ом чекхбаьлча. ≪Селтикс≫ ч?ог?а онда йара, иза кхерстара цхьаьна лигера кхечу лиге шега кхочуш мостаг? ца карош, т?аккха йуьтура турнир конкуренци ца хиларна, уьш хилира керла х?ума йукъадаьккхинар, бира зонин дуьхьало кхетам, дуьххьара ловзархошца контракташ йукъадехира [10] . Бендер Лу (ингалс.) седа бара оцу командин [11] . Баскетбол йаржош к?езиг ?аткъам ца бина ≪ Гарлем Глобтроттерс ≫ командо, иза йиллира 1927 шарахь Саперштейн Эйба (ингалс.) [12] .

XX б?ешо долалуш баскетбол футбол а, хоккей а санна г?арайаьлла йацара, амма 1920-г?а шерашна йуккъехь г?арайала йолайелира [13] . 1925 шарахь КъФЛ президенто Карр Джозефа (ингалс.) йиллира Америкин баскетболан лига (ингалс.) , иштта дуьххьара г?оьртира мехкан уггаре дика командаш цхьаьнатоха, т?аккха формалан, 1933 шерал т?аьхьаМалхбален бердйистан лига санна иза йехира 1955 шо кхаччалц [14] .

КъБА йар а, цуьнан хьалхара некъий а [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Команда-некъий ? масех шеран дохаллехь шен спортан тайпанехь коьртехь лаьттина команда

АБЛна а, 1937 шарахь йухакхоьллина КъБЛна а, 1938 шарахь кхоьллина студентийн спортан лигина ССКъА йукъара конкуренци [14] , лаьттира т?ом болуш а, иза д?абаьлча а, 1946 шеран 6 июнехь АБА йукъайаллалц [15] . АБА, муьлхха а кхечу лигел доккхачу декъехь, х?инцалера КъБАн бух хилира. Шортта финансийн хьал долу лига кхоллархоша, масала, коьртехь президент Подолоф Морис волу, йаккхий хоккейн аренийн долахоша, баскетбол санна т?аьхье йолу а, сиха кхуьу а спорт дехьайаккха акцент йора мехкан йаккхий аренашна т?е, масала ≪ Бостон-гарден ≫ а, ≪ Медисон-сквер-гарден ≫ а т?е [16] .

Арахьара видеофайлаш
КъБА (АБА) исторехь дуьххьара чукхоьссина буьрка
Ossie Schectman scores the first point in the NBA

Дуьххьарлера цхьаьнакхетар хилира Торонтохь Мэйпл Лиф-гарденс ≫ чохь, цигахь меттигера ≪Хаскизо≫ т?еийцира Нью-Йоркера ≪Никербокерс≫ [16] . Иштта, лигашна йукъара коьрта къастам бара, КъБЛ клубашна йукъахь мехкан коьрта ловзархой бара, амма АБА матчаш д?ахьора йаккхий стадионашна т?аьхьх, лакхара жам?аш ца гайтахь а, дукхаха дерг 24 секундан бакъо ца лелайарна [17] . Нагахь дебютан шарахь АБА чемпион коьртехь лидер Фулкс Джо волу, йуьхьанца дуьйна керла лигин йина ≪Филадельфия Уорриорз≫ команда хиллехь, 1948-г?а а, 1949 г?а шерашкахь толам баьккхина ≪Балтимор Буллетс≫ а, ≪Миннеаполис Лейкерс≫ хьеший бара луларчу лигашкара (АБЛ а, КъБЛ а йукъара) [18] [19] .

1949 шеран 3 августехь цхьаьнакхийтира КъБЛ а, АБА а долахой, цигахь куьг йаздира ши лига вовшахтохаран бертан, царех йира цхьа лига Къоман баскетболан ассоциаци, цунна йукъа йуьхьанца йахара 17 команда ? 3 дивизион 5 йа 6 команд х?ора дивизионехь [20] . 1950 шарахь 6 команда йукъара йелира КъБАн, ткъа 1954 шарахь командийн барам лаг?белира 8-на т?екхаччалц, и йерриге барх? тахана а йолуш йу: ≪Никс≫, ≪Селтикс≫, ≪Уорриорз≫, ≪Лейкерс≫, ≪Ройалз≫ / ≪Кингз≫ , ≪Нэшионалз≫ / ≪Севенти Сиксерз≫ , ≪Пистонс≫ , ≪Хокс≫ [21] .

Джордж Майкен (аьтту аг?ора) Де Полан Университет йукъахь ловзучу хенахь

Хьажа иштта [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Лиганаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Испискаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Кхин т?е [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Билгалдахарш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Комментареш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Хьосташ [ нисйе б?аьра | нисйе ]

  1. Darren Everson. The Four Sports Commissioners Weigh In . The Wall Street Journal (7 мая 2009). Т?екхочу дата: 2011 шеран 11 октябрь. Архивйина 2012 шеран 23 январехь
  2. NATE SILVER. Calling Foul on N.B.A.’s Claims of Financial Distress   (инг.) . NY Times (5 июля 2011). Т?екхочу дата: 2011 шеран 4 октябрь. Архивйина 2012 шеран 23 январехь
  3. NBA leads in highest average salary   (инг.) . foxsports.com (22 апреля 2011). Т?екхочу дата: 2011 шеран 24 июль. Архивйина 2012 шеран 23 январехь
  4. What is the address to the NBA league office? NBA.com. Т?екхочу дата: 2011 шеран 12 октябрь. Архивйина 2012 шеран 23 январехь
  5. James Naismith . Basketball Hall of Fame. Т?екхочу дата: 2011 шеран 11 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 23 январехь Архивйина 2009-08-07 ? Wayback Machine
  6. David L. Porter. Biographical dictionary of American sports: 1992-1995 supplement for baseball, football, basketball, and other sports . ? Greenwood Publishing Group, 1995. ? P.  1 ?3. ? 811 p. ? ISBN 0313284318 .
  7. Brad Herzog. Hoopmania: The Book of Basketball History and Trivia. ? The Rosen Publishing Group, 2002. ? P. 16. ? 176 p. ? ISBN 082393697X .
  8. 1 2 John Grasso. Historical Dictionary of Basketball. ? Scarecrow Press, 2010. ? P. 6?7. ? 497 p. ? ISBN 081086763X .
  9. Charles Rosen. The first tip-off: the incredible story of the birth of the NBA . ? McGraw-Hill Professional, 2008. ? P.  11 . ? 244 p. ? ISBN 0071487859 .
  10. Naismith Memorial Basketball Hall of Hame. Original Celtics   (инг.) . hoophall.com. Т?екхочу дата: 2011 шеран 24 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 23 январехь Архивйина 2012-02-14 ? Wayback Machine
  11. Vincent M. Mallozzi. Lou Bender, Columbia Star Who Helped Popularize Basketball in New York, Dies at 99   (инг.) . New York Times (12 сентября 2009). Т?екхочу дата: 2011 шеран 24 июль. Архивйина 2012 шеран 23 январехь
  12. HARLEM GLOBETROTTERS HISTORICAL TIMELINE   (инг.) . Official Site of the Harlem Globetrotters. Т?екхочу дата: 2011 шеран 24 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 23 январехь Архивйина 2012-01-10 ? Wayback Machine
  13. Kathleen Morgan Drowne, Patrick Huber. The 1920's . ? Greenwood Publishing Group, 2004. ? P.  163 ?164. ? 331 p. ? ISBN 0313320136 .
  14. 1 2 John Grasso. Historical Dictionary of Basketball. ? Scarecrow Press, 2010. ? P. 32. ? 497 p. ? ISBN 081086763X .
  15. John Grasso. Historical Dictionary of Basketball. ? Chronology XVII: Scarecrow Press, 2010. ? 497 p. ? ISBN 081086763X .
  16. 1 2 Murry R. Nelson. The National Basketball League : a history, 1935?1949. ? P. 160. ? 284 p. ? ISBN 978-0-7864-4006-1 .
  17. History of the Shot Clock (22 октября 2001). Т?екхочу дата: 2011 шеран 29 октябрь. Архивйина 10 февраля 2009
  18. John Steadman. '48 Bullets had nothing -- except championship   (инг.) (22 февраля 1998). Т?екхочу дата: 2011 шеран 24 июль. Архивйина 2012 шеран 23 январехь Архивйина 2014-10-28 ? Wayback Machine
  19. 1948-49 Minneapolis Lakers Roster and Statistics   (инг.) . basketball-reference.com. Т?екхочу дата: 2011 шеран 24 июль. Архивйина 2012 шеран 23 январехь
  20. Гомельский В. А. Истоки // НБА / Под ред. А. Осокина. ? М .: Городец, 2006. ? 224 с. ? ISBN 9785958401659 .
  21. John Grasso. Historical Dictionary of Basketball. ? Scarecrow Press, 2010. ? P. 252. ? 497 p. ? ISBN 081086763X .
Цитатийн г?алат: Тег <ref> ≪referee≫ ц?арца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.

Хьажоргаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]