한국   대만   중국   일본 
Г?опалла ? Википеди Чулацаман т?ег?о

Г?опалла

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди


Г?о?палла ? ахархошна шайн лаьттан декъа т?иера ?едалан пурба доцуш д?абаха ца магош долу закон (аьлчи а ахархой латтан т?етасар; бевддарш нуьцкъала йухаберзабо), феодалан административан а, суьдан а ?едал когаметтачун д?алуш, латта дита а, иэца а ахархойн бакъонаш д?айохуш, наггахь латта доцу ахархой д?атаса а мега закон.

Малхбузан Европера г?опаллин бакъо [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Ахархой бозуш хиларан йисттера кепаш тулг?енаца чекхйовлу Европин малхбуза йисттера, малхбале кхаччалц. Г?опаллин бакъо яр нисло йукъараллин-политикин йукъаметтигаш кхиаран цхьа билгалчу муьрехь. Европин тайп-тайпана регионаш кхиар тайп-тайпана хенашкахь хиларна (дозуш хилла климатах , адаман барамех, йохк-иэцаран некъаш аьттонца хиларх, арахьарчу кхерамех), г?опаллин бакъо цхьаьна европин пачхьалкхашкахь ? юккъера б?ешерийн историн атрибут йу, ткъа кхечанхьа иза лаьттира керлачу замане кхаччалц.

Дукхах йолчу яккхийчу европин пачхьалкхашкахь г?опалла гучуйолу IX - X б?ешерашкахь ( Ингалс , Франци , малхбуза Германи ), кхечеран гучуйолу гуттар т?аьхьа, XVI - XVII б?ешерашкахь (къилбаседа-малхбален Германи, Дани , Австрин малхбален регионаш). Ерриг г?опалла д?айолу дукхах дерг юккъера б?ешерашкахь (малхбузан Германи, Ингалс, Франци), ткъа дикка лаьтта XIX б?ешо кхаччалц ( Германи , Польша , Австро-Мажаройчоь , Росси ). Цхьайолчу пачхьалкхашкахь ахархой мукъабахаран процесс цхьаьна йоьду дуьззина (Ингалс), йа дакъошкахь латташ цатоарца (къилбаседа-малхбален Германи, Дани ), ткъа иза хуьлу возуш хидларан цхьа кеп кхечунца хийцар; кхечу пачхьалкхашкахь мукъабахар латташ цатоарца муххале а дац, цигахь т?екхета, кхуьу жима ахархойн бахам (Франци, Германин малхбузан дакъа а).

Ингалс [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Ингалссаксонийн муьрехь йолаелла феодализацин процессо, т?аьхь-т?аьхьа хьалха парг?ата хилла ахархой-йукъараллашъерг ( керлаш ), шайн долахь йукъара латтанаш а, долара дакъош а ( фолклендаш а, боклендаш а) долуш болу, г?опаллин нах бира, уьш долахь болчара ( инг.   hlaford ) царна шайна луъу ясакх тухура.

Процесс меллаша йоьдура, амма VII ? VIII б?ешерашкахь хаалуш дара парг?ата нах мел к?езиг бу. Оцунна аьтту бора т?екхеташ долу кегийрачу ахархойн декхарш, церан дийзира г?о лаха ондачу нахера. Х а, XI б?ешерашкахь доккхаха долу керлийн дакъа дозуш хилира. Ден патронат хила декхарехь хилира; да вуьззина эла хилира куьйга к?еларчу бахархойн. Цуьнан ахархошна т?ехь йолу суьдан бакъонаш шоръелира; цунна т?едиллина дара полицейскин декхар а.

≪Керл≫ дош сих-сиха хийца долийра вилланца (г?опаллерниг). ≪ Къиза суьдан жайна ≫ х?оттош ахархошна йукъахь цхьа мог?а т?ег?анаш йара. Уггаре лахара т?ег?анахь лаьттара манорийн вилланаш ( инг.   villein ); вериг аьлча санна возаш ву лордах, билгала йац ял, цхьаерш йоцург, паччахьаллин йукъара суьдаш ларъеш йац ? иштта хьал дара оцу классан. Ведда г?опаллерниг цхьа шой цхьа бутт балале йухаверзо йиш йара. Г?опаллерниш декхарехь бара сеньоран дерриг шарахь болхбан, к?иран йукъахь 2?5 дийнахь, белхан хена аренашка балха бахка доьзалшца йа церан меттана лаьцна белхалошца.

Тожан латташ т?ехь болу дукхаха болу ахархоша, кхин а леладора латта вилланан бакъонехь ( инг.   in villenage ), маьхаза вецара , кхин ял а лора. Амма сурсатан-ахчан йукъаметтигаш кхиаро аьтту бира вилланаш г?опаллех мукъабаха.

Г?опаллин бакъо йохош ладаме ?аткъам бира Уот Тайлеран г?аттамо. XIV б?ешарахь ерриг аьлча санна Ингалсехь мукъабехира ахархой доларчу г?опаллера, хийцира иза латтанчунца. Маьхаза вацар хийцира ахчанца болхбаре, йолан барам х?оттийра, ткъа вилланан латтор аратеттира копигольда , цуо хаъал дукха гарантеш лора ахархошна.

Гуобар [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Г?опаллернаш мукъабахарца цхьаьна кхуьура ингалсийн ахархошкара шайн дакъош схьадахаран процесс. XV б?ешеран хьалхарчу декъехь дуьйна латталелоран т?иера байдан бахам т?евалар ч?ог?а пайден хилира, капиталаш уьстаг?ий лело, оханийн чоьтех байданаш шоръяре хьажо долийра. Дукха латташ долчара к?езиг латта долу ахархой аратетта болийра. Бехкамаш х?иттабо йа йуьртан бахархойн йукъара латташ лелоран бакъонаш д?айоху, уьш дукха латташ долчеран карадоьду. XVI б?ешарахь шуьйра даьржира байданашна гуобар , цунна ч?ог?а г?олецира суьдаш а, пачхьалкхан администрацеш а. Иштта, 1488 шеран законашкхолларан акташкахь го, хьалха 200 ахархо ваьхначохь, висина 2?4 жа?у.

Ахархойн латтан йукъаметтигаш хийцаран процесс чекхъелира XVI б?ешарахь : ахархойн лаьттаца йолу уьйр хадийра. Хьалха ахархоша леладора феодалийн бакъон т?ехь латтош долу шайн латта; х?инца уьш дукхахберш лаьхкира шайн дакъош т?иера, йукъарчу латтанийн бакъонаш д?аевлира. Царех доккхаха долу декъана йуьртабахаман алапах болх бен белхалой хила бийзира. Цуьнца цхьаьна кхуьура маьрша ахархойн бахам ч?аг?баларан процесс, иза капиталистийн гуран чуюллуш йара, оцу г?уллакхо кхоьллира дикка чкъор хьалдолу ахархойн-арендаторийн ( йоменийн ).

Испани [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Испанехь г?опаллин бакъо яржар чолхе дара. Астурехь , Леонехь, Кастилехь сервитаж цкъа а йукъара ца хилла: X б?ешарахь дуьйна дукхаха болчу Леонан а, Кастилин а латтанаш бахархойн парг?ата латталерхойн классан долахь дара ? уьш сервех къаьсташ билламе дакъанаш лелош бара шайн долара бакъонаш а йолуш [1] . Амма оцу чкъоьран (хуньорес, йа соларьегос) юрисдикцин статус къаьсташ йу шен билгало ца хиларца, оцо хьашто йора кастилийн паччахьашна церан бакъонаш ч?аг?ъян, уьш сеньорийн ?аткъамах ларбархьама: иштта, Альфонсо X -г?ачо XIII б?ешарахь шен омрехь кхайкхийра соларьегон бакъо йу мичча хенахь а шен дакъа дита, шена дита бакъо йлцуш делахь а; Альфонсо XI Нийсачо цул т?аьхьарчу б?ешарахь ца магадора долахь латта долчарна латта лелочаьргара а, церан доьзалшкара а, нагахь х?оттийна бараман рицкъ цуо феодалан луш делахь [2] . Т?аьххьара Кастилийн тажан латтанаш т?иера ахархой мукъабахар хилира XIV б?ешеран хьалхарчу декъехь, т?аккха а цхьацца к?ошташкахь и процесс ехуо хила а тарлора, ткъа цхьацца хенашкахь (амма законан дуьхьала долу) сеньораш зулам лело а магара т?аьхьуо [3] .

Арагонехь а, Каталонехь а г?опаллин бакъо хаъал хала йара, французийчуьнца юста мегар долуш, цунна ?аткъам беш франкаш бара [4] . XV б?ешарахь Каталонехь онда халкъан г?аттаман жам? хилира паччахьо Фердинанда Гвадалупан 1486 шеран сентенцин куьг яздар, цуо хадийна д?аехираерриг Испанехь феодале ахархой бозуш хиларан [5] .

Нидерландаш [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Нидерландашкахь г?опаллин бакъо системица лаьттара Т?аьхьара Юккъераб?ешераш кхаччалц. Дукхаха болчу мехкан декъа т?ехь ахархошна парг?ато елира 1500-г?а шерашкахь, амма цхьацца меттигашкахь, масала, малхбален провинцешкахь Дренте , Оверэйссел , Гелдерланд серважан хадийна кепаш латтира [[Батаван республика|революцийн Францис схьабаьккхина мохк [6] . Преимущественно этими последними очагами крепостничества были изолированные поселения, нередкие для восточной части страны, чье местоположение затрудняло включение их в правовую систему Республики Соединенных провинций и консервировало в них сеньориальную власть [7] .

Йуккъера Европин г?опаллин бакъо [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Йуккъерачу б?ешерийн хьалхарчу декъехь кхоллаелла, г?опаллин бакъо Юккъера а, Малхбален а Европехь дукха хенан хуьлу йуьртабахаман социалан йукъаметтигийн ладаме дакъа. Цхьаммо къуьйсуш доцу политикин, ца-саццош ахархой бацон ?алашо йолу, элийн олалло, диллар дира ≪ шолг?а йина г?опалла ≫ йаржо Малхбален Германехь, Балтикайистехь , Польшехь , Чехехь , Мажаройчохь .

Малхбален (Эльбан дехьара) Германехь г?опаллин бакъо йуьззина йаьржира Ткъе итт шеран т?амехь 1618 ? 1648 шерашкахь , уггаре хала хьал х?оьттира Мекленбургехь , Померанехь , Малхбален Пруссехь .

Шун х?умма а йац, са Делан ду, ткъа шун дог?маш, бахам, йерриг шу йерг, сан йу.

? Из помещичьего устава, определяющего повинности крестьян, Шлезвиг-Гольштейн , 1740 год

XIV б?ешеран йуккъера дуьйна х?оттайолаелла г?опаллин бакъонийн нормаш, йукъайахара 1496 шеран Петрковски статутан . Г?опаллин бакъо йаьржира оцу мехкашкахь алсама болчу ахархошна т?ехь. Цуьнца дезара дуккха а деношкахь (к?ирнах 6 де) маьхаза болх бан, д?айоккхура ахархойн дукхаха йолу долара х?уман а, гражданийн а, шен а бакъонаш, латтанаш к?еззиг бен ца дуьтуш йа цхьаьна декъана дерриг д?адоккхуш цхьан а бакъо йоцу лайш бира царах йа цхьаьна хенан латтан дай бира.

Габсбургийн имперехь 1848 шеран ахархойн хийцамаш кхайкхийра, Фердинанд ?-чо 1848 шеран 17 апрелехь арахецначу законаца, ≪шира латтанаш≫ ахархойн долахь хилар, цуьнца 1848 шеран 15 майхь дуьйна д?айохура Галици паччахьаллехь ахархойн ясакхаш, ткъа 1848 шеран 7 сентябран законашца ? Австрин имперехь а. [8]

Къилбаседа Европера г?опаллин бакъо [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Швецехь а, Норвегехь а г?опаллин бакъо ца нисъелира. [9]

Юккъерачу б?ешерийн Данин ахархойн хьал Германехь долчух тера дог?ура.

XV б?ешо чекхдолуш дуьйна а дерриг латтанах 20 % ахархойн долахь дара. Олалла а, динан г?уллакххой ч?аг?балар ахархойн хьал хийцадаларан йуьхьиг хилира. XVI б?ешо кхачале билгала йолу, царна луш йолу ясакх т?екхеташ йара; доладелира долахь латта долу ахархойх ницкъала арендатораш бар.

Йуьртабахамах оьцу пайда сов мел бели, бепигана, даьхнийн а хьашт т?е мел кхийти элий-мехкадай шайн латташ шордан буьйлабелира ахархойн керташ д?а а йохуш. Элан маьхаза болх бар, XIV ? XV б?ешерашкахь шарахь 8 дийнал сов ца долура, т?етуху денош мехкаден ма-лаъара; ахархой д?а ца бохуьйту мехкаден пурба доцуш. XVI б?ешарахь ахархойн цхьаьна декъах г?опаллехь хуьлу.

Фредерик I -ра волуш г?опаллера ахархой сих-сиха бохка болабо латта а доцуш, даьхний санна ? коьртаниг Зеланде . 1660 шарахь г?алахоша йаьккхинчу революцил т?аьхьа, ахархойн хьал кхин а телхира. Оцу хене кхаччалц хилларг зуламдар хиллехь, ткъа х?инца Христиан V -г?ачо арахецна законийн кодекс т?едаьккхира. Мехкадайх хилира ?едалан агенташ налогаш схьаяхарехь а, салтий баларехь а. Церан полицин-низаман ?едал ч?аг?дира вовшийн г?олацарца . Кхин а ч?аг?йинчу налогех ахархой уьдура, бевддачеран налогаш бисинчарна т?ейоькъура. Ахархойн г?аддайира ницкъалчу белхаша а, налогаша а; къелуш бара берриг мохк. 1791 , 1793 , 1795 , 1799 шерашкарчу законашца доза туьйхира барщинан ; цул т?аьхьа и барщина мехах схьа а эцна, иза ахчанца хуьйцуш низам х?оттийра. Зеландехь барщина лаьттира 1848 шо кхаччалц. 1850 шеран законаца ахархошна бакъо елира барщина мехах схьаэца, т?аккха иза орамца д?аелира.

Малхбален Европера г?опаллин бакъо [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Киевн Русехь а, Новгородан республикехь а латта ахар лайшан ( смерд , закуп , холоп ) т?ехь дара. Оьрсийн бакъонца смердаш йуьхьанца (хьаькна-ягоран муьран латта лелор) маьрша ахархой хилла, церан шайн лай а хилла, царна кхел эло еш хилла. Церан латтан дакъош хилла, дегара к?енте а луш (нагахь к?ант вацахь латта элан дуьсуш хилла). Т?аьхьа, доьд-доьдуш латташ карадахна феодалийн, царна йукъахь килсанаш а йу, смердийн маршо йов. Новгородан республикехь дукхаха болу смердаш Велики Новгородан латта леладора, х?етте а хьехош элийн а, епископийн а, килсан а смердаш бу.

Оьрсийн пачхьалкхехь XV а, XVI а б?ешераш хийцалуш х?оьттира меттин система . Сийлахь эло д?алуш хилла шен меттиг латта г?уллакхан нахана , иза бахьнехь иза декхарийлахь хилла т?еман г?уллакх дан. Меттиган элин эскар лелош хилла Литван , Ливонин , Казанан ханаллин , Речь Посполитин , Швецин дуьхьала цасоццуш долчу т?емашкахь а, г?ирман а, ног?ийн а т?елетарех дозанера мехкаш лардархьама: иттаннаш эзарш элий кхойкхура х?ора шарахь ≪берда т?е≫ ( Ока а, Угра а эркаш) а, дозанера г?уллакхе а.

Ахархо ша маьрша а волуш, меттиган деца барт бой лаьттан дакъа лелош хилла. Цуьнан бакъо хилла д?аваха а, ца ваха а; аьлчи а латтан дех д?аваха. Лаьттан ден бакъо ца хилла ахархо лаьтта т?иера эккхо ялта хьокхучу хенахь, ахархочун бакъо ца хилла шен дакъа дита, лаьттан ден декхар ялта чугулдинчул т?аьхьа д?а ца луш. Иван III суьдан жайно х?оттийна ахархой д?абахаран цхьа хан, шинне аг?оне вовшешца чот ян лур йолуш. Иза ши к?ира хилла Юрин денна (26 ноябрь) хьалхара а, т?аьхьара а.

Маьрша стаг ахархо хуьлуш хилла цуо нох декъа т?е доккхушшехь (аьлчи а волалуш хилла латта лелорехь пачхьалкхан декхар кхочуш дан), ахархо волчура д?аволуш хилла латта а дитина, кхин болх болийча.

Пхеа шарахь лахаран Омаро 24 ноябрехь  ( 4 декабрехь 1597 а д?адоккхуш ца хилла ахархо ≪д?авахар≫ (латтан дех д?аваха), ахархой латах боьхкуш ца хилла. Оцу акто билгалдоккхуш хилла ведда ахархо йухаверзор хьалхалерачу лаьттан дена, нагахь д?авахар нисделлехь пхеа шарахь 1  ( 11 ) сентябрехь  1597 кхачале. Омаро шайн лаьттан дай Юрийн де а доцуш, декхар д?а а ца луш д?абахана буьйцу ахархой буьцу. Амма, дешаран говза ца хиларна йа хьал г?о хиларна сих-сиха йохайора "Юрийн дийнан" бакъо.

Паччахь Алексей Михайлович волуш 1649 шарахь Гуламан сацамо боьхку ахархой латтах гуттаренна а (ахархо д?аваха йиш ца хилар), лаьттан ден ч?аг?о а ло (лаьттан ден шен латта т?ехь волчу ахархочун т?ехь ?едал хилар).

Амма, Гуламан сацамо бакъо ца ло лаьттан дена ахархо вен а, лаьттан дакъа доцуш вита а. Бакъо ло ахархо цхьаьна дегара кхечунга д?авала а, амма ахархо йуха лаьтта т?е хао веза, бала беза дахарехь оьшу бахам.

1741 шарахь латтан дайн ахархой бай?атах мукъа боху, г?опалле эгна ахархойн дола бахаран монополизаци олаллин карайоьду, г?опаллин бакъо йаьржа массо а доларчу ахархойн т?ег?анашна; XVIII б?ешеран 2-г?а дакъа ? Россера г?опаллин бакъо ч?аг?ъяре хьажийна пачхьалкхан законаш кхоллар кхиаран чеккхенгара мур.

Амма мехкан доккхаха долчу декъехь, оьрсийн Къилбаседехь , Уралан регионан доккхаха долчу декъехь, Сибрехахь (цигахь йуьртан бахархойн коьрта масса йара ?аьржанохь долу ахархойх , т?аккха пачхьалкхан ахархой ), къилба г?азакхийн областашкахь г?опаллин бакъо ца йаьржира.

Россехь ахархой г?опалле бохкаран хронологи [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Россехь ахархой г?опалле бохкаран йоцца хронологи иштта ган мегар ду:

  1. 1497 шо ? цхьаьна латтан дегара кхечунга дехьаваларан бакъон бехкамаш йукъабахар ? Юрийн де .
  2. 1581 шо ? Цхьацца шерашкахь ахархой д?абаха ца магадар ? ≪ дихкина шераш ≫.
  3. 1590-г?а шераш ? Дуьззина Юрийн де д?адаккхар.
  4. 1597 шо ? Лаьттан ден ведда ахархо 5 шарахь лаха, иза ден йухаверзо бакъо ? ≪ ?амолийн шераш ≫.
  5. 1637 шо ? Ведда ахархо лахаран хан т?етоьхна 9 шаре кхаччалц.
  6. 1644 шо ? Ведда ахархо лахаран хан т?етоьхна 10 шаре кхаччалц, ткъа нуьцкъала кхечу лаьттан дайша арабаьхнарш ? 15 шо кхаччалц.
  7. 1649 шо ? 1649 шеран гуламан сацамо д?адаьхна ?амолийн шераш, иштта ч?аг?дина бевдда ахархой лахаран хан д?аяккхар. Цу т?е х?оттадора декхар къайлавоккху лаьттан дас мах бала безара шен воцу ахархочун къинхьегам лелабарна.
  8. 1718 ? 1724 шераш ? ял яларан хийцамаш , чеккхенца бихкира ахархой латтах.
  9. 1747 шо ? Лаьттан дена бакъо елира шен г?опаллернаш бохка помещику салтий бан муьлххачунна а.
  10. 1760 шо ? Лаьттан дена бакъо елира ахархой Сибреха бахийта.
  11. 1765 шо ? Лаьттан дена бакъо елира ахархой Сибреха бахийтина ца ?аш, уьш каторган белхашка хьажо а.
  12. 1767 шо ? Ахархошна дихкира шен латтан дена император-аьзнига йа императоре арз дан.
  13. 1783 шо ? Аьрру бердан Украинехь г?опаллин бакъо меттах?оттор.

Россера г?опаллин бакъо д?аяккхар [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Российн боккхаха болчу мехкан декъа т?ехь к?езиг бара г?опаллийн нах (амма г?опаллин бакъо йара ? шен г?опаллин лайшца Сибреха веанчу латтан дас ца йойура оцу нахах шен луург дан шен бакъо долчу законашца): дерриг а сибрехан, азин, генара малхбален губернешкахь а, областашкахь а, г?азакхийн областашкахь а, Кавказехь а, Финляндехь а, Аляскехь а. Г?опаллин бакъо д?аяккха кечвеллера Александр I . 1816?1819 шерашкахь г?опаллин бакъо д?а а йаьккхина, кхин йукъа ца йаьккхина губернеш хилира Курлянди, Лифлянди, Эстлянди. Амма цул т?аьхьа и болх сацийра 42 шеран.

1861 шарахь Россехь йира реформа, цуьнца д?айаьккхира г?опаллин бакъо. Реформан коьрта бахьна хилира г?опаллин системан къоьлла. Цул сов, ССРС историкаш г?опаллин ахархоша болх ледар бар бахьна лору. Экономикин бахьнехь туху иштта дуладелла революцин хьал, оцу хьоло ахархойн чкъор бахаман реза ца хиларна ахархойн т?еме буьгура. Ч?аг?белла Г?ирман т?ом бахьнехь, ахархой реза ца хиларан хьолехь, правительствон коьртехь Александр II -г?аниг волуш бахара г?опаллин бакъо д?аяккхаран новкъа.

ССРСн колхозан политикин резабоцучара ≪г?опаллин бакъо≫ термин лелор [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Наггахь ≪ахархой латта т?ебехкаран≫ [10] [11] [12] а, ≪г?опаллин бакъо≫ [13] [14] а терминаш лелайо Сталинан урхалла долчу Российн колхозан системин (дуьххьара, схьагарехь, иза дина аьтту коммунистийн коьртех цхьаъ волчу Бухарина 1928 шарахь), цуо дуьйцург XX б?ешеран 30-г?а шерашкахь йукъадаьккхина ахархой маьрша д?асалела цабитар дара, ткъа иштта сурсаташ латтор т?едиллар (ша тайпана ≪ ясакх ≫) дара колхозашна , болхбар дара пачхьалкхан латта т?ехь (ша кепара ≪элан вацар≫) совхозашкахь .

Мехкашкахула г?опаллех бозуш хилар д?адаккхаран официалан терхьаш [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Г?опаллин бакъо официалан сацор, даиман а ца хуьлу иза боккхъала а д?аяккхар, цул сов ахархойн дахаран хьолаш тодар муххале а

Хьажа кхин а [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Литература [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Билгалдахарш [ б?аьра нисйан | нисйан ]

  1. Рафаэль Альтамира-и-Кревеа. История Испании. Класс сервов, или рабов
  2. Encyclopaedia Britannica. Disappearance of Serfdom
  3. Рафаэль Альтамира-и-Кревеа. История Испании. Освобождение класса крепостных
  4. Peter Pierson. The History of Spain. Greenwood Publishing Group, 1999. P. 37.
  5. Рафаэль Альтамира-и-Кревеа. История Испании. ≪Гвадалупская сентенция≫ и её последствия
  6. Dutch term ? Horige
  7. The History of Northwestern Europe > Villages and Serfdom 800 ? 1300
  8. Тимочко Н. О. Економ?чна ?стор?я Укра?ни: Навч. пос?б. ? К.: КНЕУ, 2005. ? 204 с. ISBN 966-574-759-2
  9. Игвар Андерсон. История Швеции. Москва, 1951 год, Издательство иностранной литературы.
  10. Головатенко А. И. История России: спорные проблемы: пособие для поступающих на гуманитарные факультеты. ? М: Школа-Пресс, 1994. (под эгидой Федеральной целевой программы книгоиздания России) ISBN 5-88527-028-7
  11. Борисов Н. С., Левандовский А. А., Щетинов Ю. А. Ключ к истории Отечества: Пособие для абитуриентов. ? М: Изд-во Моск. ун-та, 1995. (печатается по постановлению Редакционно-издательского совета Московского университета) ISBN 5-211-03338-8
  12. Горинов М. М., Горский А. А., Дайнес В. О. История России с древности до наших дней: Пособие для поступающих в ВУЗы. (рекомендовано к изданию Государственным комитетом Российской Федерации по высшему образованию; под эгидой Федеральной целевой программы книгоиздания России) ISBN 5-06-003281-7
  13. Романюк Ф. Мысли и воспоминания. Крепостное право в СССР Архивйина 2019-04-11 ? Wayback Machine
  14. Александров К. Второе крепостное право

Хьажоргаш [ б?аьра нисйан | нисйан ]