Антикоммунизм

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Америкин эскаро сецайо ≪ц?ечеран≫ г?еранаш ( Нью-Йорк Геральд , 1919)

Антикоммуни?зм ? коммунистийн ойланийн, идеологин, политикин боламийн, кхин а также уьш кхочушйен политикин институтийн йукъара мостаг?аллин идеологи [1] . Антикоммунизм билгалйаккхара билгала доцу дозанаш гучудуьйлу дуккха а тардинчу терминашкахь: антисоветизм , антисоциализм, антимарксизм , наггахь ≪ контрреволюционалла [1] .

Антикоммунизм сецош йолу идеологеш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Х?ун дахьа халкъана большевизмо.
К?айнгвардин плакат
Гитлеран Германин а, Японин а векалша ≪ Антикоминтернан пактан ≫ буха куьгйаздар. 1936 шеран 25 ноябрь

XX б?ешарахь антикоммунистийн идеологи, риторика йа практикин г?олоцу аг?онашна йукъахь йара:

  • Консерватизм
  • Либерализм
  • Неоконсерватизм (≪рейганизм≫) идеологи а, 1980-г?а шерашкара ≪капиталистийн революцин≫ болам а хьовсура коммунистийн партийн урхаллера ражашка коьрта мостаг?е санна. Рейган Рональдан администрацис ц?еххьана политика луьра йира ССРС аг?ора, йолийра массашкахь антикоммунистийн пропаганда, альянсаш йира политикин исламаца, ультрааьтту ницкъашца, партизанийн боламашца (≪ Рейганан доктрина ≫).
Т?аьхьа ≪Рейганан доктрина≫ ц?е йелла программин хьалхара мог?анаш, 1985 шеран февралехь охьадехкира АЦШ Конгрессе бинчу президентан ≪Махкара хьолех лаьцна≫ ц?е йолчу кхайкхамехь:

Вай тешам байа ца беза, шайн са а ца кхоош, Овх?анера Никарагуа кхаччалц, йерриг континенташна т?ехь, советийн агрессица дов латтош, вай динчу хенара дуьйна вайн йолу маршо ?алаш йан г?ертачеран. Маршо къуьйсучарна г?олацар шеш лардар ду.

Неоконсервативаторийн антикоммунизм къаьстара дуьхьала латтаран башха энергица а, луьраллица а. Коммунизмана дуьхьала х?оттайора ≪консервативан прогрессан≫ концепци ? экономикин неолиберализм, буржуазин социалан модернизаци, оьздангаллин популизм. Неоконсерваторийн тулг?енан г?арабевлла политикаш бара, масала Рейган Рональд, Тэтчер Маргарет , Штраус Франц Йозеф , Накасонэ Ясухиро , Фанфани Аминторе , Малруни Брайан , Фрейзер Малколм , Малдун Роберт .

Антикоммунизм сецош йолу идеологеш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Башха къегина антикоммунизмаца къастара, коьртехь Степан Бандера волу, украинийн националистийн болам. Украинийн националистийн кхолламо герзашца болу къовсам ССРС дуьхьала Украинин г?аттаман эскаран ницкъашца бина ца ?аш, кхин а шена т?елецира дуьненайукъара координацин болх а. Стецько Ярослав а, цуьнан зуда Ярослава а лаьттира Антибольшевикийн къаьмнийн блокан коьртехь.
  • Фашизманна а, национал-социализманна а шен мостаг? гуора мехкан чоьхьарчу коммунисташна йукъахь а, кхин ССРСан а, Коминтернан а ражашкахь ( гитлеран коалици Антикоминтернан пакт олу бартаца йихкина йара). Национал-социалистийн лидерша шайн пропагандехь цхьанамехала бо коммунистийн болам жуьгтийн ( жидобольшевизмаца ). Иштта Геббельс Йозефа 1936 шарахь кхайкхийра: ≪большевизм олуш йолчун, цхьан а йукъара х?ума дац вайн ?ойланаш йарах“ а, ?дуьнене хьежарх“ а. И кхин х?ума йу, жуьгташа кечйина, масала, патологин а, зуламан а ?овдаллин кеп санна, иза атта гучудоккхур ду, оццу жуьгташа лелош берш, г?ерта дуьненайукъара жуьгтийн дуьненан раж а х?оттийна, цуо куьйгак?ела далор ду дерриг къаьмнаш а, церан ?едал а, Европин цивилизацин къаьмнаш х?аллак дархьама≫ [2] .
  • Фалангизм ? шен специфика йолу испанин фашизма вариант. Кхоллайелла ультранационалистийн ламасталлех ( Хосе Антонио Примо де Ривера ) а, радикалан национал-синдикализмах ( Рамиро Ледесма Рамос ) а. Фалангизм тарйалийта ца оьшу консерваторийн-милитаризмаца а, клерикалан франкизмаца а; иза кхин а алсама радикалан а, популистийн а болам бу. Идеологин башхаллаш кхуллу испанхойн менталитетан акценташца. Йуьхьанца дуьйна аьрру синдикалистийн элементаш а, Рамос Ледесмин Советийн Российн цхьацца безамаш бйолушехь, испанин фаланга лаьттара йистера антикоммунизман позицешкахь.
  • Гарсиамесизм ? 1980-г?а шерашкара Боливера т?еман-зуламан урхалла. Бух бара т?еман хунтин гражданийн ультрааьтту кхолламашца а, зуламхой структурашца альянсехь. Президента Гарсиа Месас марксизм а, коммунизм а орамашца д?айаккхар шен ражан уггаре хьалхара ?алашо йу олура.

Польша [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Хьажа кхин а [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Билгалдахарш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Литература [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Хьажоргаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]