Ч?улга-Йурт

43°40′44″ къ. ш. 45°07′25″ м. д. H G Я O
Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Эвла
Ч?улга-Йурт
оьрс. Знаменское
Сурт
43°40′44″ къ. ш. 45°07′25″ м. д. H G Я O
Пачхьалкх Российн Федераци
Регион Нохчийчоь
Муниципалан к?ошт Теркан ?
Истори а, географи а
Йиллина 1808
Дуьххьара хьахор 1811
Хьалхара ц?ерш Эльдарова, Мундар-юрт [1]
Центран локхалла 94 [2] м
Климатан тайпа барамера континенталан
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 9620 [3]  стаг ( 2002 )
Къаьмнийн х?оттам нохчий , оьрсий
Динан х?оттам бусулбанаш, керстанаш
Официалан мотт Нохчийн мотт , оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7,87132 [2]
Поштан индексаш 366813, 366831
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО код 96216816001
sznamenskoe.ru
Картин т?ехь
ЧӀулга-Йурт картан тӀехь
ЧӀулга-Йурт
ЧӀулга-Йурт картан тӀехь
ЧӀулга-Йурт
ЧӀулга-Йурт картан тӀехь
ЧӀулга-Йурт

Ч?улга-Йурт [4] [5]  ? Нохчийчоьнан йурт, Теркан к?оштан центр [6] .

Кхузахь деха нохчийн тайпанаш: ?аларой , ц?онтарой , гендаргной , зандакъой , аьрсаной , чермой , чартой , энганой , арг?аной , айткхаьллой [7] .

Ч?улга-Йуртан Администраци
Теркан к?оштан Администраци

Географи

Йуьрт лаьтта Теркан аьтту берд т?ехь, Соьлжа-г?алан 99 километр генахь.

Ч?улга-Йуртара некъаш хадо меттиг

Уллора йарташ: къилбаседехь ? Ишоре г?ала, къилбаседа-малхбалехь ? Рубежни йурт, малхбузехь ? Бена-Йурт а, ?елин-Йурт а, малхбалехь ? Чернокозово йурт, къилба-малхбалехь ? Новр-Г?ала , Алпату , Лакха-Невре , Лаха-Невре йарташ, къилба-малхбузехь ? Ломаз-Йурт [8] .

Микротопонимаш

Йуьртахь билгалъйаьхна лахара микротопонимаш .

"Зима шу" - Теркан дукъан хьалхара т?ег?а. Ч?улга-йуртан къилба аг?ора [9] , йурт зима шу т?ех шорйелла.

"Боккха шу" - Теркан дукъан шолг?а т?ег?а. Ч?улга-Йуртан къилба аг?ора [10] .

"Теркан татол" - хи туху татол, йуьртан къилба аг?ора чекхдолу [11] .

" Саьнгар " - Сийлахь-Боккха Даймехкан т?ом болуш 1942 шарахь мостаг?ийн танкашна дуьхьала йаьккхина йуьртахоша. Йуьртан малхбуза аг?ора йу [12] , къилбаседехьа а йара, амма Теркан бердаца г?ишлош йина саьнгар къевлина.

"Диксалун барз " - лаьтта йуьртан къилба аг?ора, ширачу заманара кешнийн барз бу иза. ≪Диксалу≫ - наггахь хаало нохчийн ц?е йу. Баккхийн наха дийцарехь, оцу барз т?иера коллективизаци еш а, кулакашна дуьхьала дов латтош а, йуьртахошна хьалха вистхилира йуьртара жигархо Диксалу, цигара йог?у ц?е: Диксалун барз [13] .

"Лакхара хьун " - йуьртан къилбаседа а, къилбаседа малхбузан а аг?ора.

"Лахара хьун" - йуьртан малхбалера хьун [14] .

"МогIара баьрзнаш" - йуккъерчу б?ешерашкара мог?ара лаьтта кешнийн баьрзнаш. Малхбузехьа. Ц?е йелла т?ехуларчу сиптех [15] .

"Теркан тогIе" - йуьртан къилбаседехьа, Теркан йисттехь [16] .

"ЖагI мере" - жаг?а боллу меттиг йу йуьртан къилба-малхбузехь [17] .

"Къахка муьре" - хьун. Малхбале аг?ора. ≪ Къахк ≫ - диттан тайпа, ≪муьре≫ - дахкаделла дитте. Хила мега, ≪муьре≫ - галдаьккхина ≪мере≫, нохчаша и дош леладо уллохь, герга дешнийн маь?нехь.

"Х?урин бун лаьттинчу" - малхбален аг?ора Эмасулин уллора говраш хохку майданахь лаьтта барз. Баккхийчара дийцарехь кхузахь бун тоьхна дуьххьара охьахиина Х?урис [18] [19] (Сайдулаевг?еран а, Гелихановг?еран а дайшах хилла иза). "Хьо х?ун да г?ерта хаьттича" - йуьртахоша хаьттича, жоп делира бахара:"Нах т?ебаг?ахь йуьртда хир ву ша, цабаг?ахь бун хир шена".

"Пероз" - къилбаседа-малхбузера хьуьнах олу. Нохчий махках бахале цигахь лаьттина Терках волу бурам . Дош даьлла оьрсийн "перевоз" дашах [20] . Бурам т?ехь болхбеш хилла Ч?улга-Йуртан вахархо Гилхан ?усман.

"Божа лаьхкина боьра" - йуьртан къилбехьара меттиг [21] .

"Алмазийн боьра" - йуьртан къилбехьара меттиг, ≪Алмаз≫ я ≪Алмаст≫ - хьуьнхара, вала а ваьлла, дика стаг, хьехаво нохчийн а, г?алг?айн а фольклорехь . Масала, нохчийн эшаршкахь ГIулоз чоь хьахош гуттара а цунан улло туху ловзу алмаз (...Алмазаш ловзучу ГIулозан бийрахь) [22] .

" Г?улоз чоь" - ≪Банкин-Йуьртан уллора боьра [23] . Йуьртан къилбехьара меттиг.

" Банкин кIотар " [24] . Ч?улга-Йуьртан къилбехьара Теркан дукъ т?иера к?отар йу, цига ховшура ч?улгйуртхой.

" Эмсулиэ " - йуьртан малхбалехьара меттиг. Хьун а, жима к?отар а. Г?араваьллачу нохчийн этнографа А.С.Сулеймановс йаздо: "Нохчийн меттаца оцу дешан кхетам бац" [25] . Амма йуьртарчу воккха стага Итрин Мийкалас дийцира оцу топониман маь?на. Цуо дийцарехь, оцу меттигехь хьоладен Мазаев Тимофейн бахам бара, цуьнан шина йо?а Эммас а, Соняс а тойш х?иттадора, кхойкхура йуьртарчу кегий нехе к?отарара тойне. Хьо стенгара вог?у хаьттича, жоп лора ЭммСоние йолчура олий (аьлчи а Эммий, Соний йолчура).

"Чергазийн некъ" олура, баккхийчара х?инца а олу, малхбузера малхбалехьа Теркан аьтту бердаца боьдучу некъах. Шоссейн некъ бу, цуо вовшех тосу Теркан аьтту бердаца йолу йарташ. Ширачу заманахь цуо вовшахтасара Бурит?е Г?изларца , кхин д?абоьдура Х?инжа-г?ала а, Дербенте а, иза ч?ог?а ладаме йохк-эцаран а, стратегин а аса хилла. Тахана республикин чоьхьара маь?на бен дац [26] .

"Теркан тIай" - Теркан т?ехулара т?ай, цунна "Доттаг?аллин т?ай" аьлла ц?е тиллина оьрсаша. Вовшахтосу йурт Ишореца , аьлчи а аьрру, аьтту бердаш [27] .

"Къуйн некъ" - ширйелла ц?е. Иштта олуш хилла ишалаш, боьранаш чухула, хьаннаш йукъахула боьдучу некъах, оцу некъа лелаш хилла къуй, талорхой , талораш деш, дукха хьолахь даьхни д?адохуш хилла жаш лелош волчу Мазаев Тимофейгара а, г?алаг?азкхийн баьччанашкара а, оьрсаша латтанаш деллачу нохчийн хьоладайшкара а, паччахьан белхалошкара Гендаргнойн ЧIулгера а, Ног?а-Мирзегара а (НогIа-Мирзин-йуьртан йуьртда). Х?инца йарташ йаккхий хилла, ишалаш лекъна некъ байна [28] .

Истори

Йуьрт йиллина схьавалар нохчех волчу, Ичкерера масех доьзал охьабалийначу мукъаваьккхинчу поручика Гендаргнойн ЧIулга 1808 шарахь Теркан аьтту берд т?ехь Ишоре г?алин дуьхьала, Ч?улга-Йурт аьлла ц?е а тиллина. Дукха хан йалале, т?елетачу ламанхойх лардайтархьама, йуьртахоша кхайкхина валийра Аксайра г?умкийн эла Эльдаров Мурдар [29] , оцу хенахь иза акъарийн нохчийн йарташ лелош дара уьш Жимачу Г?ебартан латташ лоруш доллушехь. Иштта йуьртах Мундар-йурт ала долийра [30] .

Эла Мундар Эльдаров аьттонца даржехь хьалавоьдуш вара, дика алапа а даг?ара цунна, таро йолуш вехаш вара, амма 1840 шарахь г?евттинчу теркйистерачу нохчаша болчу бахамах ваьккхира иза. Иза шен ц?енош дагийна ведара [31] .

Гендаргной тайпана наха кхоьллина лору йурт, амма Ч?улгаца Ичкерера охьабаьхкинарш Арг?аной хилла, 1811 шеран дуьххьара Ч?улга-Йурт хьахочу архиван тептар т?ехь вуьйцу Аьрг?анойн тайпана Бисолтийн некъех волу Байтаркха. 1863 шеран дозатохаран архиван кехат т?ехь, комисси йукъахь бу Далка Мисарбиев Аьрг?анойн тайпанара, Ша?ма Болатбиев Беркойн тайпанара, Нурмохьмад Центуров Ц?онтаройн тайпанара. Т?ехьуо XIX б?ешо чекдолуш йуьрта охьахевшина кхечу тайпанан нах ? Айткхаьллой , Аьрсалой , Аьрсаной , Г?ордалой , Зандакъой , Салой , Таркхой , Т?ерлой , Чермой , Чартой , Шикъарой , Эг?ашбатой , Энганой , ?аларой , ткъа иштта кхечу къаьмнийн векалш ? оьрсий , г?алг?ай , ж?айхой , г?азг?умкий , г?умкий [32] .

1944 шарахь нохчий а, г?алг?ай а, ара а баьхна Нохч-Г?алг?айн АССР д?аяьккхинчул т?ехьа Мундар-Йуртан ц?е хийцира оьрсаша шайн маттахь Знаменское аьлла [33] , амма нохчашна Ч?улга-Йурт ц?е йисира. 1943 шарахь 1 сентябрехь Мундар-Йурт (Ч?улга-Йурт) уллохь т?емаш хилира немцойн эскаршца Мазалк аг?о мукъаяккхархьама ? мостаг?ийн (шиъ минометан батарей а, батальон сов г?ашлой а) аьтту белира Теркан къилба берд т?е дехьабевлла ч?аг?бала бердйисттерчу хьун чохь йуьртан къилбехьа. Йуьртан т?елатар йухатуьйхира 417-г?а Сивашан а, 389-г?а кхийсархойн дивизин а ницкъашца. Т?ехьуо, 1943 шеран декабрехь Мазалк а мукъаяьккхира [34] .

Дуьххьара ножан хьокха Ч?улга-Йурт кхуллучу меттигехь боьг?на ша Ч?улга , аларца:

« ≪Х?окху йуьртана дика маьхкарий а, чехка дин а ма иэшабойла.≫ [35] »

Оцу хьокханах иттанаш шераш девлча боккха наж кхиара.

1963 шарахь 1 февралехь НГ?АССР-н Теркан к?оштан администраци Лаха Неврера д?ахьо Ч?улга-Йурта [36] .

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1970 [37] 1979 [38] 1989 [39] 2002 [40] 2010 [41] 2012 [42] 2013 [43]
4221 5191 6141 9620 10 286 10 528 10 828
2014 [44] 2015 [45] 2016 [46] 2017 [47] 2018 [48] 2019 [49] 2020 [50]
11 072 11 233 11 412 11 654 11 777 11 876 12 167
Къаьмнийн х?оттам

2002 шеран:

Социалан сфера

Йуьртахь йиъ йуккъера ишкол йу: № 10 йолу гимнази (Московски ур., №20), Ч?улга-Йуьртан № 1 йолу ЙДИ [51] , Ч?улга-Йуьртан № 3 йолу ЙДИ [52] (Центран урам т?ехь), Ч?улга-Йуьртан № 2 йолу ЙДИ [53] (А.Хь. Кадыровн ц?арах микрок?оштехь), спортан ишколаш, йиъъ берийн беш, шиъ техникуман филиал, шиъ спортан ц?а, стадион, Нохчийн Республикин лакхарчу лигехь ловзу футболан команда ≪Теркйист≫, тренажерийн чоьнаш, бассейн, шиъ медицинан учреждени, Оьздангаллин ц?а 100 меттигана, шиъ библиотека, шиъ пошта, телеграф, иттаннаш туьканаш, кафеш, ресторанаш, йохк-эцаран центр ≪Знаменский≫, иттаннаш машенаш тоен боксаш, иттех машенаш йуьлуш йолу боксаш. Дзержински урам т?иера № 1 А йолчу г?ишлон чохь йу Россельхозбанкан т?ейина офис.

Гимназин а, №1 йолу ишколан а г?ишлош вовшахъяьккхина, меттиг к?езиг хиларна, цигахь йина йаьлла керла йаккхийра г?ишлош.

2019 шарах Ч?улга-Йуртахь йиллина микрок?ошт Нохчийчоьнан президентан а, Российн турпалхочун а А.Кадыровн ц?арах. Даздарца микрок?ошт д?айоьллуш дакъалецира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин парламентан председатела Даудов Мохьмада, г?ишлошъяран министраллин коьрто Зайпуллаев Муслима, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама, Теркан к?оштан администрацин куьйгалхочо Куцаев Шамила. Ч?улга-Йуртара микрок?ошт лерина йу Горагорскера бахархой кхалхо. Берриш микрок?ошта кхелхира ву 963 стаг ? царна йина 128 х?усам, ерриг майда 16 эз. сов кв м йолуш. Керла берийн беш йоьг?на микрок?оштахь, дарбан ц?а а ду дуг?уш. Кхин а т?едеш ду 35 ц?а [54] .

Промышленность

Ч?улга-Йуртахь промышленностах йара Ч?улга-Йуртан ≪Тереквинпроман≫ чаг?аран завод, Ч?улга-Йуртан к?оштан йуурган комбинат, шурийн завод, гарзанийн фабрика.

К?оштан йуурган комбинатах цхьа а х?ума ца дисина, ткъа шурийн заводах деккъа пенаш бен ца дисина, чаг?аран завод вовшахъяьккхина, гарзанийн фабрикан г?ишлош дика лаьтташ йу, амма иза а болх беш йац; кемсаш бухъйаьхна алкоголан дуьхьала компани йолчу хенахь. Дика болх д?абахийта хи дуьллу маша метта х?отто беза, 800 га майданера кемсаш меттах?итто оьшу.

Гарзанийн фабрикан уллохь йина цхьаъ ах гектар майданехь йоккха дешаран-производственни реабилитацин центр, цигахь деша таро йу тайп-тайпанчу пхьоланашна 240 беран, царна йукъахь БЦП бала хьоьгуш а, кхин цамгарш йолу бераш а. Оцу майданахь йалх производственни пхьолг?а йоцуш 30 беран лерина чохь ?ан меттиг йу, самукъадаккхаран комплекс йу, администрацин г?ишло йу, маьждиг ду. Центр д?айоьллуш дакъалецира НР Правительствон жима а, йуккъера а бизнесан Комитетан председатель волчу Шуаипов Ша?ранис, цуо элира [55] :

≪Хьуьнарчашна кхузахь йу пхьолг?анаш: мебелан, дечка пхьолан, тегаран, эчка пхьолан, хьун йакъоран чоь. Йу иштта берашна компьютерца болх, бухгалтеран г?уллакх ?амо классаш. Берашна кхузахь 12 корматалла ?амор йу, царна йукъахь аьчка пхьар, дечка пхьар, слесаран, дешин а, кхин а пхьоланаш. 120 стаг болх беш хир ву центрехь даиман а бух т?ехь≫

Динан аг?о

Йуьртахь маьждигаш ду:

  • Абаст-Хьаьжин ц?арах долу рузбанан маьждиг
  • ССРС дуьххьара дина доккха маьждиг
  • Хамидов Баудин маьждиг
  • Ц?онтаройн маьждиг
  • Миколаев Завдиг?ера маьждиг
  • ?абдул-Керимг?ера маьждиг
  • Дарбанц?ен кертара маьждиг
  • Реабилитацин-дешаран меттиган кертара маьждиг
  • Базаран кертара маьждиг

Йуьртахь йоккха хьуьжар "Нур" йу.

Кешнийш кертахь кхоъ зиярат а, г?азота кхелхинчеран х?оллам а бу. Иза боьг?на вайн йуьртарчу к?енташна: Ахмадов Ильясан, Дадаев Зайндин, Кадиев Хьасанан, Мусаев Ризванан, Хажмурадов Анзоран.

Зияраташ:

Куьйгалхой

Юьртдай лаьттина: Хьату Халад, Закаев Сайпудди Закаевич, Махмудова Людмила Петровна, Халадова Пет?амат Ахмедовна, Такуев Висани Дараевич, Закаев Мохьмад Адамович, Аслаханов Салавдин Абал-Хасанович, Джагаев Адам Вахаевич. 1966?1971 шерашкахь ? ≪Знаменский≫ совхозан директор лаьттина Завгаев Доку Гапурович  ? 1995?1997 шерашкара Нохчийн Республикин корта. Совхозехь директорш лаьттина Батукаев Асланбек, Нурадиев Ибрах?им Олхазурович, Яхъяев Висхан Магомедович, Семиев Ширвани Язедович.

Файл:Закаев Сайпудди Закаевич.jpg
Закера Сайпудди

Тайпанаш

Юртара тайпанаш :

  1. Айткхаьллой
  2. АргIаной ,
  3. Аьрсалой ,
  4. Аьрсаной [56] ,
  5. Беркой ,
  6. Гендаргной ,
  7. Г?ордалой ,
  8. Зандакъой ,
  9. Нижалой ,
  10. Пешхой ,
  11. Салой ,
  12. Таркхой ,
  13. Т?ерлой (Гуорой, Оьтти),
  14. Ц?онтарой ,
  15. Чартой ,
  16. Чермой ,
  17. Шикъарой ,
  18. Эг?ашбатой ,
  19. Энганой ,
  20. ?аларой [4] ,

Г?арабевлла йуьртахой

  • Гендаргнойн ЧIулг  ? XIX б?ешеран йуьххьера нохчийн баьчча, Атаг?ан йуьртда.
  • Чуликов Юсуп ? Теркан областан Теркан декъан хьаькам. Гендаргано.
  • Хамидов, Баудин Хожаевич (1958 шеран 9 апрель) ? геолого-минералогиийн ?илманийн кандидат, ООО ≪Компания Полярное Сияние≫, ООО ≪Соровскнефть≫ инарлин директор. Тайпана арг?ано .
  • Умарсултанов, Вахит Османович (1950 шеран 20 август, Кхазакхстан , ССРС ) ? нохчийн художник, Российн Федерацин Сийлахь художник, Нохчийн Республикин художникийн тобанан председатель, Российн художникийн тобанан нохчийн регионан декъан председатель, Российн художникийн тобанан секретарь, ССРС художникийн тобанан декъашхо, дукха регионийн а, йерригроссийн а, халкъашна йуккъера а гайтах?оттамийн декъашхо, 2012 шарахь Российн Федерацин Правительстван оьздангаллин совг?атхо. Ц?онтаро.
  • Багалова, Зулейхан Мутушевна (Зулай) ((1945 шеран 2 июнь, Кара-Балта, Жайыл к?ошт, Чуйн область, Киргизийн ССР, ССРС) ? нохчийн актриса, НГ?АССР Халкъан актриса (1981 шо), РСФСР Сийлахь артист (1991 шо), йукъараллин г?уллакханча. Тайпана арг?ано .
  • Ахтаханов, Руслан Абуевич (1953 шеран 14 март ? 2011 шеран 15 ноябрь) ? нохчийн поэт, Россин йаздархойн Союзан декъашхо, Боровик Артеман ц?арахчу премин лауреат, Современни гуманитарни академин проректор. Чертой.
  • Хажмурадов, ?айнди Алиевич ( 1955 шеран 25 май ) ? нохчийн йаздархо [57] , поэт [58] , 1983 шарахь дуьйна ССРС журналистийн Союзан декъашхо, 2014 шарахь дуьйна Российн яздархой Союзан декъашхо, 1976 шарахь Германера Дрезден г?алахь хиллачу ерригевропан хелхаран фестивалан лауреат, вайнехан ≪Лаьмнийн Поэма≫ ц?е йолу хелхар х?отторна мидал а луш. Тайпана арг?ано .
  • Салихов Джаьнтамар-Хьаьжа [59]  ? г?араваьлла ?еламстаг, шайх, кхелхина 18.03.1904. Каш ду Ч?улг-Йуртахь. Тайпана арг?ано .
  • Мисарбиев Джансу-Хьаьжа [59]  ? ?еламстаг, кхелхина 1902. Каш ду Ч?улг-Йуртахь. Тайпана арг?ано .
  • Юсупов Хьабар (Хьабар-молла) [60]  ? г?араваьлла ?еламстаг, шайх. Каш ду Йоккхачу Атаг?ахь. Тайпана арг?ано .
  • Багалов Мутуш Генаевич [61] [62] [63]  ? Ч?улга-Йуртан вахархо ? лахара лейтенант, 1941 шарахь Сталинградан т?амехь дакъа лаьцна, 1942 ш. мукъаваьккхина, т?аьхьа 1943?1944 шерашкахь Теркан к?оштехь болх бина ЧГ?ХК хьаькам даржехь. Тайпана арг?ано .
  • Багалов Махьмуд Мутушович [64] [65] [66]  ? Ч?улг-Йуртан вахархо, шиъ институт чекхъйаьккхина, Америкин колледжехь дешна. 1991?1995 шерашкахь Нохчийн Республикин Ичкерин Парламентан депутат, 1995?1996 шерашкахь НРИ Арахьарчу Г?уллакхийн Министраллин Америкин Цхьанатоьхначу Штаташкахь волу векал, АЦШ вахархо. Тайпана арг?ано .
  • Амаев Махьмуд [59] [67]  ? революци хиллачул т?ехьа ССРС пачхьалкхехь дуьххьала маьждаг дан дагадеънарш а, иза деш шайн бахамца д?акъа лаьцнарш а. Тайпана арг?ано .
  • Хасанов Шамсуддин [68] а ? революци хиллачул т?ехьа ССРС пачхьалкхехь дуьххьала маьждаг дан дагадеънарш а, иза деш шайн бахамца д?акъа лаьцнарш а. Тайпана арг?ано .
  • Усманов, Нурлан Сайд-Алиевич ( 1954 шо Карагандан область ) ? Российн Федерацин исбаьхьалчийн декъахо, Российн Халкъан говзанча, Нохчийн Республикин Хьакъ долу исбаьхьалча. Тайпана Пешхо.
  • Мицаева Рубати Хароновна [69] (1967 шарахь Ч?улга-Йуртахь йина) - г?арайаьлла т?емло, тайпана арг?ано .
  • Гарсиев, Хьамзат ?елин к?ант (вина 2001 шарахь Луцкехь) - Луцкан "Волынь" командин т?елатархо, тайпана арг?ано .

Урамаш

  • 1-ра Базаран урамалг
  • Абаст-Хьаьжин урам
  • Абубакар Сайдхасаевн урам
  • Абузара Айдамировн урам
  • Адам Сайдулаевн урам
  • Амад Атиевн урам
  • Артезианан урам
  • Асламбек Шериповн урам
  • Ахьмад Завгаевн урам
  • Ахьмад Завгаевн урамалг
  • Ахьмад-Хьаьжа Кадыровн урам
  • Ахьмад-Хьаьжа Кадыровн урамалг
  • Базаран урам
  • Бамматгири-Хьаьжин урам
  • Баудин Арсановн урам
  • Береговой урам
  • Ваха Умеевн урам
  • Виноградни урам
  • Владимир Маяковскин урам
  • Восточни урам
  • Гагаринан урам
  • Гилани Бисултановн урам
  • Грозненски урам
  • Грузински урам
  • Дальни урам
  • Дени Арсановн урам
  • Десяти урам
  • Дзержински урам
  • Докка Датиевн урам
  • Жаьнтамар-Хьаьжин урам
  • Зайнди Джамалхановн урам
  • Знаменски урам
  • Ирисхан Алиевн урам
  • Ирисхан Алиевн урамалг
  • Кабардински урам
  • Кавказан урам
  • Кавказан урамалг
  • Калауссан урам
  • Карьерни урам
  • Кати Айсхановн урам
  • Ках?им Ясаковн урам
  • Комаровн урам
  • Кооперативан урам
  • Кунта-Хьаьжин урам
  • Лев Толстойн урам
  • Лермонтовн урам
  • Лесной урам
  • Лесной урамалг
  • Луговой урамалг
  • Ляля Насуханован урам
  • Мани-Шайхан урам
  • Марьям Айдамирован урам
  • Маташ Мазаевн урамалг
  • Маташа Мазаевн урам
  • Махьмуд Амаевн урам
  • Махьмуда Эсамбаевн урам
  • Мира урам
  • Мирни урам
  • Мит?и Арбиевн урам
  • Мовлад Дакуевн урам
  • Мовлид Висаитовн урам
  • Мовлид Висаитовн урамалг
  • Молодежни урам
  • Молодежни урамалг
  • Московски урам
  • Мохьди Исраиловн урам
  • Мохьмад Баймурзаевн урам
  • Муса Абдулаевн урам
  • Мусайп Мидаевн урам
  • Муслим Магомаевн урам
  • Надтеречни урам
  • Надтеречни урамалг
  • Наурски урам
  • Нефтяникийн сектор 1 урам
  • Нефтяникийн сектор 2 урам
  • Нефтяникийн сектор 2а урам
  • Нефтяникийн сектор 3 урам
  • Нефтяникийн сектор 4 урам
  • Никита Хрущевн урам
  • Нови урам
  • Озерни урам
  • Олимпийски урам
  • Паша Бисултановн урам
  • Перви урам
  • Первомайски урам
  • Петр Захаровн урам
  • Победы урам
  • Пойменни урам
  • Полевой урам
  • Прудни урам
  • Раиса Ахматован урам
  • Рамзан Кадыровн урам
  • Рамзан Кадыровн урамалг
  • Садови урам
  • Сайд-Хьасан Индербиевн урам
  • Сайпудди Закаевн урам
  • Свободы урам
  • Свободы урамалг
  • Северни урам
  • Солта Бисултановн урам
  • Спортивни урам
  • Спортивни урамалг
  • Строительни урам
  • Сулим-Хьаьжин урам
  • Сулим-Хьаьжин урамалг
  • Тапа Чермоевн урам
  • Тапа Чермоевн урамалг
  • Ташу-Хьаьжин урам
  • Терски урам
  • Тихи урам
  • Торгови урам
  • Узеньки урам
  • Умалат Лаудаевн урамалг
  • Ханпаша Нурадиловн урам
  • Хизар Ахмадовн урам
  • Хьалим-моллин урам
  • Хьесамакк-Моллин урам
  • Хьусейн Исаевн урам
  • Хьусейн Исаевн урамалг
  • Хьусейн Юсуповн урам
  • Хьуьнхойн ц?а урам
  • Центральни урам
  • Чеченски урам
  • Чуликовг?еран урамалг
  • Шаба Шамаевн урам
  • Шайх Канин урам
  • Шайх Мансуран урам
  • Шамсуддин Хасановн урамалг
  • Шамсуддин Хасановш урам
  • Школьни урам
  • Энтузиастийн урам
  • Южни урам
  • Юнус Дешериевн урам
  • ?абдурахьман Автурхановн урам
  • ?арби Мамакаевн урам
  • ?ели Малаевн урам
  • ?ели Митаевн урам
  • ?умар Якубовн урам
  • ?усман-Хьаьжин урам [70]

Билгалдахарш

  1. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР от 23.02.1945 о переименовании с/советов и населенных пунктов Грозненской области
  2. 1 2 Село Знаменское / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  3. Итоги переписи населения 2002 г.
  4. 1 2 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП ≪Книжное издательство≫, 2006
  5. История села Знаменское
  6. Закон Чеченской республики № 16-РЗ от 20.02.09 (doc). ? Об образовании муниципального образования Надтеречный район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. Т?екхочу дата: 2009 шеран 11 декабрь. Архивйина 2012 шеран 9 апрелехь
  7. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997,стр.555
  8. Карта Чечни Объём 8 МБ.
  9. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  10. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  11. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  12. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  13. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  14. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  15. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.555
  16. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  17. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  18. Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. " Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной ", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007, стр.124,126.
  19. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  20. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  21. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  22. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  23. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  24. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  25. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  26. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  27. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  28. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  29. http://arhiv-chr.ru/deyatelnost/publikatsii/50-knyazya-eldarovy
  30. Волкова Н. Г. ? Этнический состав населения Северного Кавказа в XVIII ? начале XX века. M., 1974, стр. 184
  31. . И. ДУХАЕВ, отдел научно-исследовательской работы и информационно-поисковых систем Архивного управления Правительства ЧР
  32. АИЭ, ф.8, д.27, л.67. Материалы экспедиции 1971 г.
  33. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ № 100)
  34. А. А. Гречко ? Битва за Кавказ
  35. Эльмурзаев, Юсуп Мутушевич страницы истории Чеченского народа .
  36. Административно-территориальное деление Чеченской Республики
  37. Всесоюзная перепись населения 1970 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населенных пунктов - районных центров по полу . Т?екхочу дата: 2013 шеран 14 октябрь. Архивйина 2013 шеран 14 октябрехь
  38. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров . Т?екхочу дата: 2013 шеран 29 декабрь. Архивйина 2013 шеран 29 декабрехь
  39. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу . Т?екхочу дата: 2013 шеран 20 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  40. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  41. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . Т?екхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  42. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . Т?екхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  43. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. ? М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. ? 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . Т?екхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  44. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . Т?екхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  45. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . Т?екхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  46. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  47. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). Т?екхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  48. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года . Т?екхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  49. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года . Т?екхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
  50. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года . Т?екхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  51. МОУЧ 'СОШ N1 С.ЗНАМЕНСКОЕ' 89637077601, 2007003903
  52. МОУЧ 'СОШ N3 с. Знаменское' 89280894523, 2007003893
  53. https://chechnyatoday.com/news/348415
  54. https://obzor.io/2019/05/31/mikrorajon-imeni-kadyrova-poyavilsya-v-chechenskom-sele-video-66649/
  55. В Чеченской Республике открылся крупный учебно-производственный реабилитационный центр
  56. Эрсеной тейп .
  57. http://mk-chr.ru/press-sluzhba/arhiv-news/825-id825
  58. https://www.culture.ru/events/272476/koncert-yazyk-dusha-naroda
  59. 1 2 3 Духаев А. И., ≪Эпоха шайхов≫, Элиста, ≪Джангар≫, 2007, стр.162-172.
  60. Духаев А. И., ≪Эпоха шайхов≫, Элиста, ≪Джангар≫, 2007, стр.162.
  61. https://www.geni.com/people/%D0%9C%D1%83%D1%82%D1%83%D1%88-%D0%91%D0%B0%D0%B3%D0%B0%D0%BB%D0%BE%D0%B2/6000000037718090002
  62. http://lists.memo.ru/d3/f27.htm
  63. Кадиев (Мисарбиев) С.-М. Х. ≪Краткая история и генеалогия тайпа Арг?аной≫, Знаменское, ГУП ≪Надтеречная межрайонная типография≫, 2007, стр.72.
  64. https://www.youtube.com/watch?v=T5t_v_hLx3Y
  65. http://artofwar.ru/w/woronin_a_j/prawitelxstwodudaewamart1994goda.shtml
  66. Кадиев (Мисарбиев) С.-М. Х. ≪Краткая история и генеалогия тайпа Арг?аной≫, Знаменское, ГУП ≪Надтеречная межрайонная типография≫, 2007, стр.23, 72.
  67. Кадиев (Мисарбиев) С.-М. Х. ≪Краткая история и генеалогия тайпа Арг?аной≫, Знаменское, ГУП ≪Надтеречная межрайонная типография≫, 2007, стр.23, 75.
  68. Кадиев (Мисарбиев) С.-М. Х. ≪Краткая история и генеалогия тайпа Арг?аной≫, Знаменское, ГУП ≪Надтеречная межрайонная типография≫, 2007, стр.28, 55.
  69. https://www.kavkaz-uzel.eu/articles/371447/
  70. http://mapkarta.ru/%D0%A7%D0%B5%D1%87%D0%B5%D0%BD%D1%81%D0%BA%D0%B0%D1%8F__%D0%A0%D0%B5%D1%81%D0%BF/%D0%9D%D0%B0%D0%B4%D1%82%D0%B5%D1%80%D0%B5%D1%87%D0%BD%D1%8B%D0%B9__%D1%80%D0%B0%D0%B9%D0%BE%D0%BD/%D0%97%D0%BD%D0%B0%D0%BC%D0%B5%D0%BD%D1%81%D0%BA%D0%BE%D0%B5__004/%D1%83%D0%BB%D0%B8%D1%86%D1%8B

Хьажоргаш