한국   대만   중국   일본 
Къилбаседа Х?ирийчоь ? Википеди Чулацаман т?ег?о

Къилбаседа Х?ирийчоь

43°11′00″ къ. ш. 44°14′00″ м. д. H G Я O
Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Республика (пачхьалкх)
Къилбаседа Х?ирийчоь
оьрс. Республика Северная Осетия-Алания
х?ир. Цæгат Ирыстон
Байракх[d] ХӀост[d]
Байракх [d] Х?ост [d]
Гимн Северной Осетии [d]
43°11′00″ къ. ш. 44°14′00″ м. д. H G Я O
Пачхьалкх   Росси
Адм. центр Бурит?е
Корта Сергей Иванович Меняйло [d]
Истори а, географи а
Кхоллар 1993 шеран 9 ноябрь
Латта
  • 7987 км²
Сахьтан аса MSD [d] , UTC+3 , Европа/Москох [d] [1]
Бахархой
Бахархой
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 RU-SE

Официалан сайт
Къилбаседа ХӀирийчоь картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь


Арахьара аудиофайлаш
Къилбаседа Х?ирийчоьнан х?ост (Инс.)
1 туьма мах болу Российн банкан иэсан нахарт (2013)

Респу?блика Къи?лбасе?да Х?ири?йчоь ? Ала?ни ( х?ир. Республик? Ц?гат Ирыстон ? Алани муха хеза   ; официалан йоцу ц?е:Къилбаседа Х?ирийчоь) ? Россий Федерацин субъект , цунна йукъара республика [2] . Йукъайоьду Къилбаседа-Кавказан федералан гуон , Къилбаседа-Кавказан экономикин к?оштан дакъа ду [3] .

Коьрта г?ала ? Бурит?е .

Доза ду: малхбузехь ? Г?ебартойн-Балкхаройчоьнца , къилбаседехь ? Ставрополан махкаца , малхбалехь ? Г?алг?айчоьнца , Нохчийн Республикица , къилбехьа ? Гуьржийчоьнца а, цхьаццамма къобал йина Къилба Х?ирийчоьнца .

Къилбаседа-Х?ирийн автономин область йиллина 1924 шеран 7 июлехь. Республика йу 1936 шарахь дуьйна.

Пачхьалкхан меттанаш: х?ирийн а, оьрсийн а.

Физикин-географин амал [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Географи [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Къилбаседа Х?ирийчоь Къилба а, Къилбаседа-Кавказан а федералан гуонийн картин т?ехь
Къилбаседа Х?ирийчоьнан карта

Республика лаьтта Йоккха Кавказан къилбаседан басехь.

Берриг махках 4121 км² д?алоцу чута?енаша а, аренаша а, ламанан асан дакъа эханнал дукха к?езиг дац. Къилбаседехь ? Ставрополан аре , цунна къилбехьа ? Теркан а, Соьлжин а даккъаш , йуккъерачу декъехь ? Х?ирийн таь?на аре . Къилбехь ? Йоккха Кавказан Коьрта , йа Хидоькъу дукъ. Уггаре лекха лам ? Башлам 5033 м. Республикин ламанан декъехь, Коьрта дукъан къилбаседехьа чекхдолу диъ доккха дукъ: Аг?онан , Тархийн , Байданан , Хьаннийн . Даккъаш хедийна ?инаша, царех коьртанаш ду Теркан , Кармадонан (Геналдонан), Куртатин , Кассаран , Алагиран , Дигоран .

Геологин х?оттам а, пайден маь?данаш а [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Антропогенан мур болалуш Кавказехь (х?инцалера Къилбаседа Х?ирийчоьнан махкахь ? къаьсттина Аланехь) ч?ог?а онда лаьмнаш кхолладаларан процесс хилла, иза бахьнехь гучудевлла дуккха а хебарш, чута?арш, к?аьгнашы. Цул т?аьхьа рельефкхолларехь йоккха роль ловзийра арахьара ницкъаша (уггаре хьалха, эркаша), цара хедадора ламанан хебарш, дира пурхнехьа ч?ажжаш ( Теркан , Ардонан , Гизельдоннан , Фиагдонан эркийн ч?ажжаш).

Пайден маь?данаш:йукъахь цинк , даша , ц?еста , дети , доломиташ дохку полиметаллин маь?данаш, дарбане хишшан хьосташ. Карийна деши [4] а, мехкдаьтта , т?аьхьало йолу маь?данаш дохку меттигашкара пайда эца кечам бу беш.

Климат [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Климат барамера континентан йу. Мазалкан аренехь ? йекъа, сих-сиха бовха мох; январан йуккъера температура ? ?16 °C, июлан ? +24 °C; йочанаш шарахь 600?700 мм аренашкахь, 900 мм кхаччалц ламанан к?ажошкахь.

Йуккера а, Ламанан к?ажошкара а к?оштахь, лаьмнаш герга хиларо к?адйина, барамера климатан аса. ?а к?еда, аьхке йеха, амма йекъа йац, коьртаниг т?ехь тов йолуш йац, дог?ане а йу. Аьхка таро йу тропикин циклонаш кхача, цара дахьа ч?ог?а дог?анаш стигал а къекъош. ?ай коьртаниг йочанаш оьху Каспий-х?орд т?ера. Январан йуккъера температура: ?3,2 °C. Июлан йуккъера температура: +20,4 °C.

Гидрографи [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Ардон эркан ч?ожера дарбанан ?ам

Къилбаседа Х?ирийчоьнан ? Аланин махкахь охьаоьху дукха эркаш.

Къилбаседа Х?ирийчоьнан ? Аланин коьрта эрк Терк ду, иза долало республикин арахьара, Зилга-xox ц?е йолчу шаломахь 2713 м лакхахь, дохаллехь 600 км гергга ду (цунна йукъахь Къилбаседа Х?ирийчоьнан? Аланин махкахь ? 110 км). Теркан дуккха а геннаш ду, царех уггаре даккхийнаш ду Урух (104 км), Ардон (101 км), Г?алми (99 км), Гизельдон (81 км), кхин дерш а.

Терк , Урух , Ардонан хьост долало лаьмнашкахь, шен хих схьадолу. И эркаш ламанан тобанера ду. Ламанан к?ажошкара эркаш лору Г?алми а, Соьлжа а, церан ийна хиш ду: лаьттан бухара, дог?анан, дешша лайн. Уьш деста б?аьста, гуьйренан а, ?аьнан а заманахь церан хиш хаъал лаг?ло. ?аьнан заманахь уьш, ламанан эркаш санна, г?ор ца до чехка хиларна, охьадахар ламанан эркел меллаша делахь а.

Уггаре ладамечух бу Караугомски шалам (35 км²), Майли (22 км²), Цейски (18 км²).

Латтанаш [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Алагиран (≪Ардонан≫) ?ин. Алагирера Цейски ?ине боьду некъ

Дукха тайп-тайпана ду латтанаш: ламанан-байн латанаш, тайп-тайпана кепара ?аьажа латта , кхин дерш а.

Къилбаседехь а, Къилбаседа-малхбалехь а, уггаре йекъа меттиг йу респуликин (Мазалкера аренаш), даьржина каштанан латанаш , церан боьмаша бос хуьлу, тоъал йуу х?ума а йолу. Бисина махкахь коьртаниг даьржина ду ?аьржа латта .

Къилбаседехь а, Къилбаседа-малхбалехь а, уггаре йекъа меттиг йу респуликин (Мазалкера аренаш), даьржина каштанан латанаш , церан боьмаша бос хуьлу, тоъал йуу х?ума а йолу. Бисина махкахь коьртаниг даьржина ду ?аьржа латта .

Х?ирийчоьнан та?на аренан Къилбаседехь а, Къилбаседа-малхбалехь а алсама гулделла карбонатан ?аьржа латта ду, цаьрца ду ладаме дакъа къорамуьста кальций ду. Къибехахь йог?у йочанаш т?екхета, кхузахь алсама меттиг д?алоцу г?ийла щелочь кхетна а, щелочь кхетна а ?аьржа латта.

Аренан йуккъерачу декъехь г?уна хиш к?оргехь дохкуш дац, кхузахь алсама ду байн латанаш, байн-уьшалийн, аллювиалан латанаш .

Лаьмнашкахь шуьйра г?а долу хьаннаш йу, алсама ду хьунан латташ . Церан башхалла боьра бос бус, г?орзнаш йолуш структура, барамера йукахь гамаш а йу.

Машшийн некъ Цейски ?инехь

Ламанан цанийн зонехь алсама йу ламанан-байн латанаш, к?орга а доцуш, шорта гумус а лакхарчу чкъоьрехь ладама мусталла а йолуш, т?уналла а йолуш.

Уггаре хьена латташ Къилбаседа Х?ирийчохь ? Аланехь йу Дигоран к?оштара Силтанукан акъарин ?аьржа латтанаш, церан дика структура а йу, шорта гумус а йу.

К?ошт Административан центр Майда эзар. км² Бахархойн дукхалла. Адамийн луьсталла./км²
Алагиран Алагир 2,01 36,6 18,2
Ардонан Ардон 0,37 27,9 77,5
Дигоран Дигора 0,64 20,4 31,9
Ирафан Чикола 1,37 15,4 11,2
Кирован Эльхотово 0,36 26,9 74,7
Мазалкан Моздок 1,08 87,6 81,1
Правобережни Беслан 0,38 55,6 146,3
Пригородни Октябрьски 1,46 102,3 70,0

Дин [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Коьрта дин республикехь ду православи , ламаста дин , х?ирийн динаш , ислам . Машсштабан хеттаршца талламан г?уллакхо ≪Гуонахьар хьал≫ 2012 шарахь бинчу татамца, 29 % х?аьттинчара жоп делира ≪Лела а до тхайн дайн ламаста дин, г?уллакх до деланашшан а, ?аламан ницкъашшан≫ ? уггаре лакхара процет РФ (шолг?аниг ? 13 %). Пункт ≪Лелайо православи, ОПК йукъахь ву≫ хаьржира 49 % хаьттинчарех, ≪Керсталла лелайо, амма цхьанне керстачеран конфесера вац≫ ? 10 %, ≪Делах ца теша≫ ? 3 %, ≪Ислам леладо, амма сунний а, ши?ий а вац≫ ? 3 %, ≪Православи лелайо, амма ОПК йукъахь вац, шираламастхо а вац≫ ? 2 %, ≪Делах теша (лакхара ницкъех), амма билггала дин ца леладо≫ ? 1 %. Биснарш ? 1 % к?езиг бу [5] [6] .

2020 шо;

Республикехь православни йукаралла 50 гергга йу, дукхаха йерш уьш оьрсийн-х?ирийн йу, цхьаъ гуьржийн, цхьаъ желтойн килс йу,

  • полякийн католикийн килс йу,
  • Бурит?ера эрмалойн, Григорийн асхьабийн цхьа килс ,
  • керстачеран лютеранийн килс,
  • 10 сов керстачеран килс,
  • Бурит?ера йах?удийн синагога,
  • суннийн бусалба йукъаралла: цхьаъ Бурит?ехь, 10 сов тайп-тайпанан к?ошташкахь.

Хьажа кхин а [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Хьажа кхин а [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Билгалдахарш [ б?аьра нисйан | нисйан ]

  1. https://data.iana.org/time-zones/tzdb-2021e/europe
  2. Конституция Российской Федерации. Ст. 6, пп. 1, 2
  3. Петрушина М.Н., Горячко М.Д. и др. Се?верная Осе?тия ? Ала?ния / председ. Ю.С. Осипов и др., отв. ред. С.Л. Кравец. ? Большая Российская Энциклопедия (в 34 т.). ? Москва: Научное издательство ≪ Большая российская энциклопедия ≫, 2015. ? Т. 28. Румыния - Сен-Жан-де-Люз. ? С. 622?626. ? 760 с. ? 36 000 экз.  ? ISBN 978-5-85270-366-8 . Архиван копи 2019 шеран 1 июнехь дуьйна Wayback Machine т?ехь
  4. В Северной Осетии нашли золотую жилу | ГТРК Алания . Россия-Алания / ГТРК "АЛАНИЯ" (2019 шеран 31 октябрь). Т?екхочу дата: 2019 шеран 12 ноябрь. Архивйина 2019 шеран 12 ноябрехь
  5. Арена (Атлас религий и национальностей России) . Т?екхочу дата: 2013 шеран 14 июль. Архивйина 2018 шеран 12 июнехь
  6. Къилбаседа Х?ирийчоь. Вероисповедание . Т?екхочу дата: 2013 шеран 14 июль. Архивйина 2016 шеран 4 мартехь

Литература [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Хьажоргаш [ б?аьра нисйан | нисйан ]