한국   대만   중국   일본 
Консерватизм ? Википеди Чулацаман т?ег?о

Консерватизм

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Консерватизм
Консерватизман ойланаш
Чоьхьара боламаш

Консервати?зм (схьадаьлла лат.   conservo - ?алашдо) ? ламаста мехаллин а, низамашна а, социалан я динан доктринашна т?аьхьавазаран идеологи . Коьрта мехалла лору йукъараллин ламасташ, цуьнан институташ а, мехаллаш а ?алашъяр.

Чоьхьарчу политикехь консерваторша билгаладоккху йолуш йолчу пачхьалкхан а, йукъараллин низаман а мехалла, т?е ца оьцу радикалан реформаш, церан мах хадабо экстремизман санна. Арахьарчу политикехь консерваторш кхерамазалла ч?аг?ъяран болх хьалхатотту, могуьйту т?еман ницкъ бар, ламастан бартхошна г?олаца хьовсу, арахьара экономикин йукъаметтигашкахь г?олоцу протекционизм .

Консерватизман идеологи кхоллаелла ≪ Французийн революцин ц?арматаллашна≫ ( Бёрк Эдмундан г?араяьлла памфлет , 1790) реакци санна. Экономикин а, социалан а маршонаш кхайкхочу либерализман а, социалан нийсо кхайкхош, долара бахаман доза деттачу социализман а дуьхьала лаьтта [1] . Бёрк воцуш, доккха дакъа лаьцна консерватизм кечъеш французийн иезуита Де Местр Жозефа (1753?1821), ингалсан философа Гоббс Томаса (1588?1679), австрийн-немцойн канцлера графа Меттерних Клемента (1773?1859).

Х?окху заманан йукъараллашкахь консерватизм базанан идеологийн кхааннах цхьаъ ю: либерализм , социализм , консерватизм. Иза къасто еза обскурантизмах керлачу х?уманна дуьхьала г?ертаран пурх латтарах, ткъа иштта ламасталлех . Х?окху заманан консерватизм ( неоконсерватизм ) наггахь хуьлу кхечу политикин боламел алсама сетташ, меттаха йолуш. Масалаш ? Рейганан АЦН хийцамаш а, Тэтчеран Йоккха Британера хийцамаш а.

Консерватизм кхоллаялар [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Ингалсера консерватизм, т?аьхьа торизм ала долийна, кхоллаелла Юхаметтах?отторан (1660?1688) муьрехь. Цуьнан бух бара адамийн йукъараллера т?ег?анан т?ехь лаьтташ, ткъа коьртехь лаьтта цхьан доза а доцуш ?едал карахь долу монарх (моно ? цхьаъ, арх ? урхалла дар). Амма, шен коьрта ?алашо урхаллин а, парг?атонан эхь-бехкаллин а конституцин кепаш хилла йолу Сийлахь революцис , далийра торизман кхечу формуле. Х?инца торизман бух бу кхаа т?ег?анехь ч?аг?йина суверенитет: паччахьан доьзал, лордийн палата , йукъараллин палата .

Консерватизм кхиина роялизмах , орамаш тесира Ингалсахь Юхаметтах?отторан муьрех. Роялисташа г?олоцура абсолютан монархин, цара кхиайора паччахьан ?едал делера хиларан теори. Цара къобал дора британин маршо а, парламентаризман ламасташ а, д?атоттура суверенитет парламентан ?едалах яларан теори, цуо паччахьо санна, дерриг халкъ ца гойтура, дин лелоран маршо а ца лора. Ингалсара гражданийн т?ом болабалале Филмер Роберта язбира болх ≪Патриарх: я паччахьийнедал≫, иза хилира церан доктринин формула. Сийлахь революцил т?аьхьа, 1688 шарахь, тори санна бевза консерватораш, къобал дира, суверенитет кхаа т?ег?анех латтар. Амма ехачу хенахь вигийн урхаллехь британин консерватизм д?ахилира генарчу плане. Коьрта политикин ницкъ юхабеира х?инца 1830-г?а шерашкахь консерваторийн парти аьлла ц?е хийцина, цуо шена чохь цхьаьнатуьйхира аристократийн а, базаран капиталистийн а чолхе барт.

Дукхаха болчу историкашна консерватизман бух биллинарг хета Бёрк Эдмунд [2] , иза хилла маркизан Рокингеман секретарь, кхайкхийна вигийн партин уггаре консервативан декъан гар.

XIX б?ешарахь кхоалг?а чкъоьран а, аристократин а хиллачу девно бекъна британин консервативан болам шина декъе: цхьаболчара кхойкхура юккъера б?ешерийн мехаллашка юхадерзар, вуьш бара пачхьалкх экономикин долара секторна йукъа ца г?ертийта лууш.

Консерваторша юккъера класс парламенте ца яхийта новкъарло ешшехь, 1834 шарахь цара къобал дира шайн харжаман система йохар, т?елецира кхин д?а харжамхойн барам шорбан, нагахь цуо килсан а, пачхьалкхан а институт йохор яцахь. Керла хьесапаш кхайкхийра харжамийн хьалхарчу къамелехь сэра Пиль Роберта . Историкашна го и Тамвортский манифест консерваторийн керла партин коьрта аргумент.

Билгалдахарш [ б?аьра нисйан | нисйан ]

  1. КОНСЕРВАТИЗМ ? информация на портале Энциклопедия Всемирная история . Энциклопедия Всемирная история . w.histrf.ru. Т?екхочу дата: 2019 шеран 21 май. Архивйина 2019-10-22 ? Wayback Machine
  2. Иногда его предшественником называют Ричарда Хукера . Маркиз Галифакс одобрял прагматизм Хукера, Дэвиду Юму импонировало то консервативное недоверие, с каким Хукер относился к рационализму в политике. С другой стороны, Хукер родился задолго до возникновения консерватизма, Галифакс не принадлежал к какому-либо политическому течению, Юма политика не интересовала, а Бёрк и вовсе принадлежал к либеральной партии вигов .

Литература [ б?аьра нисйан | нисйан ]

  • Философия и социально-политические ценности консерватизма в общественном сознании России: От истоков к современности. Под ред. Ю. Н. Солонина. Вып. 1. СПб.: С.-Петербургский гос. ун-т, 2004, 320 с.
  • Полякова Н. В. Антропология российского консерватизма // Александр Иванович Введенский и его философская эпоха. ? СПб., 2006, с. 252?265
  • А. Ю. Минаков. Особенности русского консерватизма в первой четверти XIX века // Диалог со временем. Альманах интеллектуальной истории, 34, 2011,
  • Современный российский консерватизм. Сборник статей. М., 2011. https://web.archive.org/web/20130603014422/http://www.cscp.ru/files/rmoHZ2U1hEbQgIW.pdf

Хьажоргаш [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Билгалдахарш [ б?аьра нисйан | нисйан ]