Йуккъера Африка

2°13′23″ къ. ш. 16°11′28″ м. д. H G Я O
Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Географин регион
Йуккъера Африка
2°13′23″ къ. ш. 16°11′28″ м. д. H G Я O
Пачхьалкхаш
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Йуккъера Африка  ? географин регион, Африкин малхбузехьара дакъа, лаьтта экваториалан а, субэкваториалан а асехь, цуо шена чулоцу шуьйра ч?опа йолу Конгон чута?е , малхбузехьа Атлантикин ?апказан а, Гвинейн айман а бердйисташ йу, къилбаседехьа йукъахь бу Азанде ч?аплам , къилбехьа ? Лунда плато цуьнца болу Анголин ч?аплам а. Малхбалехьа регион чекхйолу Малхбален-Африкин рифтан системин Малхбузехьара гаьннашца.

Йуккъера Африкин йукъара пачхьалкхаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Пачхьалкх Тобанашйаран метод Коьрта г?ала
ВКЪКХ версица [1] ЦРУн версица [2] СГНЗС дошаман версица ОКСМ версица [3]
  Ангола Къилба Африка Луанда
  Бурунди Малхбален Африка Малхбален Африка Малхбален Африка Гитега
  Габон Либревиль
  Замби Малхбален Африка Къилба Африка Малхбален Африка Лусака
  Камерун Малхбузен Африка Яунде
  Демократин Республика Конго Киншаса
  Республика Конго Браззавиль
  Руанда Малхбален Африка Малхбален Африка Малхбален Африка Кигали
  Сан-Томе а, Принсипи а Г?айренан бачхьалкх
Атлантикин ?апказ чохь
Сан-Томе
  Йуккъерчу Африкин Республика Банги
  Чад Нджамена
  Экваторан Гвиней Малабо

Наггахь Йуккъера Африкин йукъатуху Британин х?ордал дехьара территори  ? Аьрдачу Еленин г?айре .

Географи [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Конго эркан чута?енан бух бу ч?опа, уьшал йолуш, 300?500 м. лакхахь. Уггаре лаькха лаьмнаш ду ? Адамауа ч?аплам Камерунехь (3008 м кхаччалц) а, т?апломан акъари Камерун а (4040 м. кхаччалц). Делахь а Йуккъера Африкин рельеф дуккхачу хьолехь тийна йу, башха хийцамаш боцуш. Приэкваторан Африка, къаьстина Конго чута?е, къаьсташ йу уггаре луьста дуьззинахиш долу эркийн гаьннаш хиларца Африкехь, царах уггаре докха ду ? эрк Конго (Заир). Гвинейн айма чу кхин дог?у эркаш Огове , Кванза кхидерш а. Дукха меттигаш д?алаьцна йу уьшалш. Экваторан климатан асехь кхуьуьш йу луьста дукхаярусаш йолуш т?уьна тропикийн хьаннаш . субэкваторан асехь  ? галерейн хьаннаш , хидоькъе меттигашкахь йаьржина йу тайп-тайпана саваннаш . Гвинейн айма чудог?уш долу эркийн хикхочешкахь, йаьржина йу мангрин къухаш .

Билгалдахарш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

  1. United Nations Statistics Division
  2. The World Factbook. Location . Т?екхочу дата: 2016 шеран 2 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 24 майхь Архивйина 2011-05-24 ? Wayback Machine
  3. Общероссийский классификатор стран мира (ОКСМ). Приложение Д