한국   대만   중국   일본 
Индустрин революци ? Википеди Чулацаман т?ег?о

Индустрин революци

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Индустрин революци
Уильям Белл Скотт, ≪Эчиг а,к?ора а≫, 1856?1860 шераш
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Индустрийн революци я Сийлахь индустрийн революци - XVIII?XIX-чу б?ешерашкахь дуьненан коьртачу пачхьалкхашкахь хилла процесс ю. Индустрин революци индустриализацин жам? бара.   Индустриализаци - дукхаха долчу декъехь латталелоран экономикин т?ера индустрин производствон т?е дерзаран мур бу. Индустриализацин оьмарехь латталелоран йукъаралла индустрин кепе дирзира.

Индустрин карчам массо а пачхьалкхашкахь цхьана хеннахь бола ца белла. Делахь а, ма-дарра аьлча, и мур болабелла XVIII-чу б?ешеран шолг?ачу декъехь. Юха X?X-чу б?ешаре кхаччалц д?айоьдуш яра и процесс. Оцу революцин къаьсттина башхало яра йоккхачу машенан индустрин бух т?ехь болу кхолларан ницкъаш кхиар а, иштта дуьненан бахаман олаллин системан метте капитализм д?ах?оттар а.

Массийн машенаш лелоран мур боцург, кхин цхьа х?ума ду оцу оьмарца доьзна- цу хенахь йукъараллин структура хийцалуш яра. Карчаман хенан башхаллаш яра ц?еххьана къинхьегаман эвсаралла лакхадалар а, экономикин маса кхиар а, бахархойн дахар тадалар а, урбанизаци кхиар а.

Сийлахь-йоккхачу Британехь йолаелира индустрин революци, цул т?аьхьа Америкин Цхьанакхеттачу Штаташкахь а, Европин пачхьалкхашкахь а йукъаралла индустрин кепе дирзира. Доцца аьлча, кхаа-пхеа т?аьхьенаш шай пачхьалкхашкахь д?ах?оттийра индустрин кеп.

Адам мукъа цахиларна а, сурсатан механа а, капитал дилларан а аг?ора хьажча к?ади ден арахецар дара индустрин революцин коьрта дакъа. Уггаре хьалха производствон керлачу методах пайда эца йолайелира к?ади ден индустри.