한국   대만   중국   일본 
Зубайраев, Супьян Лечиевич ? Википеди Чулацаман т?ег?о

Зубайраев, Супьян Лечиевич

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Супьян Лечиевич Зубайраев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг [d]
Пачхьалкх   ССРС   Росси
Говзалла Самбо
Вина терахь 1933 шеран 12 май ( {{padleft:1933|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:12|2|0}} )
Вина меттиг Лаха Невре , Теркан к?ошт , Нохч-Г?алг?айн АССР , РСФСР , СССР
Кхелхина терахь 2016 шеран 14 август ( {{padleft:2016|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:14|2|0}} ) (83 шо)
Кхелхина меттиг Мытищи , Москохан область , Росси
Спортан карьера 1953-1970
Тренераш
  • Василий Воронкин;
  • Евгений Чумаков.
Йозалла 72-77 кг кхаччалц
Арахьара суьрташ
Супьян Зубайраев

Супья?н Лечи?евич Зубайра?ев ( 1933 шеран 12 май , Лаха Невре , Теркан к?ошт , Нохч-Г?алг?ай АССР , РСФСР , СССР ) ? нохчийн самбист , СССР чемпионатийн чемпион а, совг?атхо а, Кубан парг?ат кепар латаран гулйина тобанан тренер, хьехаман ?илманийн кандидат.

Биографи [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Вина 1933 шеран 12 маехь Лаха Нёврехь. Доьзаллехь ворх? ваша вара, Супьян царех воккханиг вара. Нохчий ц?ера баьхнача хенахь доьзалла Алма-Атахь ?аш йара. Школехь волучу хенахь иза вара гимнастика ?амош. 1952 шарахь цунна перитонит кхаьттера. Ах шо даьлча иза товелира, амма гимнастика йита дизира цуьна.

1953 шарахь самбо ?амо волавелир иза. Цуьнан тренер вара Василий Воронкин. Цхьа шо даьлча иза хилира Кхазакхстанан чемпион.

1954 шарахь иза деша вахара Кхазакхстанан физкультуран институте. Иза дика доьшуш вара. 2-г?а курсехь иза Москва ГЦОЛИФК (Государственный центральный ордена Ленина институт физической культуры) деша вахара. Цигахь цуьнан тренер вара Евгений Чумаков. 1958 шарахь Зубайраев тренер болх бан волавелира Москохан пачхьалкхан хьуьнан университетехь.

1959 шарахь цуьнан доьзалла ц?абирзира. Зубайраев вахара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан физвоспитанин кафедрехь болх бан. Иштта иза вара ≪Буревестник≫ ц?е йолу студентийн йукъараллин парг?ат кепар латаран тренер. Амма цуьнан кхочуш тренировкаш йан меттиг а бацар, тренер а вацар. Цундела иза йуха а Москва д?авахара.

1961 шарахь иза хилира цкъа хьалха ГЦОЛИФКан аспирант, т?аккха доцент, хьехаран ?илманийн кандидат.

1955 шарахь СССР самбон чемпионатехь цо йаьккхира 9-г?а меттиг. 1956 шарахь иза СССР спортан говзанча хилир. 1958 -г?а а, 1960 -г?а а шерашкахь иза хилира СССР чемпионатийн дато совг?атхо, 1959 шарахь ? бронзан. 1962 шарахь Кишинёвехь цо финалехь А. Пухашвили эша а вина самбон СССР чемпион хилира ? нохчашна йуккъера хьалхара. Цо яхьллонашкахь дакъа лоцур 1970 шо кхаччалц. 1970 шарахь шен т?аьххьара йахьаллонашкахь 37 шо кхаьчна волуш цо толам беккхира ≪Буревестник≫ йукъараллин чемпионатехь, финалехь СССР чемпион Покатаев эша а вина.

1968 ? 1971 шерашкахь иза вара Москохан пачхьалкхан сервисан университетан кафедран куьйгалхо.

1971 ? 1974 шерашкахь иза вара Афганистанехь Кабулан политехникан институтан кафедран куьйгалхо. Афганистанан паччахьо Захир-Шахс цунна ши орден йелира. Царех цхьаммо цунна бакъо лора ах-гектар латта долах хила а, зуда ялаян а.

1977 ? 1980 шерашкахь иза вара Кубан парг?ат кепар латаран гулйина тобанан тренер.

Цо кечбина Дэги Багаев а, Иван Тищенков а, Юрий Ермошкин а, Виктор Пикуля а, Мухамед Умаров а, Виталий Бирюков а, Эльмурза Ульбиев а, кхиболу спортхой а. Цуьнан ваша Султан хилира самбон а, парг?ат кепар латаран а спортан говзанча.

Мытищи г?алахь хуьлуш йу йерригроссийн кегирхойн самбон турнир ≪Мытищинские зори≫ СССР чемпион Супьян Лечиевич Зубайраеван совг?аташна.

Хьажоргаш [ б?аьра нисйан | нисйан ]