Европин Кхеташо (ЕБ)

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Европин Кхеташо
Логотипан сурт
Лидер Шарль Мишель [d] [1]
Кхолларан терахь 1974 шеран 9 декабрь [2]
Сайт consilium.europa.eu/… (ингалс.)
consilium.europa.eu/… (Франц.)
consilium.europa.eu/… (испан.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Европин Кхеташо ( инг.   European Council ) ? Европин бертан лакхара политикин меже, лаьтта ЕБ пачхьалкхийн ? декъахойн коьртех а, правительствех а. Европин кхеташонан декъахо иштта ву цуьнан председатель , иза хоржу 2,5 шеран, кхин а Европин комиссин председатель [3] .

Кхолларан истори [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Европин кхеташо кхолларан бух хилира францин президентан Де Голль Шарлан , Европин бертан пачхьалкхин формалан доцу цхьаьнакхетарш д?адахьаран ойла, цуо дуьхьало йан йезара, интеграцин кхоллам бечу хенахь, къоман пачхьалкхийн роль охьа ца йалийтарехь. Формалан доцу цхьаьнакхетарш лакхарчу т?ег?анехь д?адаьхьира 1961 шарахь . 1974 шарахь ишттачу цхьаьнакхетарехь Парижехь и практика т?еийцира Жискар д’Эстен Валерис кховдорца, иза оцу хенахь Францин президентан даржехь вара.

Функцеш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Кхеташоно билгалайоху ЕБ кхиаран коьрта стратегин аг?онаш. Политикин интеграцин инарлин аса кечйар ? Европин бертан коьрта ?алашо. Кхеташоно импульсаш ло ЕБ йерриг кхиарехь. Министрийн кхеташонца цхьаьна мог?арехь Европин кхеташонан йелла политикин функцеш (≪политикин арбитраж≫ олуш йолу), цуьнан бакъо йу европин интеграцин коьрта бертийн хийцамаш бан. Цуьнан гуламаш хуьлу эха шарахь шозза сов йа Брюсселехь, йа председатель йолчу пачхьалкхехь, председатель хуьлу, оцу хенахь Европин бертан кхеташонан коьртехь йолу, пачхьалкхан-декъахочун векал. Гуламаш лаьтта шина дийнахь.

Цара кечбеш болу а, т?еоьцу а сацамийн хуьлу политикин директивин амал, кхин т?е ло царна юридически т?едилларан ницкъ. Кхеташоно т?еоьцу сацамаш ? ша кепара г?уллакхийн план йу, царна чохь гайтина кхин д?а кхиаран ?алашонаш. Масала, Лиссабонан стратеги (ЕБ уггаре конкуренци йолу дуьненан экономика яран стратеги) кечйина Кхеташоно. Цуьнан сацамаш хьажийна институташ, меженаш, кхолламаш, ткъа цаьрга терра пачхьалкхаш-декъахой, юридически декхарийлахь бу уьш кхочушбан а, дахаре баха а.

Билгалдахарш [ нисйе б?аьра | нисйе ]