한국   대만   중국   일본 
Глаголица ? Википеди Чулацаман т?ег?о

Глаголица

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Глаголица
Йозанан тайпа Абат
Меттанаш шираславянийн , килсаславянийн , хьалхара славянийн меттанаш
Кхолладелла меттиг Малхбален Европа
Кхоьллинарг Кирилл а, Мефодий а [d]
Кхоьллина терахь 862
Мур IX б?ешо
Йозан аг?о аьрру аг?онера аьтту аг?охьа
Схьадалар

Финикийн

Желтойн
Юникодан диапазон U+2C00?U+2C5F
ISO 15924 Glag
Йозан масала
Глаголин ≪ Зографан Инжил ≫, X?XI б?ешераш

Глаго?лица ? дуьххьарлера славянийн абат . Кхоьллина IX б?ешерашна йуккъехь византийн дин даржош волчу Кирилла динан г?уллакхан тексташ желтойн маттара славянийн матте гочйархьама.

Хьалхара истори [ б?аьра нисйан | нисйан ]

IX б?ешеран йуккъехь Сийлахь Морави олалла х?аллак хила герга йахара. Франкашна а, болгарашна а йукъахь мохк бекъна хиларан кхерам бара. Малхбален-франкийн паччахьах маршоне г?ерташ, моравий эла Ростислава лаьхкира баварин мозг?арш, Руме папа Николай I-ра волчу шайн мозг?арш кечбан хьехархой бахкийта аьлла дехарца векалш хьовсийра. Папас дехарна жоп ца делча, Ростислава 862 шарахь векалш Византе хьовсийра, хьехархой, мозг?арш йа епископ боьхуш, уьш декхарийлахь бара цуьнан пачхьалкхехь шайн килсан урхаллан бух билла [1] . Кесарь Вардас а, патриарх Фотийс а барт бира кхайкхаман жоп дала. Дин хьехаран коьрте х?оттийра Кирилл ? Фотийн хилла дешархо а волу, накъостех цхьаъ а волу, иза хьоьхуш вара Магнавран лакхарчу ишколехь , цуьнан ваша Мефодий, оцу хенахь ? Жима Азин килсан т?ех?оттийна хьехамча вара [2] .

866 шо кхаччалц Моравехь ?ийна, Кирилла а, Мефодийс а кхоьллира германийн епископатах йозуш йоцу славянийн килс, гочдира дин г?уллакхийн текстийн цхьа дакъа Моравехь болчу славянийн матте , оцу ?алашонца кхоьллира лерина абат, глаголица [3] ц?е а тиллина. Дукха хьолахь, иштта болх Килсано къобал ца бора [прим. 1] , х?унда аьлча Европин ≪варварийн≫ къаьмнийн меттанашкахь далла г?уллакх дар лорура ?осалла . Амма Папас къобал бира Кириллан а, Мефодийн а болх [3] .

Кхолларан истори [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Хьалха дин кхайкхочарех цхьаберш г?иртира динан болх гочбан славянийн матте, оцу белхана желтойн йа латинан абат а лелош, амма цунах г?уллакх ца хилира, х?унда аьлча славянийн маттахь дукха аьзнаш дара, ткъа желтойн а, латынан а абаташкахь оьшу элпаш дацара. И халонаш бахьнехь Кирилл волавелира славянийн абат йан, болуш болу кечам а лелош. Динан г?уллакхан тексташ гочйеш вежарша лелийра желтойн дешнаш, славянийн меттанашкахь аналог ца карийча. И болх бечу хенахь цара кхоьллира массо а славянаш кхеташ болу литературин мотт. Нисса и мотт бу шираславянийн мотт санна бевзаш берг [4] .

≪Кириллан дахаро≫ иштта дуьйцу славянийн абат кхолларх:

« Шен вешин сийлахь Мефодийн (Михаилан) а, цуьнан дешархойн Гораздан , Климентан , Савван, Науман , Ангеляран г?оьнца, цуо х?оттийра славянийн абат, славянийн матте гочдира уьш ца хилча Динан г?уллакх дан лур доцу жайнаш [5] . »

Уггаре шира, т?аьхь нисса терахь а долуш, дисина глаголийн йоза, 893 шерера ду, йаздина болгарийн паччахь Симеонан килсахь Преславехь . Шира куьйгайозан иэсаш (царна йукъахь X б?ешеран терахь тоьхна ≪ Киевн кехаташ ≫) йаздина ду глаголицийца, кхин т?е йаздина ду ширачу маттахь, шен фонетикан х?оттамца къилба славянийн меттанашна гергара.

Башчанан (Бошканан) экъа ? уггаре евзаш йолу глаголицин иэсех ширачех цхьаъ, XI б?ешо
Файл:Пример поздней глаголицы.gif
Т?аьхьарчу глаголин текстан аг?о (XX б?ешо)
Глаголин граффити Загребехь , 2003 шо; г?алаташ хиларна, йаздечуьнан б?аьргашна дуьхьала кириллицан-глаголицан элпаш, амма кириллица г?уо хууш хилла
Файл:Glagolitsa Zagreb.jpg
Загребера кафедран килсера глаголицан йоза

.

Глаголица дукха шира хилар гойту палимпсесташ (т?иера текст д?айайина, цунна т?ехула керланиг йазйина пергамент т?иера тептарш). Массо а дисинчу палимпсесташ т?иера глаголица д?а а дайина кириллицица керла текст йазйина. Цхьан а палимпсест йац, шен т?иера кириллица д?а а дайина глаголица йазйина. Черноризец Храбран ≪Йозанех лаьцна≫ трактатехь (X б?ешеран йуьхьиг) билгала доху желтойн элпаш а, Кириллан а, Мефодийн а (хетарехь глаголица йу) элпийн башхаллаш:

« Оцу славянийн, везачу стага дина долу, алссам сий долу йозанашна, ткъа желтойн ? эллинаш боьхачара. Нагахь цхьамма алахь, беркат ца мегга, х?унда аьлча тодеш ду иза х?инца а, дуьхьала эра ду вай царна: желтойнарг а дуккха тодина. »

Далинчу цитатан маь?на дан мегар ду Кириллан а, Мефодийн а абатан реза боцуш нах хилла хиларх, цундела кириллицин дехьа бовлар нисделла.

Новгородан йозанчо Упырь Лихойс шен 1047 шарахь т?ейаздинчу йозанехь ч?аг?до, ша йуха йаздина ≪Кхетаме пайхамарийн≫ жайнаш ≪кирилавицера≫. Оцунан маь?на къийсаме ду, амма уггаре даьржинарг маь?на ду, глаголицин оригинал т?иера исписка яр (иштта, XI б?ешерийн йуккъехь Русехь глаголица девзаш хилла ≪кириловица/куриловица≫ аьлла, ткъа хьалхара мукха аз хийцар Кирилл ц?арехь дика девзаш ду).

Т?аьхьарчу глаголицин абат (XX б?ешо). Буквицаш а, элпаш а [6]

"Кириллан дахарехь" Константина (Кириллас) Философа глаголица цхьаьна ширачу славянийн рунийн йозанах кхоьллина ойла хаало, ткъа иза лелош хилла санна деланийн а, дуьненан а ?алашонна славянийн пачхьалкхаш керсталла т?еэцалц; кхеташ тешалла оцунна дац.

Руман-католикийн килсо хорваташна йукъахь славянийн маттахь г?уллакх дарна дов латтош глаголицех олура ≪готийн йозанаш≫. 1059 шарахь Далмацехь а, Хорватехь а епископийн гуламехь:

« Дуьйцура, готийн йозанаш дагадаийтина цхьаьна ?еса стага Мефодийс, цуо оцу славянийн маттахь йаздина дуккха а харц х?уманаш католикийн динан ?илманан дуьхьала; и бахьнехь, дуьйцу, цунна Делан кхиело та?зар дина сихха валарца [7] . »

Хьалхарчу глаголицин ( гоьрга ) элпийн куц цхьаццанхьа цхьаьна дог?у гуьржийн килсан абатца хуцурица , иза кхоьллина IX б?ешо кхачале, тарло эрмалойн абатан бух т?ехь яр. Цу т?е хуцурин элпийн барам, 38, нисло славянийн абатан элпийн барамца, дагардина Черноризец Храбрас шен трактатехь. Иза дерриг ца хууш нисделла хуьлийла дац, х?унда аьлча, сий. Константин Философан дика евзаш хилла малхбален абаташ (доьшура ширажуьгтийн тептарш оригиналехь), иза хьахийна сийлахьчун дахарехь. Глаголицин дукхаха долу элпийн йаздар дукхах дерг доккху желтойн сихайаздарера, ткъа желтойн доцу аьзнаш оьцу жуьгтийн абатера элпаш, амма къовсам боцуш кепийн кхетам формы цхьанне аьлча санна элпийн бац.

Глаголицин а, кириллицин а абаташ шайн ширачу варианташкахь ерриг аьлча санна цхьаьна йог?у шайн х?оттамца, къаста ца ло элпийн кепашца бен. Типографин хьесапца глаголицин тексташ йуха арахецарехь хуьйцу кириллицица (х?унда аьлча к?езгачу нахана хаьа глаголица еша), амма терахьийн абатан йоза глаголицин а, кириллицин а цхьаьна ца дог?у, наггахь цакхетарш а хуьлуш. Глаголицехь терахьан элпийн маь?на нисдина элпийн низамца, ткъа кириллицехь уьш дихкина терахьийн маь?нашца ишттачу желтойн абатан элпашца.

Дукха хьолахь йуьйцу глаголицин ши кеп: широ йолу ≪ гоьрганиг ≫, ткъа иштта болгарийн олуш йолу, т?аьхьара поздней ≪ сенийн ≫, хорватийн (олу XX б?ешо йуккъе даххалц иза хорватийн католикаша глаголицин ?адатца динан г?уллакх деш лелаяр бахьнехь). Т?аьхьарчун абат т?аьхь-т?аьхьа йацйелира 41 т?иера 30 хьаьрке кхаччалц. Цхьаьна мог?аршкахь уставан жайнинчуьнца дара кхин а глаголицин курсиван йоза (сихайоза).

Ширачу Русехь глаголица ч?ог?а к?езиг лелийна, кириллицица йаздинчу тептаршкахь нисло цхьацца йукъатоьхна глаголицин элпаш. 2000?2010-г?а а шерашкахь А. А. Гиппиусан а, С. М. Михеевн а талламашца цхьа мог?а XI б?ешеран глаголицин йозанаш (коьртаниг ц?ераш) карийна новгородан Софийн килсехь , царна йукъахь ийна глаголицица а, кириллицица а. Новгородера Рюрикан Городищера XII б?ешеран Беркаткхайкхоран килсехь граффитишна йукъахь карийна масех глаголицийн йоза, цхьаъ царех уггаре а девзаш долу глаголицин йоза ду Россехь [8] [9] . Глаголица лелор хаало къайлах йозанехь а.

Глаго?лица

Таблица [ б?аьра нисйан | нисйан ]

символ сурт ц?е терахьан маь?на билгалдаккхар
? Аз 1
? Буки 2
? Веди 3
? Глаголи 4
? Добро 5
? Есть 6
? Живете 7
? Зело 8
? Земля 9
?, ? I, Izhe Иже ( ? ) 10 оцу элпех кириллицин И йа I муьлханиг муьлха ду, чоьтах талламхойн цхьа ойла йац.
? ? ( Иже ) 20
? Г?рв 30
? Како 40
? Люди 50
? Мыслете 60
? Наш 70
? Он 80
? Покой 90
? Рцы 100
? Слово 200
? Твердо 300
? Ик ?
? Ук 400
? Ферт 500
? Хер 600
? От 700
? П? (Пе) 800 Гипотетикан элп, кеп тайп-тайпана йу.
? Цы 900
? Червь 1000
? Ша ?
? Шта 800
? Ер ?
?? Еры ?
? Ерь ?
? Ять ?
? Ёж ? Гипотетикан элп (йот тоьхна Е йа О маь?нийца), лигатуран йукъадеина ? доккха йот тоьхна йус кепара.
? ≪Гезигкепара≫ хьаьрк [х] озан. Цхьаболчу талламхоша лору, иза йукъадог?уш хилла хилар йуьхьанцара глаголицин ша долу элп санна.
? Ю ?
? юс жиманиг ?
? юс жиманиг йот тоьхна ?
? юс доккха ?
? юс доккха йот тоьхна ?
? Фита ?

Билгалдахарш [ б?аьра нисйан | нисйан ]


Цитатийн г?алат: Тобан ≪прим.≫ йолуш йолу тегашца <ref> йог?уш йолу тег <references group="прим."/> ца карийна