한국   대만   중국   일본 
Белокаш ? Википеди Чулацаман т?ег?о

Белокаш

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
≪Мир≫ ц?е йолчу космосан станцехь а, НАСА-н шаттлаш т?ема йаьллачу хенахь а кхиийна тайп-тайпанчу белокийн кристаллаш.

Белокаш (протеинаш, полипептидаш [1] ) ? пептидан з?енаца хьалха-т?аьхьа вовшахтесна альфа-аминомустненах (оьрс. альфа-аминокислоты) лаьтташ йолу лекха молекулин х?уманаш ю. Дийначу организмийн аминомустненан х?оттам билгалбоккху генетикан кодаца, синтез йечу хенахь дукхахьолехь лелайо ткъе стандартийн аминомустнаной. Церан вовшех йозу х?уманийн дукхалло кхуллу шорта билгалонаш йолу белокийн молекулаш. Цул сов, кест- кеста белокан чуйог?уш йолу бухайисна аминомустненан посттрансляционан модификацеш хуьлу, ткъа модификацеш хила тарло белок шен болх бан йолале я белок клеткан чохь шен болх бечу хенахь. Кест-кеста дийначу организман тайп-тайпана белокийн молекулаш кхуллу чолхе комплексаш, масала фотосинтетикан комплекс .

Кхийолу биополимерийн (полисахаридаш а, дезоксирибонуклеинан муьсталган а) белхашца юьстича, дийначу организман клеткийн белокан функцеш алсамо ю. Иштта, белокаш-ферменташ биохимин реакцеш сиха йо (катализ йо), иштта цара доккха дакъа лоцу х?умаллийн хийцамехь. Цхьайолу белокаш структруран а, механикин а функцеш кхочушйо, цу хьокъехь цара кхуллу клеткийн кепана (формина) г?одеш йолу цитоскелет. Цул сов, белокан коьрта дакъа ду клеткийн хааман системашкахь а, иммуннан жоьпехь а, клеткийн циклехь а.

Адаман а, дийнатийн а даарехь боккха меттиг д?алоцу белокаш, х?унда аьлча адаман а, дийнатийн а дег?е ерриг хийца амал йоцу аминомуьсталган синтез ца яло, цхьа дакъа белокан кхачанца хила деза. Белокан хьостанаш ду: жижиг а, котам а, ч?ара а, шура а, б?араш а, кхоьн культураш а, буьртиг-ялта а; жимчу декъехь: хасстоьмаш а, стоьмаш а, ц?азамаш а, ж?аьлин нускалш а.

Кхача дег?ах болучу процессехь ферменташ кира кхаьчна белокаш аминомуьсталган кепе кхаччалц йоха а йо. Аминомуьсталгаш организман долара белокан биосинтез ян лелош ю. Иштта энерги схьаэца аминомуьсталгаш екъаяла тарло.

Белокийн секвенировани кепаца хьалхара белокан аминомуьсталган рог?алла ? инсулин ? билгалъяккхар бахьана долуш 1958-чу шарахь Сенгер Фредерикан химин декъехь Нобелан совг?ат делира.

Гемоглобинан а, миоглобинан а хьалхара кхаабараме структураш (х?оттамаш) йаьккхина рентгенан з?аьнарийн дифракци ярца. Оцу хьесапехь 1950-чу шерийн чаккхенгахь белхаш бина Перуц Максо а, Кендрю Джоно а [2] [3] . Ткъа 1962-чу шарахь цу шинна химин декъехь Нобелан совг?ат делира.

Хьостанаш [ б?аьра нисйан | нисйан ]

  1. С химической точки зрения все белки являются полипептидами. Однако короткие, меньше 30 аминокислотных остатков в длину полипептиды, особенно химически синтезированные, нельзя назвать белками.
  2. Perutz M. F., Rossmann M. G., Cullis A. F., Muirhead H., Will G., North A. C. Structure of haemoglobin: a three-dimensional Fourier synthesis at 5.5-A. resolution, obtained by X-ray analysis (англ.) // Nature. ? 1960. ? Vol. 185, iss. 4711. ? P. 416?422. ? PMID 18990801.
  3. Kendrew J. C., Bodo G., Dintzis H. M., Parrish R. G., Wyckoff H., Phillips D. C. A three-dimensional model of the myoglobin molecule obtained by x-ray analysis (англ.) // Nature. ? 1958. ? Vol. 181, iss. 4610. ? P. 662?666. ? PMID 13517261.