한국   대만   중국   일본 
Бажаев, Зия Юсупович ? Википеди Чулацаман т?ег?о

Бажаев, Зия Юсупович

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Бажаев Зия Юсупович
Г?уллакхан тайпа бизнесмен
Вина меттиг
Кхелхина меттиг

Зия? (Зияуди?) Юсу?пович Бажа?ев ( 1960 шеран 11 июль , Т?ехьа-Марта , Нохч-Г?алг?айн АССР , СССР  ? 2000 шеран 9 март , Химки , Москохан область , Росси ) ? нохчийн бизнесмен, ≪Альянс≫ компани кхоьллинарг.

Биографи [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Иза винера 1960 шарахь Хьалха-Мартант?ехь . 1976 шарахь цо чекхйаьккхира Хьалха-Мартант?ера йуккъера школа № 1. 1981 шарахь чекхйаьккхира Краснодаран Политехнически институт инженер-технологан говзаллица. Техникин ?илманийн кандидат.

1988 ? 1991 шерашкахь иза вара Краснодаран а, Соьлжа-Г?алин а биохимин заводашкахь болх беш. 1992 ? 1995 шерашкахь иза вара Швейцарехь д?айазйина йолу LIA OIL маьхкадетта духку компанин президент. 1995 шарахь иза хилира Нохчийчоьхь мехкдаьтта доккху ФГУП ≪Южная нефтяная компания≫ (ЮНКО) куьйгалхо. Амма 1996 шарахь иза балхара д?авеккхира. Кеста Нохчийчохь сепаратисташ ?едал деккхинчул т?аьхьа оцу компанин болх сецира. 1996 шо дуьйна Зия Бажаев вара ≪Сиданко≫ компанехь болх беш. 1997 шо дуйьна 1998 шо кхаччалц иза вара оцу компанин куьйгалхо. И фирма йитинчулт?ехьа цо кхоьллира шен фирма ≪Альянс≫. Оцу фирман йукъайахара хьалха ≪Сиданко≫ долахь хилла йолу Хабаровскан НПЗ. Кхиъ цхьа шо даьлча ≪Альянсас≫ шен дола йаьккхира Украинехь йолу Херсонан НПЗ.

1998 ? 1999 шерашкахь Бажаев вара ≪Роснефтин≫ кризисан дуьхьала программа а, Евгений Примаков Российн премьер-министр волчу хенахь неха ойла т?ейирзина йолу Российн мехкдаьттан компанин проект а.

Иза велира 2000 шеран 9 мартехь Артём Боровикца цхьана кемант?ехь. Иза веллачулт?аьхьа ≪Альянс≫ компанин куьйглахо хилира цуьнан жимахволу ваша [1] .

2007 шарахь компанин долара йелира Херсонан НПЗ. 2008 шарахь оцу компанин активаш Россиехь мехкдаьтта доккхуш йолу Швецин компанин West Siberian Resources активашца вовшахтуьхуьра.

Цуьнан г?онца Топа Элимбаевс кхоьллира берийн хелхаран ансамбль ≪ Зия ≫.

Доьзалла [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Цуьна кхо бера дисна.

Виццавар [ б?аьра нисйан | нисйан ]

  • Цо ша валлац г?о деш хилла берийн хелхаран ансамблин иза веллачул т?аьхьа цуьнан ц?е тиллира [2] .

Билгалдахарш [ б?аьра нисйан | нисйан ]

Хьажоргаш [ б?аьра нисйан | нисйан ]