Анна Иоанновна

Х?ара йаззам Википеди чуьра бу ? маьрша энциклопеди
Анна Иоанновна
Анна Иоанновна
Анна Иоанновна
Байракх Йерригроссийн Император-аьзни Байракх
 ? 1740 17 (28) октябрь
Хьалха хилларг Пётр II
Когаметтаниг Иван VI
Байракх Курляндин а, Семигалин а герцог-аьзни Байракх
 ? 1711 21 январь
Хьалха хилларг Елизавета София Бранденбурган

Дин керста
Йина терахь 1693 шеран 28 январь ( 7 февраль ) ( {{padleft:1693|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:7|2|0}} )
Йина меттиг Москох
Кхелхина терахь 1740 шеран 17 (28) октябрь ( {{padleft:1740|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:28|2|0}} ) (47 шо)
Кхелхина меттиг Петарбух
Д?айоьллина
Тайпа Романовг?ар
Да Иван (Иоанн) V
Нана Прасковья Фёдоровна
Майра Фридрих Вильгельм (Курляндин герцог)
Бераш дац
Динлелор керста
Автограф Автографан сурт
Монограмма Монограмма
Совг?аташ
Сийлахь асхьабан Андрей Первозванни орден Сийлахь Екатеринин I тӀегӀанара орден Сийлахь Невски Александран орден
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

А?нна Иоа?нновна (А?нна Ива?новна; 1693 шеран 28 январь [ 7 февраль ] ? 1740 шеран 17   [28] октябрь [2] ) ? 1730 - 1740 шерашкахь ? Романовг?еран некъех Йерригроссийн Император-аьзни .

Иван V -г?ачун ( Пётр I -г?ачун ваша а, паччахьца цхьаьна урхалча а) а, Салтыкова Прасковья Фёдоровнин а йоьалг?а йо?.   1710 шо 31 октябрь ( 11 ноябрь ) маре йелира Курляндин герцоге Фридрих Вильгельме . Иза жеро йисира маре йахана 2,5 бутт баьлча, Петр I-чо Анна д?ахьажийра Курлянде . Пётр II -г?а веллачул т?аьхьа, 1730 шарахь , кхайкхина российн ?арш т?е Лакхара къайлаха кхеташоно йуьззина бакъонаш йолу монарх санна, аристократашна пайденна дозатоьхна йолу, амма элин г?оьнца Лакхара къайлаха кхеташо д?асахецна, метах?оттийра абсолюталла . Цуьнан урхаллин заманах т?аьхьуо ц?е тиллира ≪бироновщина≫, Аннин везаран Бирон Эрнстан ц?арах.

Бералла [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Паччахь Иван V -г?а а, паччахь-аьзни Прасковья Фёдоровна а ? Анна Иоанновнин да-нана

Анна Иоанновна йина 28 январехь  ( 7 февралехь 1693 шарахь паччахьан Иван (Иоанн) V Алексеевичан а, цуьнан зудчун паччахь-аьзнин Прасковья Фёдоровнин а доьзалехь. Оьрсийн паччахьийн кхин бераш санна, Анна йина Москохан Кремлехь Теремни г?алин Ж?арийн палатехь [3] . Паччахь Иван веллачул т?аьхьа жеро йисина паччахь-аьзнин Прасковья Фёдоровнин паччахьан керт кхелхира Кремлера г?алин арахьара резиденце Измайлово . Измайлово кхелхира паччахь-аьзнин кхо йо? а ? пхи шо долу Екатерина , кхо шо долу Анна, ши шо долу Прасковья [4] .

Измайлово 1720-г?а шерашкахь. Аьрру аг?ора, т?айл дехьа паччахьан к?ентан Иоасафан килс (г?алин ц?ийнан килс) а, паччахь-аьзнин Прасковьян г?ала (ши корта болу аьрзуца болу бохь к?елахь)

.

Жеро йисина паччахь-аьзнин Прасковья Фёдоровнин муьрехь Измайлово йара ширачу Российн г?айре, цига ца кхаьчнера паччахьан Петр I-чун хийцамаш. Жеро йисинчу паччахь-аьзнин керт йара ши б?е ахб?е стольник , паччахь-аьзнин а, паччахьан йоь?рийн а чоьнийн штатехь бара иттаннаш ялхой, наной, бабанаш, самукъа доккхуш бехаш берш [5] . Паччахьан Алексей Михайловичан заманахь дуьйна Измайловохь болийнера зиеран г?алин бахам. ?ежийн, хьорматийн, баьллийн бошмашна гуонаха ткъеха ?оман (Просянин, Лебедевн, Серебряни, Пиявочни, кхин а) бердаш дара. ?аьмнашна чохь дара ж?араш т?ехь дешин ч?агарш йолу стерлядь тайпана ч?ерий, уьш, историко М. И. Семевскийс билгаладаккхарехь, доьхкинера Иван IV Васильевичан заманахь . Кертан оранжерейшкахь кхуьура тропикин ораматаш а, х?ордал дехьара алц?енз?амаш. Паччахьо Алексей Михайловича йуьйг?ира кертахь комрийн беш а, кемсаш лета кемсийн беш а. Кертахь йара пьесаш х?итто театр. XVII б?ешо чекхдолуш кертахь хилла немцойн новкъахочо И. Г. Корба дитира цунах лаьцна шена гинарг: ≪…музыканташ бара, шайн г?ирсийн гармоникин мелоди цхьаьнатухуш меллаша диттийн баххьаш т?ера охьаоьху механ лестамца. Паччахь-аьзни а, марехь боцу паччахьан йоь?рий а, оцу буозбунчаллин къайленахь д?ахьо шайн парг?ата дахар мела а дендан лууш, сих-сиха арабовлу боьлаке, хазахета геннаш ?иттало коканаша долчу тачанаш т?ехула буьйлалуш. Нислора, лакхара зударий лелара шайна гуонаха зурманийн тамен аьзнаш долуш≫ [5] .

Кегийра болуш дуьйна паччахьан йоь?аршна хьоьхура абат, арифметика, географи, хелхарш, французийн а, немцойн а меттанаш. Немцойн меттан хьехархо вара Иоганн Христиан Дитрих Остерман, хин волчу вице-канцлеран А. И. Остерманан воккхаха волу ваша. Хелхарш а, французийн мотт а хьоьхура французо Стефан Рамбурга [6] .

1708 шарахь паччахьо Пётра сацам бира паччахьан доьзал Петарбуха кхалхо. 20 апрелехь  ( 1 майхь 1708 шарахь Шлиссельбурган уллехь паччахьо даздарца т?еийцира шен к?ант, 18 шо долу Алексей ; йижрий ? паччахьан йоь?рий Феодосия , Мария , Наталья ; шиъ жеро йисина паччахь-аьзни ? Марфа Матвеевна (паччахьах Фёдор Алексеевичах йисина) Прасковья Фёдоровна. Паччахь-аьзни Прасковьяца цхьаьна баьхкира Петран йишин бераш Екатерина, Анна, Прасковья. Пётрас, кхуьйсучу йаккхийн тоьпашца, шен доьзал кеман т?е а ховшийна, х?орд чухула хихкира, хьалха Петарбуха кхаччалц, ткъа т?аьхьа Кронштадте [7] . Паччахьан доьзал керлачу коьрта шахьрахь ?ар деха ца хилира. Дукха хан йалале хаамаш беира шведаш т?елатарх, паччахьан доьзал йухабирзира Москоха. Чаккхенца доьзал Петарбухе кхелхира ≪ Полтавин т?ом ≫ чекхбаьлча [8] . Петарбухехь паччахь-аьзнин Прасковья Фёдоровнин ц?а охьахиира леррина цунна Москохан аг?ора йинчу г?алин чохь, х?инцалера Смольнин гергахь [9] .

Курляндин герцог-аьзни [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Девешин лаамца [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Паччахь-аьзни Аннин доладен майра Курляндин а, и Семигалин а герцог Фридрих Вильгельм

Оцу хенахь Къилбаседин т?ом боьдуш бара. Оьрсийн эскарша цакоьрруш д?атоьттура шведаш Балтикайистера , паччахь Пётр ойла йан волавелира регионера Российн ?аткъам дипломатин хьесапашца чаг?бан. Рига йаьккхинчул т?аьхьа оьрсийн мохк т?екхечира Курляндин герцогаллин , иза бозуш бара Речь Посполитех . Герцогаллин хьал чолхе дара. Шведаш мохк д?алаьцначул т?аьхьа, 1701 шарахь дуьйна герцог эккхийна вара Данциге . Речь Посполитехь наг-наггахь ойла кхоллалора герцогалла д?айаккха, иза баьччаллашка йекъа. Герцог Фридрих-Вильгельман деваша пруссин паччахь Фридрих Вильгельм I -рниг а вара хан ларйеш, герцогалла шен махках схьатоха. Шведаш эшначул т?аьхьа, Курлянди д?алаьцна хилира оьрсийн эскарша, Россегахь йисира архаш оцу ловзарехь [10] . 1709 шеран октябрехь Пётр I цхьаьнакхийтира паччахь Фридрих Вильгельм I-чуьнца Мариенвердерехь , полтавехь толаран тулг?енан т?ехь, паччахьера пурба даьккхира оьрсийн паччахьан доьзалан векалех цхьаъ къона герцоге йахийта. Харжам бира Петран вешин Иван V-г?ачун т?аьхьенах. Билггала маре йохуьйтург харжа т?едиллира паччахь-аьзни Прасковьян шена, цуо хаьржира шен йуккъера йо? ? Анна [11] . Официалан йехаран доьхьала Аннас йаздира шен хинволчу майрачуьнга: ≪Хьан сийлаллера 11-г?а июлехь даийтинчу безамечу кехатера, суна башха самукъадолуш хиира, Делан пурбанца а, церан сийлалла сан дукха безачу гергарчеран пурбанца а, вайшиннан мах барех лаьцна. Цуьнца цхьана ца тешийтича ца йолу Хьан сийлалла, цхьан х?ума хир дац суна иштта таме, ахьа хьайн безам балхор санна. Сайн аг?ора тешам ло аса, хьан сийлалла, иштта безам сайн а хиларх: вайшиъ ирахь ?аш меттиг ма-елли аса багахула изза хьоьга д?аэр ду, бухайуьсу, серлонан герцог, Хьан сийлаллин къера хьадалча≫ [11] . Амма бийца бух бу дерриг иштта хаза цахиларх, официалан кехатехь санна, кхин т?е иза хиира г?алахошна а. Оцу хенахь петарбухехь лекхна эшаран дешнаш а дисина [12] :

Эла Меншиковн г?ала , цигахь мах бина Аннин а, герцог Фридрих-Вильгельман а

Ма лохьа со, деваша, паччахь Пётр Алексеевич, хира махка керста боцучу, мостаг?ийн болчу,
Лохьа со, паччахь, хьайн инарле, эла-боярине.

Историко Анисимов Евгенийс тидам бо, паччахьан доьзалера драмин, халкъан реакци дика хиларан. 17 шо долу, нуьцкъала, безам а боцуш мостаг?чуьнга маре ло, ирс доцучу йоь?ах эшар, цуо цхьаьна мог?аршка х?оттайо паччахьан тайпанан кхечу зударийн хала кхолламех эшаршца ? паччахь-аьзнин Евдокия Фёдоровнин (эшар ≪Корта ларга, сан хьомен йоцург, корта ларга, даго т?е ца оьцург…≫ ) а, паччахь-аьзнин Марфа Матвеевнин а, иза майрачух йелира къона йолуш маре йахана ши бутт болуш, 34 шарахь ша йаллалц жеро ?ийра ( ≪Хьанна ца хезна паччахь-аьзнин Марфа Матвеевнин б?аьрахишшах≫ ) [13] .

Паччахьан йоь?ан Аннин муха лаам белахь а, буьрса девешин а, морса ненан а лаамна дуьхьала йала йиш йацара. Къоначеран мах бира 31 октябрехь  ( 11 ноябрехь 1710 шарахь Петарбухехь , эла Меншиковн г?алин чохь, ткъа шолг?ачу дийнахь циггахь паччахьан той хилира [13] . Ши бутт баьлча 8  ( 19 ) январехь  1711 шарахь къонанаш д?абахара Курлянде [14] . Петарбухера шен бахамашка чукхочушехь, герцог Фридрих-Вильгельм велира Дудергофан эвлахь 10  ( 21 ) январехь  1711 шарахь. Герцоган валаран шеко йара маларх возуш хилар, х?унда аьлча хьалхарчу дийнахь иза къийсавелира паччахь Петрца маларан говзаллехь [14] .

Къона жеро [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Вуьрх?итта шо долу герцог-аьзни йухайирзира Петарбуха, нана йолчу. 1712 шарахь бен паччахьо Пётра сацам ца бира шен вешин йоь?ан кхин д?а болчу кхолламах: иза йухайоьрзура Курлянде. 1712 шеран 30 июнехь (11 июлехь) Пётра курляндин элашка ц?еран грамота яхьийтира, ловзарал хьалха бинчу барт т?етевжина, омар делира герцогах йисинчу жеронна, Фридрих Вильгельман хилла шен паччахьан керт кхаба, ахча вовшахтоха аьлла [14] . Анница цхьаьна Митаве вахара Бестужев-Рюмин Пётр , цунна Пётра, меттигера олаллех тешна ца ?аш, омар делира герцог-аьзнин керт кхаба ца кхоъош хьал латтаде аьлла, нагахь эшахь, ригин коменданте т?емца г?одехар а [15] . Митаве кхаьчча, Аннин карийра герцоган домен х?аллак йина, ткъа герцоган г?ап-г?алин талораш динера, йуьхьанца герцог-аьзнин керт йерриг д?акхоьссинчу ц?а чохь йара. Аннин дийзира ша оьцуш х?усамаш оьшучух йуза [16] .

Ненаца йолу йукъаметтиг [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Ненаца, паччахь-аьзница Прасковьяца, Аннин цкъан а йацара шера. Берриг шен ненан безам паччахь-аьзнис д?алора йоккхаха йолчу йоь?ан Екатеринина, ткъа Аннин кхочура буьрса та?зар. Анна кхера а коьрура ненах [17] .

Йукъаметтигаш ц?еххьана телхира, паччахь-аьзнин Прасковьян Аннин Бестужевца йолу ≪иэхье≫ уьйранех дерг хиича. Паччахь-аьзни Прасковья чуг?оьртира паччахьан Петран Бестужев Митавера схьакхайкхар т?едилларца йа шена йо? йолчу йаха бакъо йелла, цигахь шега низам х?оттадайтитарца. Митаве вахара паччахь-аьзнин ваша Салтыков Василий , иза сихха девне велира Бестужевца, цуо шен йишега йаздира уггаре г?ониг, Бестужевх лаьцна а, йишин йоь?ах лаьцна а [17] .

Оцу муьрехь Аннин тасаделира Петр I-чун зудчуьнца, паччахь-аьзни Екатериница , дика гергарло, цуо ларйора Анна, нанна хьалха г?о а доккхура цуьнгахьа. Екатерина йара Анница къинхетаме а, дика а. Цара вовшашка ≪хабарш≫ кхоьхьийтара, кегийра совг?аташ а дора, масала Аннас совг?ат дина ч?ижан пхьег?аш санна. 1719 шарахь Аннас иштта йаздора Екатеринега: ≪Сан паччахь-аьзни деца, нана-паччахь Екатерина Алексеевна, де дика хуьлда, сан паччахь, дуккха а шерашна сан деца паччахьца цхьаьна, вайн девежаршца а, йижаршца а! Баркалла олу, сан нана, хьан къинхетам бахьнехь, со дага а йеина. Ца хаьа, сан нана, хьан боккха къинхетаман баркалла муха ала деза, мел хазахийтира суна, Дала Хьан, сан серло, иштта самукъадаккхийла… Хьо йоцург, сан серло, цхьан а догдохийла йац. Аса со д?ало Хьан ненан къинхетаме…≫ [18] . Аннин ненаца йолу йукъаметтиг ?оттайелла йара паччахь-аьзни Прасковья йаллалц. Йалале хьалха, 1723 шеран гурахь, паччахь-аьзнис йаздира Аннега цхьа дика доцу кехат, цунна дуьхьала Аннас дийхира император-аьзнега Екатеринега паччахь-аьзни Прасковья шена къинт?ера йаккхар. Нанас къинхетам бина йалале хьалха къинт?ера йелира йоь?на. Прасковья Фёдоровнас йаздира йоь?е: ≪Хезна сунна сайн безаме несегара, император-аьзнегара Екатерина Алексеевнегера, хьо йоккхачу шеконехь йу аьлла, ? сан наь?алт к?елахь йу аьлла, цунах шек ма йала: Цуьнан сийлалло хьахийначунна сан безаме паччахь-несо аьллачунна со къинт?ера йолу хьуна, ахьа сунна хьалха летийначу къиношна≫ [19] .

Графа Морицан таллуз [ нисйе б?аьра | нисйе ]

герцог-аьзни Аннин хилаза висина майра граф Мориц Саксонийн

1726 шарахь полякийн паччахьан а, саксонийн курфюрстан а Август Нуьцкъалчун къуот?аг?ала вина к?ант граф Мориц Саксонийнчо сацам бира, французийн эскарера г?уллакх шена тоьуш дац, иза Курляндин герцоган дарж даккха г?ертара [20] . Таллузаш лело ?емина волу граф Морица, некъийн а, доьзалан а г?уллакхаш дерриш цхьаьна чекхдаха г?ертара. Иза ша веира Аннега шега йола аьлла. Нисвелла граф хазахийтира къоначу жеронна, иза реза хилира маре йаха. Иштта аьтту болуш хилира граф курляндин элашца къамел деш а. 18  ( 29 ) июнехь  1726 шарахь курляндин элаша граф хаьржира керла герцог, ткъа Данцигехь волу гучуволуш воцу герцог Фердинандан ?арш д?айаьккхира [20] .

Арахьара политика [ нисйе б?аьра | нисйе ]

...это вообще старая привычка венского министерства: как скоро что-либо идёт согласно их желанийу, то они думают, что весь свет должен почитать их за оракула, но пусть он будет уверенным, что они ошибаются, если думают так обходиться с Россиею; прежде всего известно, что могущество и сила России так велики, как Римский император воображает (конечно, ошибочно) о себе, но в этой войне мы также не будем их просить. Если они желают заявить свету, что в них есть чувство признательности, которую они нам должны высказать, то могут воспользоваться настоящим случаем. Мы и одни всегда справимся.

Куц а, амал а [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Жухаргаш Анна Иоанновнин йуьжчу чохь ( Якоби В. И. , 1872 шо)

Дисинчу кехаташца чот йича, Анна Иоанновна классикин тайпана барыня, лаьттан долахо хеталора. Цунна хазахетара куьйгак?елара нехан дерриг эладиташна йукъахь йолуш, шена гуонахьа гулбора шортта жухаргаш а, эладитанчаш а, цара самукъадоккхура цуьнан. Цхьаьнга йаздинчу кехатехь цуо йаздо: ≪ Хьуна хаьа вайн амал, вайна дукхабеза шовзткъех шо а долуш, и Новокщенова санна дукха луьйш берш [21] . Император-аьзни х?уманех тешаш йара, олхазаршна кхийсарш йеш хазахетара (цу т?е, нийсархоша а, кхечу мехкийн дипломаташа а дийцарехь, топ ч?ог?а нийса тохара, оцу хенара оьрсийн зудчуьнца дог?уш дацара), хазахетара къегина духарш. Пачхьалкхан политика билгалйоккхура к?еззиг болчу тешаме наха, ткъа царна йукъахь къиза къовсам бара паччахь-аьзнин къинхетаман к?ела баха г?ерташ.

Анна Иоанновнин урхаллехь дукха харж йора синкъерамна, балаш бохура, паччахьан керт кхобура, иза йолуш дуьххьара йо шенан г?ала кевнашкахь пийлаш а долуш, церан ц?ом чуьра арадетта догу мехкдаьтта, т?аьхьуо шен паччахьан кертара жухарган эла М. А. Голицынан А. И. Бужениноваца хилла жухаргийн ловзаргахь, кегийрачара шайн хьалхара буьйса йаьккхира шенан ц?а чохь.

Леди Джейн Рондос (Jane Rondeau), российн кертара ингалсан векалан зудчо, иштта йийцира Анна Иоанновна 1733 шарахь [22] :

Иза сан дег?ахь йу, амма к?еззиг стомма йу, готта г?адйукъ, ?аьржочу басахь, самукъане а, таме а йуьхь, ?аьржа месаш, сийна б?аьргаш. Дег? леладо цхьа дозаллица, дуьххьара хьаьжча цец а воккхуш, иза луьйчу хенахь, йелакъежа, иза ч?ог?а тамехь ду. Иза дукха луьй массаьрца а, хаза къамел до х?оранца а шеца нийса волуш санна. Цуо цхьаьна минотана а шен паччахьан сийлалла ца йойу; иза ч?ог?а къинхетаме хета, ала мегар ду таме а, ира хра хьекъал долуш а зуда йу. Император-аьзнин йиша, Мекленбурган герцог-аьзнин , йу ховха йуьхь сибат долуш, хаза дег? долуш, месаш а, б?аьргаш а ?аьржа долуш, амма лоха а, стомма а йу, хаза йу ала мегар дац; самукъане амал йу, дала забаре хьажар делла цунна. Шинне йишас оьрсийн мотт бен ца буьйцу, амма кхета немцочух.

Ч?ог?а оьзда вац император-аьзних йаздеш испанин дипломат герцог де Лириа :

Император-аьзни Анна… йестина йу, ?аьржа ч?аматехь йу, цуьнан йуьхь алсама боьршачух тера йу, зудрех йолчул. Къамелехь таме йу, мерза йу, ч?ог?а тидаме а йу. Комаьрша йу дерриг д?алур долуш, т?ех хазахета кечдаларш, иза бахьнехь цуьнан гуо кхин европерачарал къегина бу. Ша аьлларг луьра кхочуш дойту, хаа лууш йу пачхьалкхехь мел дийриг; шена динарг дицлуш йац; амма цуьнца цхьаьна дика дагахь лаьтта шена бина цатам а. Цхьаьна дашца аса эр ду, иза хила ма-йеззара паччахь йу, дуккха шерашкахь паччахьалла лело хьакъ долуш.

[23]

Паччахьалла чекхдалар [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Анна Иоанновна. Соколов Иванан гравюра, 1740

1732 шарахь Анна Иоанновнас кхайкхийра, ?аршан божарийн аг?ора когаметта ву цуьнан йишин Екатерина Иоанновнин , мекленбурган герцог-аьзнин йоь?ан Елизавета-Екатерина-Христинин т?аьхье. Екатерина, Анны Иоанновнин йиша, Пётр I -чо маре еллера мекленбурган герцоге Карл-Леопольде, амма 1719 шарахь шо кхаьчна йоь?ца майрачух къаьстина Россе схьаеира. Ж?ар тоьхна православин Анна Леопольдовна ц?е еллачу йишин йоь?ан, Анна Иоанновнас терго йора шен йоь?ан санна, 1733 шарахь Екатерина Иоанновна еллачул т?аьхьа муххале а.

1739 шеран июлехь Анна Леопольдовна маре йелира брауншвейган герцоге Антон-Ульрихе , ткъа 1740 шеран августехь церан к?ант хилира Иоанн Антонович .

1740 шеран 5 ( 16 ) октябрехь Анна Иоанновна хиира делкъе йан Биронца. Цунна г?о хилира, иза охьайуьйжира. Цамгар кхераме лерира. Лакхара чинхошна йукъахь дийцарш долийра. ?аршан т?аьхьенах дерг дукха хенахь дуьйна чекхдаьккхина дара, шен когаметтаниг император-аьзнис х?оттийнера ши бутт кхаьчна Иоанна Антонович . Иза г?еметта х?отталц регент мила хир ву дара къасто дезарг, иза Бирона шегахьа кхаьжнаш тасийтина, шега дерзийра.

16 ( 27 ) октябрехь цомгаша император г?уо хилира, цуо гойтура керста лийр хилар. Анна Иоанновнас омар делира Остерман а, Бирон а схьакхайкха аьлла. Уьш болуш цуо куьг йаздира шина кехатан т?е ? шен когаметта Иоанн Антонович витарх а, Биронан регенталлех а.

1740 шеран 17 ( 28 ) октябрехь сарахь 9 сахьт даьлча Анна Иоанновна йелира 48-г?а шо долуш. Лоьраша йаларан бахьна кхайкхийра подагра олу энийн цамгар а, хьатт?улгийн цамгар а: Остермана дийцира Шетардега , император-аьзнин аьтту жим чохь карийра маржан-кепара нана-п?елггал боккха а, шортта кегийра а т?улгаш [24] . Д?айоьллира иза Петропавловскан килсехь Петарбухехь.

Детин сом Анна Иоанновнин суьртаца. 1732 шо . Х?окху заманан копи
Детин сом Анна Иоанновнин суьртаца. 1739 шо

Дай [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Говзаллехь [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Фильмографи [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Арахьара видеофайлаш
Анна Иоанновна - "Утешная вдова". Документальный фильм из цикла "Русские цари"

Литературехь [ нисйе б?аьра | нисйе ]

  • Пикуль В. С. Слово и дело
  • Волконский М. Н. ≪Князь Никита Фёдорович≫
  • Лажечников И. И. ≪Ледяной дом≫
  • Раковский Л. И. ≪Изумлённый капитан≫
  • Коронационный альбом Анны Иоановны
  • Томсинов В. А. Междуцарствие 1730 года в России и восшествие Анны Иоанновны на императорский престол // Законодательство императрицы Анны Иоанновны / Составитель и автор вступительных статей В. А. Томсинов. М.: Зерцало, 2009. С. XV-XL.
  • Томсинов В. А. Законодательство императрицы Анны Иоанновны: комментарии // Там же. С. XLI-L.

Факташ [ нисйе б?аьра | нисйе ]

Билгалдахарш [ нисйе б?аьра | нисйе ]

  1. А. Кр. Анна ?оанновна // Энциклопедический лексикон ? СПб. : 1835. ? Т. 2. ? С. 320?323.
  2. Родословная книга Всероссийского дворянства . // Сост. В. Дурасов. ? Ч. I. ? СПб., 1906.
  3. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? М .: Молодая гвардия, 2002. ? С. 52. ? ISBN 5-235-02481-8 .
  4. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 54?55.
  5. 1 2 Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 55.
  6. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 56.
  7. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 57.
  8. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 57?58.
  9. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 58.
  10. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 59?60.
  11. 1 2 Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 60.
  12. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 61.
  13. 1 2 Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 62.
  14. 1 2 3 Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 63.
  15. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 63?64.
  16. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 64.
  17. 1 2 Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 65.
  18. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 66?67.
  19. Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 66.
  20. 1 2 Анисимов Е. В. Анна Иоанновна. ? С. 68.
  21. Н. И. Костомаров. Русская история в жизнеописаниях её главнейших деятелей. Императрица Анна Ивановна. Архивйина 2011-06-04 ? Wayback Machine
  22. Рондо, Джейн. Письма леди Рондо, супруги английского министра при российском дворе, в царствование императрицы Анны Иоанновны Архивйина 2007-11-17 ? Wayback Machine ? С.-Петербург, 1836 : Письмо от 14-е от 1733 года
  23. Герцог Лирийский. Записки о пребывании при Императорском Российском дворе в звании посла короля Испанского // Россия XVIII в. глазами иностранцев. ? Л., 1989. ? С. 247.
  24. Сборник РИО. Т. 92. С. 246

Литература [ нисйе б?аьра | нисйе ]

?илманан
Исбаьхьаллин
  • Авенариус В. П. Два регентства. Бироновщина. Истор. романы. ? М.: Дет. лит-ра, 1992. ? 381 с.
  • Лажечников И. И. Ледяной дом. ? М.: Московский рабочий, 1980. ? 320 с.
  • Нагибин Ю. М. Квасник и Буженинова // ≪Вслед подвигам Петровым≫. Век XVIII. ? М.: Молодая гвардия, 1988. ? С. 253?337. ? Серия ≪История Отечества в романах, повестях, документах≫.
  • Петров М. Т. Румянцев-Задунайский. ? Саранск: Мордовское книжное изд-во, 1984. ? 416 с.
  • Томилин-Бразоль А. Н. Жизнь и смерть Фёдора Соймонова, доблестнаго флота служителя, до наук охотника, сочинённые через труд и рачение Автором во Граде Святаго Петра в 1984?1989 годах. Роман-эссе. ? Л.: Советский писатель, 1991. ? 544 с.

Хьажоргаш [ нисйе б?аьра | нисйе ]