한국   대만   중국   일본 
Февраль ? Википеди

Февра?ль шира нох. Чиллин [1] , Чи?ллан-бутт [2] ( лат.  Febru?rius m?nsis ≪ Фебруусан бутт≫, ≪ц?анонан бутт≫ схьадаьлла лат.  Februa ≪ц?анонан ?ида≫ ) ? юлианан а, григорианан рузманашкахь шолг?а бутт , Цезара хийцамаш банле мартехь долалуш хиллачу шираруман шеран шийтталг?а бутт . Иза шеран уггаре боца бутт бу, и цхьаъ бен бац 30 дийнал боца бутт: 28 де хуьлу кхаа шарахь, 29 де хуьлу високосан шарахь . Дуьненан Къилбаседа эхигехь ?аьнан кхоалг?а бутт бу, Къилба эхигехь ? аьхкенан кхоалг?а бутт.

Нечкинскан къоман парк чиллан-баттахь
Февраль
Орш Шин Кха Йеар П?е Шот К?и
      1 2 3 4
5 6 7 8 9 10 11
12 13 14 15 16 17 18
19 20 21 22 23 24 25
26 27 28 29      
2024 шо

Х?инцалерачу муьрехь февралан 16 де кхаччалц григорианан рузманца малх лаьтта Козерог ц?е йолчу седарчийн гуламехь, февралан 16 денера ? Водолей седарчийн гуламехь [3] [4] .

Статистика а, цунах дийцар а нисйе б?аьра

Февралан юккъера температура Москохан гуонан масалин т?аьхь: ?9,6 °С техка ?38,2 °С т?иера 1929 шарахь +5,7 °С т?екхаччалц 1935 шарахь [5] .

Январца буьстича, малх къиегаран йохалла т?екхета 27 сахьт, 59 сахьте кхочу [5] .

Бен бан йолало ?аьржа къиг . Маьлха-хьозан а, ц?ирц?ирхьозан а дуьххьара йиш. Б?аьстенна схьакхелха свиристелаш , бутт бовша ? д?акхелха лайн хьозанаш къилбаседехьа. Чен бенахь чено к?орнеш йоху [5] .

Февраль болало март а, ноябрь а болалучу дийнахь високосан доцучу шерашкахь, ткъа високосан шерашкахь болало август болалучу дийнахь. Февраль чекхболу октябрь (даиман а), январь (високосан доцучу шерашкахь) чекхболлучу дийнахь.

Билгалдахарш нисйе б?аьра

  1. НОХЧИЙН МАТТАХЬ БЕТТАНИЙН ЦIЕРШ
  2. Чиллан-бутт
  3. За год Солнце проходит не через 12, а через 13 созвездий. Новый знак зодиака ? ≪Змееносец≫
  4. Климишин И. А. Календарь и хронология.?? Изд. 3.?? М .: Наука, 1990.?? С.?41.?? 478?с.?? 105?000 экз. ?? ISBN 5-02-014354-5 .
  5. 1 2 3 В. Д. Грошев ≪Календарь российского земледельца (народные обычаи и приметы)≫, ? М: МСХА, 1991, С. 10. ISBN 5-7230-0074-8

Хьажа. кхин нисйе б?аьра

Хьажоргаш нисйе б?аьра